ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ДегIана шога зенаш ден таIзарш юкъадаха дагахь бу тIалибаш Афганистанехь


Молла ТIураби Нуруддин
Молла ТIураби Нуруддин

Афганистанехь зуламхошна шога таIзарш дар юха а дIадоло Iалашо ю Оьрсийчохь йихкинчу террорхойн "Талибан" организацин. Дуьйцург ду куьйгаш дахар, стаг вуьйш кхел яр а. Associated Press агенталлана еллачу интервьюхь дина и дIахьедар болам вовшахтоьханчех цхьаммо, моллас ТIураби Нуруддина.

"Кхерамзалла латторхьама оьшуш ду куьйгаш дахар", - аьлла ТIурабис.

Иштта цо тIетоьхна, оцу кепарчу таIзаро зуламна юхавоккху стаг аьлла. "Талибанан" векало бахарехь, хIинца а къастийна дац, таIзарш дар нахана ган а гойтуш хир ду йа дац.

Тоххара тIалибаша Афганистанехь урхалла дечу заманчохь стаг вийча - дуьхьал вуьйш дара, къола дича - куьг доккхура, некъаца лелийначу талорашна - ког йа куьйг доккхура. ХIетахь "Талибано" таIзарш дора нахана юкъахь, ишта Кабулерчу спортан майданахь а.

"Массара а емалдора тхо стадионехь таIзарш дарна, амма кхечу пачхьалкхашкахь лелочу низамех а, таIзарех оха цкъа а дош ца олура, - дIахьедина ТIурабис. - Цхьаммо а хьеха оьшуш дац тхуна, муха низамаш тхан хила деза. Исламо ма-хьоьхху лелаш ду тхо, КъорIанца догIу низамаш а кхуллу оха".

Марсхьаокхе-беттан 15-чохь дIахьедира "Талибано" шаьш Афгангистанан йоллу территореш тIехь урхалла деш ду аьлла. ТIом ца беш Кабул схьаяьккхинчул тIаьхьа тIалибаша дIакхайкхийра, тIом берзарх а, Исламан эмират Афганистан юхаденъян дагахь шаьш хиларх а.

Афганистанан доккхахдолчу декъа тIехь урхалло дира "Талибано" 1996-чу шарера 2001-чу шаре кхаччалц. Пачхьалкхана тIехь куьйгалла дан ницкъ ца кхечира церан, Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташа а, церан агIончаша а тIеман операци йолийча. Американ эскарш пачхьалкхера арадохучу юкъанна, юха а тIелетира тIалибаш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG