ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Депортаци ян хьийзочу нохчочун кхелехь дакъалацийтар тIедожийна Францин Amnesty International-о


Страсбургера Европан Кхеташонан гIишло

ТховкIело лун хеттарш луьстучу Къоман кхелехь (CNDA) Ойсаев Джахаран гIуллакхехь шайна дош ала бакъо ялар тIедожийна Францин Amnesty International организацино. Карарчу хенахь Оьрсийчоьне дIавала кхерам лаьтта Ойсаевна. Amnesty International Францина лаьа CNDA-н кхелахошна дIахаийта, Оьрсийчу дIахьежочу Нохчийчуьра бахархошна лаьттачу кхерамех.

Шен доьзалца мухIажаран статус елира Ойсаев Джахарна иза Франци ма кхоччура. 2019-чу шарахь и статус дIаяьккхира цуьнгара, колледжехь доьшучу заманчохь радикализаци лелийна аьллачу шеконашца. Делахь а, жимстаг цкъа а тергонехь хилла вац, ткъа гIуллакх кхеле а кхачале Ойсаевн хьокъехь болийна таллам сацийнера.

Amnesty International организацина хетарехь, Францин Iедалхоша сацон деза низамехь доцу нохчийн мухIажаршна Оьрсийчу депортаци яр.

Францехь лецира Гадаев Мохьмад Охан-беттан 8-чохь, иза полице вахча. ХIора денна лелаш вара иза цига, ша депортацех хьалхавоккхуш кхело бина сацам кхочушбеш: адвокато тоьшаллаш далийнера цунна Оьрсийчохь ваха кхераме хилар тIечIагIдеш. Амма кхелан сацам а ца ларбеш, Францино экстрадици йира цунна. Хьалхо ша депортацин лагерехь сацийча, протест кхайкхош, шен гай цистира Гадаевс.

Нохчийчохь стохка Охан-беттан 10-чохь Гадаевна дуьхьал бехктакхаман дов гIаттийра низамехь а доцуш герзаш лелорна. Талламан урхаллаша цо герз къайладаьккхина меттиг карийна бохура. Нохчийчохь лаьцна латтош хиллачу Гадаев Мохьмадна цхьа шо ахшо хан тоьхна набахтин кIедачу хьелашкахь такха.

2019-чу ушарахь Украинерчу бакъоларъяран органаша шайн пачхьалкхера араваьккхира Нохчийчоьнан вахархо Альбердов Iумар. Урамехь саца а вина, цуьнга аьлла хиллера, Украине кхайкхина ахь "ца оьшу цхьаъ" аьлла. Оцу юкъанна Альбердов Украинехь ваха бакъо йолуш вара, Киевехь шен доьзалца дIатарвелла вара иза.

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG