Деллачу жIаьлин дакъа квадроциклна тIаьхьа а тесна, видео яьккхинчу берийн дай-наной Нохчийчохь полицин декъа балийнера. Цаьрца а, кхиазхошца а цхьаьна къамел дина Устрада-ГIаларчу полицин декъан белхахоша. Шайн хиллачу цхьанакхетарх видео инстаграме хIоттийна цара.
Ролика тIехь цхьахволчу дас чIагIдо, масех дийнахь церан цIенна гена доццучехь и жIаьла делла Iуьллуш хиллера, боьха хьожа а хIоьттина бохуш. Метигерчу вахархочо бахарехь, оцу берашна тIедиллина хилера цо, жIаьлин дакъа лаьттах долла аьлла.
Оцу юкъанна, квадроциклца дIаязйинчу видео тIехь къамел дечо комментареш йо, и жIаьла дийна долчу тIера.
"Ма къиза ву и шиъ, Дела дуьхьа! Ма эхь ду иза, жIаьла ду-кх цара текхориг", - боху цо, вела а воьлуш. Делахь а, оцу видео тIехь гучу суьрташца, жIаьла дийна хиларан билгало яц.
"Шайна новкъа хилла дела наха дIадаьккхина и жIаьла цигара. ХIокху стагана, Шемална, лууш хилла цунна тIехула цамгарш ца яржа, ткъа ахь ваха а вахана, и бала цуьнан коча баьхьна", - бехкаш доху полисхоша видео яьккхинчуьнга, шайн берийн телефонашна тIехь Iуналла де аьлла, дайшна-наношна тIе а дуьллуш.
- Кху аьхка Устрада-ГIаларчу полицин белхахоша ишта бехкаш дехира меттигрчу веа вахархочуьнгара, оппозицин пабликашка хьежарна. "Профилактикан къамел" деш видео гучуелира Мангал-беттан 11-чохь "ЧП-Чечня" инстаграм-агIонехь.
- Нохийчоьнан бахархошка тайп-тайпанчу бахьанашца доьзна меттигерчу "Грозный" телеканалехула а, меттиегрчу хьаькамийн аккаунташкахь а кест-кеста гучуюьйлу гечдар доьхуьйту видеош. Дуккха а политикаша, юкъараллийн векалша емалйина практика ю иза, амма еха тахханалц.
- Нохчийчуьра бахархой "аьшнаш бен" видеон терго йина Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн Комиссионо, дуьненаюкъарчу динан маьршонах 2021-чу шарахь зорбане яьккхинчу рапортехь. Талламчийн авторша хьехна Вашингтонна, Нохчийчоьнан зорбанан министрна Дудаев Ахьмадна дуьхьал санкцеш яха аьлла.