ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Декхархошкара дозанал араволу паспорташ дIадохуш низаман проект кховдийна Думе


Пачхьалкхан Думе низаман проект кховдийна, дозанал арабовла дихкинчу Оьрсийчоьнан бахархошкара кхечу махка боьлху паспорташ схьадохуш. Документ кечдина чоьхьарчу гIуллакхийн министралло, яздо Свобода Радионо. Кхело декхархой бу аьлла, сацам бинчу нахера паспорташ схьадаха бакъо хуьлуьйтур ю низаман проекто. Кехаташ дIадохур ду кхелан пурстоьпаша, декхар боллучу барамехь дIатекхначул тIаьхьа шен паспорт юхаэца йиш хир ю цуьнан миграцин хьукматехь.

Цул совнах, дозанаш хьакхалур ду, нагахь санна, вахархо цхьана хIуманна шеконашка эцна велахь, я бехкзуламан гIуллакхца тIеозийна велахь, кхело йист яккхалц.

Низаман проектаца а догIуш, вахархочунна пачхьалкхера аравала дихкинчу органаша хаам бийр бу цуьнга электронан кепехь, я шегга куьйг а яздойтуш, документ каралур ду.

2005-чу шарахь дозанаш детта долийра декхархошна махкал арабовла. Карарчу хенахь кхелан пурстоьпийн бакъо хир ю цхьана ханна бахархошна Оьрсийчуьра арабовлар дехка, нагахь санна тIаьххьарчу 90 дийнахь церан декхар 30 эзар соьмал сов делахь, ткъа алиментийн декхар 10 эзарна тIера делахь.

2021-чу шеран Стигалкъекъа-беттан юьххьехь динчу зерашца, пачхьалкхера арабовла дихкинчу декхархойн тептарехь ву пхи миллион сов стаг, хаамбина кхелан пурстоьпийн Федералан урхалло.

Профессионалан коллекторийн агенталлийн Къоман ассоциацин информацица, декхар бахьана долуш чуьра арабовла йиш йоцчу нехан терахь ворхI миллионал а сов ду.

Дукха хьолахь, арабовлар дихкинчарна юкъахь бу алименташ а, кредиташ шен хеннахь дIа ца делла а, ял яланза а, коммуналан декхарш тIехь долу а бахархой.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG