ТIекхочийла долу линкаш

Малхбузерчу пачхьалкхашкахь, къаьсттина Iамеркехь да-нана хуьлу шайн берех коьртачу декъана лоьраш а, адвокаташ а, интернетан технологийн говзанчаш а хилийта лууш. Оьрсийчохь бехачу нахана лаьа шайн берех а, берийн берех а полисхой а, фсб-н белхахой а, кхин йолчу ницкъаллин структурийн декъашхой а хилийта.

Иза гойтуш бу кху деношкахь ВЦИОМ олучу Оьрсийчура юкъараллан хетарг толлучу центро бина таллам. Цуьнца а догIуш, шайн бераш а, берийн бераш арми а, инарлан прокуратура а, чоьхьарчу гIуллакхийн министралла а, ФСБ а санна йолчу ницкъаллин структурашка балха бахийта луур дарий шуна аьлла, хаттар дича, «луур дара» аьлла жоп делла 53 процент декъашхоша.

ФСБ-н белхахой шайн бераш хилийта лууш бу коьртачу декъана карарчу хенахь 25-34 шераш долу нах.

Дала жоп доцуш висина 11 процент респондент. Цу талламехь тIе тидам бохуьйтург ду шайн берех милцой а, ФСБ-н белхахой а хилийта луурш коьртачу декъана 25-34 шо долу нах хилар.

Нагахь цу тайпа таллам Нохчийчохь бича ницкъаллин структурашка шайн бераш дахийта луучу нехан терахь кхин а алсам хир дара аьлла хеташ ву вевзаш волу нохчийн юкъараллан жигархо Бадалов Руслан. Цуьнан бахьанаш иштта дуьйцу цо.

Бадалов Руслан: "Прокуратуре бахар а, милице бахар а цхьана агIор шаьш ларбар ду церан. ШолагIа дерг ду белхан меттиг хилар. КхозлагIа ду коррупци-хIума лело аьттонаш хилар. Нах тахана шаьш дуьненчохь йоккху хан юучуьнца, молучуьнца (токхе йолуш), белхан меттиг йолуш, лаккхара алапа долуш яккха лууш бу".

Ша кхиина вогIуш а дара милицехь а, прокуратурехь а болх бар лоруш, цига балха баха нохчийн аьттонаш къезиг хиллехь а, бохуш дуьйцу Бадаловс.

Бадалов Руслан: "Цу хенахь къезиг хуьлуш дацара милцойн школе а, прокуратуре а, суьдхой а нохчий бахар. Лараме дара цига вахар. Хала а дара. ХIунда аьлча, нохчийн къоман векалшна низамаш лардочу органашка бахарехь тоьхна доза дара. Цу хенахь ша ларвар Iалашо йолуш ца воьдура милице. Тапчан метта хумпIар чохь наьрс лело зама яра иза".​

Нохчийчура ницкъаллин структурийн белхахой
Нохчийчура ницкъаллин структурийн белхахой

Хаджимурадов Сулейман дуккха а шерашкахь Нохчийчохь Iедалан даржашкахь болх бина ву. Шена беза болх къасто белхан меттигаш яц Нохчийчохь, цундела, миччахь дина а, шайн бераш балха дIанисдан лаьа нохчашна бохуш вара иза.

Хаджимурадов Сулейман: "Дас-нанас хIун дийр ду тIаккха? Цабевллачу денна боьлхуш бу-кх уьш цига. Белхан меттигаш ма яц. Хьалха яра республикехь шортта белхан меттигаш. Хьехархойн алапа лахар ду. Лоьрийн терахь а лахлуш ду". ​

Ша кхуьучу хенахь милцой хила лууш къезиг нах бара, амма хилча а сихха хьаьким хила дагахь деша баха гIерташ хилара кегийрхой, бохуш кхин дIа а дуьйцу Хаджимурадов Сулеймана.

Хаджимурадов Сулейман: "Милицехь болх бан лууш наггахь а бен стаг вацара. МогIарера милцо хила ца лаара. Цига балха водара сихха даржехь хьалавалар Iалашонца".

Нохчийчура полици
Нохчийчура полици

Мехкан экономика кхиийта хIора шарахь Оьрсийчохь кхолла езаш ю миллион гергга белхан меттиг. Амма миллион балха хIотта луучу нахах 53 процент кегийрхой полице а, ФСБ а, прокуратуре а, кхин йолчу ницкъаллин стуртурашка а балха баха лаам болуш хилча шеко йолуш ду цу хьоло экономика кхиарна гIо дийр бу бохург.

Арахьара талламан сервис а, ФСБ а шайн балхаца ларайо аьлла хеташ бу 40 процент ВЦИОМ-о бинчу талламехь дакъалаьцна респонденташ.

Кхин цхьа хIума а ду. ВЦИОМ-о бинчу талламца, шена тIедехкина декхаш армино дика кхочуш до аьлла хетарш бу 85 процент респонденташ. Арахьара талламан сервис а, ФСБ а шайн балхаца ларайо аьлла хеташ бу 40 процент нах. Ткъа Оьрсийчоьнан Чоьхьарчу гIуллакхийн министралла дика болх беш ю аьлла хетарш бац 31 процент респонденташ а бен.

Хьомсара “Маршо Радион”доттагIий, шун аьтто бу тхан Facebook-ерчу аккаунтах пайда а оьцуш, тхан дискуссехь дакъалаца. Шун комменташна модераци ян эшарна, уьш сайтехь жимма тIаьхьо гучуевр ю. Нагахь санна тхоьга яийта шайн видео а, аудио а материалаш елахь, шун аьтто бу иза кху телефонца WhatsApp-e я Viber-e схьатаса: 420 724 019832

XS
SM
MD
LG