ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Даймахкана хьалха хьуьнарш гайтарна" мидалш елла Путина нохчийн спортхошна


"Даймахкана хьалха хьуьнарш гайтарна» орденан мидалшца(медаль ордена "За заслуги перед Отечеством" II степени) совгIаташ дина нохчийн спортхошна Хатаев Имамна а, Башаев Тамерланна а Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира.

"Оьрсийчоьнан спорт кхиорехь доккха дакъалацарна, спортехь хьуьнарш гайтарна, толам баккхарна" елла мидалш спортхошна.

Карлодоккху, Токиохь дIахьочу Олимпиадин Ловзаршкахь борзанан мидалш ехира латархочо Хатаев Имама а, дзюдон спортхочо Башаев Тамерлана а.

  • 20I6-чу шарахь Рио-де-Жанейрохь хиллачу Олимпиадина реза воцучу Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дIахьедира, шайн байракх айба а, пачхьалкхан гимн ала а бакъо йоцучу спортхойн гIуллакх дац Олимпиаде баха аьлла."Сан пачхьалкх лоруш яцахь, цигахь байракх айбан а, гимн ала а могуьйтуш доцуш, спортхоша кхечу пачхьалкхийн байракха бухахь шайн хьунарш гайта гIертар, суна хетарехь, нийса дац. Стенна оьшу тIаккха царна Олимпиадехь толам баккхар? Цигахь ловзуш политика ю", - аьллера Кадыровс.
  • Токиохь Нохчийчуьрчу спортхойн жамIаш кхин а дика хуьлийла дара аьлла, элира цо Олимпиадина жамIаш довзийтинчул тIаьхьа. Атлетийн потенциалца богIуш бац уьш. Цундела рогIера Парижехь дIахьонйолчу Олимпиадина кечбар хийца деза элира нохчийн куьйгалхочо. "Борзанан ши мида яккхар- иза дика гIуллакх ду, амма жамIаш догIуш дац вайн таронашца. Меттигера спортсменаш хьакъ бук кхин а лакхара хьуьнарш гайта", - яздина Кадыровс "ВКонтактехь".
  • Токиохь йоьдучу Олимпиадехь борзанан мидал яьккхина Нохчийчуьра орамаш долу Оьрсийчоьнан боксер Хатаев Имам а реза ца хиллера, ахфиналехь шен хиллачу латарх суьдхоша динчу хьесапна. Оцу тасадаларшкахь толам Британерчу спортхочунна Уиттекер Бенджаминна дIабелира. "Хьалхара раунд [суьдхоша] суна йитира. ШолгIаниг, хIаъ ялийтахьа цунна, - билгалдаьккхина латархочо. - КхоалгIачу раундехь, суна хета, айса дуккхазза а цунна йиттира аьлла. Сох уьдуш ма лийлира иза", - далийна Хатаевн дешнаш "Спорт-экспресс" ресурсо.
  • Коронавирусан пандеми бахьана долуш стохка юкъахдевлла Олимпиадин ловзарш карарчу беттан 23-чохь дуьйладелла Японин коьртачу шахьарахь Токиохь.

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG