ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Даймахкана сагатдо махкахбевлла лелачу нохчийн къаноша


Европе схьаоьхучу шайн доьзалхошна тIаьхьа баьхкинчохь бисина, Малхбузехь беха дуккхаъ нохчийн баккхий нах. КIеззиг ю царна вовшахкхета а, вошашца дахнарг-деанарг дуьйцуш Iен а меттигаш. Дукхахьолехь петаршкахь шайн берашца я берийн берашца хан йоккху цара. Азимова Сийлахас дуьйцу хийрачу махкахь бехачу къанойх.

Масех шо хьалха балха гIулкхана Германерчу Алпашкахь Iуьллучу цхьаьна жимчу гIала со кхаьчча, цигахь беха цхьа нохчийн доьзал бевзинера суна. Цу доьзалехь цхьа хаза, цхьа оьзда йоккха стаг яра, Залуба цIе йолуш, хIусамден нана. Иттех шо дара иза шен цхьаъ бен воцучу кIантаца цхьаьна, иза Европе схьавогIуш, схьаена, хийрачу махкахь еха.

Цу юкъана цкъа а Нохчийчу яха ка ца даьллачу, ткъа хIинца-м ДегIаста хIотта могашалла а ца тоьучу цуо дуьйцура, хIора Iуьйра ламазна гIаьттина, уьйтIа аьлча, Алпашна тIехула малх схьакхеташ гича, Шуьйта карлайолу шена, ша яьхначу юьртахь ша гIаьттича санна сатедо шен лаьмнаша, олий.

„Дийна а йолуш-м кхин гур яцара суна Нохчийчоь, елча мукъане а суо цига ца кхачара кхоьру“, - иштта дуьйцура йоккхачу стага, шена мел везнарг а дIавоьллинчу кешнашка ша ерзаре болу цхьа сатийсам дахарехь бен бисина йоцучу.

Иштта Залуба санна ДегIастане са а туьйсуш, амма цига кхача аьттонаш боцуш Европехь бехаш кIеззиг бац вайнехан баккхий нах. Шайн берашца Малхбузе схьабаьхкина болчу царех цхьаберш дукха къена, гIораза бу 4000 эзар герга генахь Iуьллучу Даймахка боьдучу новкъа бовла, вукхеран кехатийн таро яц, цига баха.

Цундела доккхачу декъехь шайн берашца а, берийн берашца а беа пена юккъехь хан йоккху цара, наггахь арадовлар, кхин а кIезгох цхьанхьа кхинболу вайнехан доьзалш болче хьошалгIа бахар бен самаьрша далар а доцуш.

Цунах кхеташ, масех шо хьалха ша болх бечу „Позитив“ цIе йолчу юкъараллин кхерчахь Венехь бехачу нохчийн баккхийчу нахана кIиранахь цкха вовшахкхета меттиг кечйинера Австрерчу вайнехан диаспорин жигархочо Оздемирова Розас. Вуно самукъадаларца богIура баккхий нах цу цхьаьнакхетаршка бохуш дийцира Розас Маршо радионе.

Оздемирова Роза: „Дукхах дерг цара дуьйцучу къамелашкахь шайн жималлехь хилларг, шайн бераш кегий долчу хенахь, массо а цхьаьна тхов кIелахь а волуш, шаьш Iийна хан а хуьлура. Нанна шен бераш массо а цхьаьна шуьнехь хIума юуш гуш хилла хан, и бераш меца доцийла а хууш, мила маца чувеана, мила маца араваьлла а хууш, да-нана а, бераш а дийна а, гулахь а долуш хилла йолу хан дагалоьцу цара вовшахкхетча. Зудчунна оьшург и ма дуй- шен доьзал цхьана чохь гулбалар а, уьш гучохь хилар а“.

Европехь Iедалера шортта гIо а хуьлуш, могуш воцучунна дарба дан тоьллачу лоьрийн кхерчашкахь таро а йолуш бехаш вайнехан баккхий нах белахь а, амма Даймохк а, цигара дахар а цкъа а дагара ца долу церан, бохуш дуьйцу Розас кхин дIа а. Нохчийчоь, дIадохийна долуш Сибрехахь вайнехан хилла барт – и ши тема даима а хуьлу баккхийчеран къамелашкахь.

Оздемирова Роза: „Царна Нохчийчоь йицъелла хан цкъа а хила а ца хуьлу. Нохчийчоь а юьйцу цара, цу Нохчийчохь долу хIаваъ а дуьйцу, шен нахана юккъехь ца хилча ма дош дац-кх олу, мел хаза Iийнера вай хьалха олу, Казахстанехь долчу хенахь ма барт бара вайн къоман, ма вовшах къахеташ дара вай, ма нохчийн маттахь локхучу иллега радиочухуоа ладогIа масех чакхарма гена некъ бора вай, бохуш, дагалоьцу. Ва сайн цIахь елхьара, сайн маттахь йистхила адам а хир дара суна, вуоне а, дикне а гIур яра, сайн хенарчаьрцани дийца хIума а хир дара бохуш дуьйцу цара кест-кеста“.

Кхечаьрца дуьстича, Венехь ехаш йолу Яха цIе йолу йоккха стаг Австре кхаьчна дукха хан яц, иза даханчу шарахь шен доьзалхо волчу дарба дайта а, яха а схьаеъна ю. Кхин-м цхьа а хало я цатемаш бацара кхузахь, бохуш дуьйцу цуо, чуваха лула-кулахь вайнехан нах ца хилар а, шен къоман нахана тIекхочийла ца хилар а хала ду-кх лан, бохуш.

Яха: „Сан хенара нах кхузахь бу моьттуш-м яц со. ХIокху чохь дIаIаш-м ю со. Со еана шо кхочуш лаьтта. ЦIерчарна са-м гатло сан, вуьшта-м кхузахь паргIато яра. ЦIерачарна а, лулахошна а сагатло. Чу- ара а йолу со, хIара голаш лезаш кхинбашха лела а ца ло, эцца гуондIа йола а лой схьа чу йогIу. Кхин дIасаяла меттиг ма яций кхузахь, чуяха меттиг а яц. Лела ца хаа суна кхузахь. Мотт хууш ца хилча лела хуур ма дац. ХIокхарна тIаьхьа а хIуттий, дIа-м лела со“.

Яхас ма-аллара, чуваха а, шайн хуучу, шайх кхетачу маттахь вистхила шайн хенара стаг ца хилар а, цуьнца доьзна йолу цхьаалла а бохуш дуьйцу Оздемирова Розас Европехь бехачу нохчийн баккхийчу нехан коьрта хало. Доккхачу декъехь берийн берех долу самукъа ду церан дахарна самукъа а, ирс а луш дерг. Шайн доьзалца церан петаршкахь гучул сов кхин дуьне ца гуш хене бовлучу церан дегбаамаш а хуьлу, царна цIахь болуш эшначул совнаха шайн доьзалшкара тидам а, йовхо а оьшу бохуш дуьйцу цуо.

Оздемирова Роза: „Уьш доккхачу декъехь чохь Iа, баха меттиг ма бац церан. ТIаккха церан берийн а шайн доьзалш бу, цу доьзалийн а хуьлу проблемаш а, хьашташ. Жимаха вол-волчух алсамох къа ма хетий вайна массарна а, тIаккха хIара баккхий нах меца а ца хилча, тIедоьхна а хилча, могуш а хилча, церан бераша шайн доьзалхошка алсамох тидам ма бо, уьш ишколехь ларабой-те, царна хIун оьшу-те, бохуш.

ТIаккха баккхийнарш, шайн хене хьаьжна, дегабааме а ма хуьлу. Царна мархо оьшу, шайн берашкара шаьш царна хьалха и бераш кегий долчу хенахь санна, оьшуш хилар гайта а лаьа, мархьарча а лаьа царна, цара шаьш хьостийла а лаьа. Йовхо ю-кх царна оьшуш ерг, йовхо ма оьшу хIора стагана а, воккха хилча-м муххале а“.

Германерчу Алпашкахь суна евзина хилла йоккха стаг Залуба 2013-чу шарахь, 86 шо хан йолуш, кхелхира, Дала гечдойла цунна. Цунна, цуо ша къаьхьа шайхаллаш ма-дарра, дийна йолуш кхин цкъа а ца гира ша йина а, яьхна а меттигаш. Амма цуьнан сатийсам кхочушбеш цуьнан доьзало Залуба Нохчийчу кхачийра тIаьхьарчу новкъа, цуьнан хIусамда а, шиъ доьзалхо а, бовза-безарш а дIабоьхкинчу Шуьйтарчу кешнийн керта иза ерзо.

XS
SM
MD
LG