ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Деа дийнахь шолгIачу зудчуьнца Iа со, кхаа дийнахь - хьалхарчуьнца". Давлата шолгIа зуда ялорах


0508_illustration
0508_illustration

Юккъерчу Азин мехкашкахь тахана а кест-кеста хаало бартбина зуда ялийна меттигаш. Настоящее Время телеканало къамел дина, яло зуда, я маре яха жимстаг дас-нанас лехначу Таджикистанерчу бахархошца

31 шо ду Давлатан. Ши зуда ю цуьнан. Дас-нанас хаьржина ю цхьаъ, шолгIаниг "боккхачу безамца" цо ша ялийна.

"ДIавоьллера со цунах, амма безам бацара"

24 шо дара сан, ненан агIор гергара йоI суна ялийча. ХIеттехь 18 шо кхаьчна яра иза. Университете деша ца яхийтира иза цуьнан доьзало, кхин башха лууш ша а яцара иза. Со оцу хенахь университет чекхъяьккхина, балха хIоьттина вара. Деша яха езара хьо колледже я университете элира ас цуьнга. Цхьа доьзалхо дуьненчу а ваьккхина, тIаккха гIура ю ша элира цо. Деша, кхиа ойа яцара цуьнан. Хан-зама яьлча со кхийтира цунах, кхин хьаха а ца дира ас. Иза тхан гергара хиларе терра, цуьнан наха гIо дора тхуна. 26 шо долуш дуьххьара да хилира сох, кIант вира суна, ши шо даьлча йоI йийра сан хIусамнанас. Со дIавоьллера цунах, амма безам бацара. ПаргIат дехара тхо.

Банкехь болх беш вара со. Цигахь евзира суна сан хинйолу шолгIа зуда. Керла йоI еара оха болх бечу декъе - хаза а йолуш, хьекъале а йолуш. Юкъара хIуманаш дуккха а дара тхошиннан. Книгаш йоьшуш хазахетара цунна, Iалам а дезара, футболе а хьожура. Балхара даьллачул тIаьхьа дуккха а хан цхьана хьора охашиммо. Цхьана дийнахь кхийтира со, иза сайна езаяларх. Цунна хаьара сан доьзал буй, цундела юкъахь дистанци латтайора цо. Кхин дIоггара чуьрваьлла со а ца хьийзара, доттагIий дар-кх тхо.

Цхьа шо даьллачул тIаьхьа сайн дагара хаийтира ас цунна. Керлачу шарна лерина корпоратив яра тхан. Иза дIакхетош элира ас, сайна езаш хиларх. Соьга ла а доьгIна, жоп делира цо: вайшинна юкъахь хIуммаъ а хуьлийла дац, хьан зуда а, бераш а ду аьлла. Бакъду, со шена а веза аьлла, дагара цо а хаийтира.

"Шина доьзалца вехаш ву со"

Суна ца хаьара, айса хIун дер, боккъал а доьзал ма бара сан. Сайн бераш чIогIа дукхадезара суна, амма цхьа хан яьлча со кхийтира, иза йоцуш со мегаш цахиларх. Сайн зудчуьнца дIакъаста сацам бира ас. Сайн боллу доьзал схьа а гулбина, айса бинчу сацамах дIахаийтира ас. Суна цхьа а тIе ца хIоьттира. Моха еанера сан зудчунна, бераш а дуьгуш, шен да-нана долчу дIаяхара иза.
Сан дас-нанас дIахьедира соьга, зуда шаьш юьтуьйтур яц, иза шайца цхьаьна Iийр ю, ахь хьайн хьаштдерг де аьлла.

Цул тIаьхьа сайн коллегаца къамел дина, сайга маре йола элира ас. Долу хьал ма-дарра хууш яра иза, жимма хан ло шена элира цо, ойла ян. КIира даьлча, "реза ю" ша элира цо, шен доьзале вистхуьлуш, шайга кхайкхира со. Да вацара цуьнан, нене иза ехча волуш вара со. Оха доллучух а дийцира цуьнга, иза реза хилира, амма ловзар хIоттон деза элира цо. Со реза хилира.

Ресторанехь хилира тхан той, цуьнан агIор боллу гергарнаш бара, сан агIор цхьа а вацара. Цара тIе ца лецира иза.

ХIинца шина доьзалца вехаш ву со. Хьалхарчу зудчуьнца - бераш бахьана долуш. Сан деца а, ненаца а Iаш ю иза, цунна ишта мегаш ду. ШолгIачу зудчуьнгахьа боккха безам бу сан. Цунна аьлла, петар эцна ас. Деа шолгIачу зудчуьнца Iа со, кхаа дийнахь - хьалхарчуьнца.

Со саннарш махкахь дуккха а бу. Цхьана хIуманах кхетта со, дас-нанас бохучу массао а хIуманна тIетан ца веза. Шен коьртаца ойла ян еза.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG