ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Даймахканна ца дебахь а, нохчий дебаш-м бу


Нохчийчуьрчу демографех: кхиаре терра, лахлуш а ду къам

«Шо шаре дуьненчу дуьйлучу адамашка ладоьгIча, къаьсттина кхиаме регион ю Нохчийчоь. ТIаьххьарчу 5 шерачохь 100 эзар сов адам тIекхетта».

Цу кеппара, лурчаха Оьрсийчоьнан статистийн урхалло шаьш бина талламаш Iорабехира зорбанехь.

Кху деношкахь Оьрсийчуьрчу Юкъараллан палатерчу экспертийн, аналитикийн центро махкарчу демографех керла терахьаш довзуьйту.

Церан зерашца, оьрсийн гIаланашлахь Соьлж-ГIала къастаме ю уггар а дукха бераш дина а, уггар кIезиг баларш а хилла.

Нохчийчоьнал хIуммаъ дукха тIаьхьа ца йисина оцу кхиамашца ГIалгIайчоь а, Дагестан а.

Официалан терахьашка бIаьрг тоьхча, карарчу хенахь Нохчийчохь веха 1 413 446 стаг.

Жимма совэккхаш ду терахь, шо хьалха динчу зерашца дуьстича.

ХIетахь гIарадаьккхинарг ду 1 394 172 стаг.

Статисташа чIагIдарехь, баларш лаххара долчу кхаа регионашлахь ю Нохчийчоь.

Оццу юккъехула аьлча, бинчу талламашца, ерриг Оьрсийчоь схьаэцча, вайн мохк бу уггар алсам бераш кхуьург.

Эксперташа хIоттийначу рейтингца, Тува республика дIаяьккхича, бераш дебарехь шолгIачу меттехь дIатаръелла Нохчийчоь.

Оцу дикаллин гайтамашца Нохчийчуьрчу бахархойн терахь кхин а дистина хила догIура.

ХIун бахьанаш ду бахархойн тIекхиар охьалахдалар?

РБК-н агенталло дуьйцург тидаме эцча, 2008-чу шарера 2015-гIа шаре кхаччалц лерича, 150 эзар Нохчийчуьра вахархо араваьлла.

Доккхачу декъанна, Европерчу пачхьалкхашка бахана ца Iаш, наха жимма а таро йолу Iер-дахаран хьелаш лоьху оьрсийн гIаланашкахь а.

ТIаьххьарчу шина шерашкахь Полшин Беларуссаца долчу дозанехь чилла йоллалц лаьттинчу адамо а гойту, нах уьдуш хилар махкара.

Цул совнах, Нохчийчохь шолгIа тIом болабелчхьана ши эзар сов нохчочунна тхвокIело елира Малхбузен пачхьалкхаша.

Наха мохк дIатасар, коьртачу декъанна дузу, цигахь бакъонаш лоьруш цахиларца, белхан меттигийн къоьлла латтарца, медицина пайден яцарца а.

Махкарччу хаамийн гIирсаша телевизионан эфирашкахь а, газеташкахь даим шуьйрра дийцахь а, хан хене мел йолу керла схьадоьллучу дарбан цIенойх, дуьненахь а тоьлла лоручу, эцначу медицинан гIирсех, хIетте а, бахархоша шайн могушалла цатешайо цигарчу лоьрех.

Бераш дуьненчу даха а, ур-атталла, боьлху дукхахберш луларчу Ставрополан а, Краснодаран а мехкашка.

Кавказ.Реалии ресурсо къамел динчу Устрада-ГIаларчу яхархочо Сатиева Раисас бахарехь, 300-500 чаккхарма а хадош, кхечу махка вахар гIоле ду, Соьлж-ГIаларчу лоьраша хIоттийна харц диагноз бахьанехь, тIаьхьа бала хьоьгучул а.

Цо тоьшаллаш дарехь, цуьнан гергарчу наха масийттазза лайна лоьрийн ледарлонийн бахьанашца проблемаш.

Лоьрийн шогалла, корматалла цатоар, дарбан хIусамашкахь молханаш оьшуш хилар…оцу дерригено а къахкийна нах.

Ткъа махкахь урхалла ден элита а, церан гергарнаш а Москох я Малхбузерчу Европан пачхьалкхашка дIаоьху шайн могушалла тоян.

Бакъду, Оьрсийчуьрчу статисташа официалехь нохчийн къам кхуьуш ду бохуш, ден дIахьедарш.

Амма, Iедалх уьдурш, социалан-экономикан балано арабаьхнарш, медицинех къаьхкинарш вовшахтоьхча гучудолу, кхиаре терра, иштта къам эшнадогIуш а дуйла Нохчийчохь.

XS
SM
MD
LG