ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Депардьё шен кандидат ву бохург вон забар ю боху ПАРНАС партино


Оьрсийчоь -- "Кура ву оьрсий хиларна" сахьт довзуьйтуш церемонехь дакъалоцуш ву Депардьё Жерар. Москох ,ГIура-бутт, 2014
Оьрсийчоь -- "Кура ву оьрсий хиларна" сахьт довзуьйтуш церемонехь дакъалоцуш ву Депардьё Жерар. Москох ,ГIура-бутт, 2014

РПР-ПАРНАС оппозицин партино Омск областан губернаторан харжамашкахь дакъалаца хьалхатеттина Депардьё Жерар аьлла, хаамаш баржийна Оьрсийчоьнан зорбанан гIирсаш. Иза цхьаммо йина вон забар ю боху цу партин векалша.

РПР-ПАРНАС –Оьрсийчоьнан Республикан парти – Халкъан маршонан парти - ша цхьаъ бен яц ала мегар ду, Оьрсийчохь Iедалшна оппозциехь йолу парти. Иза, хууш ма-хиллара, кхуллуш жигара дакъалаьцна вара Москох вийна волу политик Немцов Борис. Кху деношкахь шена кхоьллина рогIера эладит бакъ цахиларх лаьцна дийца дезачу хьоле хIоттийна юха а РПР-ПАРНАС.

Оьрсийчоьнан зорбан гIирсаша дийцарехь, РПР-ПАРНАС лууш ю Францера карзахваьлла лела актер Депардьё Жерар Омск областан губернаторан харжамашкахь дакъалаца хьалхататта. Цара дийцарехь, цу тайпа дIахьедар динарг ву цу партин декъашхо волу Омскерчу регионан ПАРНАС-ан декъан куьйгалхо Басов Игор.

Амма шайна иза зорбанан гIирсашкара бен хезна дац, шаьш толлур бу и хаам элира ПАРНАС партин куьйгалхойх цхьаъ волчу Яшин Ильяс.Цо дийцарехь, иза баккъалла а тIеэца мегар долуш хIума дац. -Иза цхьаммо йина вон забар ю, тхан жигархочо йина, я иза тхо сийсаз дан гIерташ болчу наха даржийна эладит ду, - элира Яшина.

Иза официалан сацам хуьлила дац. Шаьш кандидат хоржийла дац, Францехь ял цаялархьамма 2013-чу шарахь Оьрсийчоьнан паспорт схьаэцна волу стаг бохуш вара Яшин.

Мерзликин Константин а ву ПАРНАС партин куьйгалхойх цхьаъ. Цуьнан кхин цхьа верси а ю, Депардьё шаьш хаьлхатетитина аьлла эладит даржоран. Мерзликинна хетарехь, иза Iедалан векалша леррина дина ду харжамашкахь шайна дуьхьал йолчу партин кандидаташ харжамашна юкъара баха.

Басовс дина боху дIахьедар зорбане даккхина Оьрсийчохь лоручу «Коммерсант» газето. Цуьнан дешнаш а далийна «Коммерсанто». Цо дийцарехь, Депардьё актер хилла ца Iаш, бизнесхо а ву. Омскехь инвестицеш ян аьтто болуш ву аьлла хета иза Басовна.

Коммерсанто дийцарехь, Басовс кехат дахьийтина Депардьёга Гезгмашин-беттан 13-чу дийнахь Омскехь хир болчу губернаторан харжамашкахь дакъалаца аьлла.

Депардьёс цкъачунна хаам цабина ша Оьрсийчохь политикана юкъаваха дагахь хиларх лаьцна.

Хууш ма-хиллара, Францера актеро дуккхазза а дIахьедарш дина ша Оьрсийчоь езаш ву бохуш, Путин Владимира шена ши шо хьалха Оьрсийчоьнан паспорт деллачул тIаьхьа.

Депардьё сих-сиха гора Путинна юххеваьлла. Цунна чохь ваха хIусам елла Соьлж-ГIалахь Кадыров Рамазана. Делахь а, официалан кепара Депардьё вехаш ву Белгерчу Нечин гIалахь.

ДIабаханчу баттахь Депардьё Жерара оьрсийн ницкъ хилар хесташ дIахьедар дира Францехь Iовдал санна лечулла Оьрсийчоьнна дуьхьа вала кийча ву ша аьлла.

XS
SM
MD
LG