ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ахча долучо "дац" аьлча а тоуьйту халкъо


Iедалхоша, бовзийта ца лаахь а, дозаллица гойту шайн бахам.

Къилбаседа ХIирийчоьнан куьйгалхочо Битаров Вячеслава, хьул а ца деш дог цIена, хаам бира республикерчу бахархошка 2017-чу шарахь ша 30 сов миллион сом даьккхина аьлла, яздо Кавказю.Реалли зорбанан портало. Цу гIуллакхо эргIадбаьхнера меттигера бахархой.

"Бавария" цIе йолу них доккху зовод кхоллинчу Битаровс, хьул а ца деш дIадийцира нахе, ша хьал долуш стаг хиларх лаьцна. 2017-чу шарахь цо даьккхина 38 гергга миллион сом. Цхьа шо хьалха цо хаам бинера шен декларацехь 31 миллион сом даккхарх лаьцна. Битаировн ю Lexus LS 460 машен.

ГIебартойн-Балкхаройчоьнан куьйгалхочо Коков Юрийс а, ГIалгIайчоьнан куйгалхочо Евкуров Юнус-Бека а санна шен бахам зудчунна тIе ца язбина Битаровс, цо харц дерг ца дийцина, ГАЗ 21 машенахь лелаш ву ша аьлла.

Амма ХIирийчуьрчу бахархоша дикачу агIор мах ца хадийна иза дог цIена хиларан. Мелхо а цунна луьйш бара нах.

ДIадаханчу иттех дийнахь берриг а аьлча санна Къилбаседа Кавказерчу лидерша зорбане ехира шайна стохка хиллачу пайданах лаьцна декларацеш. Кадыров царна юкъахь вац.

Iедалхоша шаьш даьккхинчу рицкъах лаьцна далийна терахьаш вуно лахара ду. Цара кечдинчу документех тешча, хетало, уьш кестта дан амал доцуш хина а, кхалларна а тIе бевр бу аьлла.

Цхьаболчу Оьрсийчуьрчу бахархошна там хуьлучух тера ду, масала, Нохчийчоьнан цIарах Пачхьалкхан Думан депутат волчу Делимханов Адама шен цхьа а бахам бац, тIехь цIа долу цхьа латтан дакъа доцург аьлча.

Вуьшта аьлча, Iедалехь болчу наха бакъдерг дийцар цхьанне а оьшуш дац.

"Вести.Экономика" зорбанан хьастан эксперт ву Пухаев Алик. Цо дийцарехь, Iедалхоша цхьа а жоп ца ло шаьш харц дерг дийцича. Царах дукхахболчара шайн бахам тIеязбо иттаннаш миллионаш дохучу шайн зударшна, яздо Кавказ.Реалиино.

Дукха хан йоццуш шайн декларацеш Iора ехира Нохчийуьрчу депутаташа а, сенаторша а. "Регнум" агенталло дийцарехь, гучудаьлларг дара уьш деккъа алапах хене бовлуш хилар.

Халкъан векалша бинчу хаамашца, нохчийн 4 депутато а (Делимханов Адам, Догаев Ахмет, Саралиев Шамсаил, Селимханов Мохьмад), 2 сенаторо а (Сабсаби Зияд, Геремеев Сулейман) стохка цхьатерра ахча даьккхина, юккъерчу барамехь – 4 миллион 700 эзар гергга сом.

Оцу 6 стагах хахка машен йолуш цхьа а вац. Цхьа дика ду церан долахь, мухха ялахь а, петар я ков-керт хилар. Бакъдерг дийцича, иза а доцуш ву царах депутат Саралиев.

Делахь а, "Регнуман" хаамца, цуьнан хIусамненан ю Мерседес-Бенц GLE 350.​

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG