ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Депортацин набахтера Бельгихь АлбаковгIеран шолгIа ваша а арахецна


Интерполон сайтера Албаков Исламан агIонан скриншот
Интерполон сайтера Албаков Исламан агIонан скриншот

Нохчийчуьра вахархо Албаков Ислам Бельгира депортацин набахтера арахецна, хаамбина бакъоларйаран "Вайфонд" организацино. 2019-чу шарера схьа дуьйна чохь латтош вара иза.

Ислам а, цуьнан жимахволу ваша Албаков Iимран а Интерполехула лехамашка веллера Оьрсийчохь гIаттамхойн могIаршкахь лелла ву аьлла бехкевина. 36 шо долу Iимранан аьтто хилира шена бехкаш дахкар бух боцуш хилар тIечIагIдан. Кху шеран дечкен-баттахь депортацин набахтера араваьккхира иза. 2018-чу шарахь Лионера кхело листира вежарийн гIуллакх, уьш Оьрсийчоьне дIабалар йукъахдоккхуш.

Бакъоларйархоша дIахьедира, набахтехь латточу заманчохь 40 шо долчу Исламан могушалла телхира, бIаьрса гIелделлера цуьнан, цу чохь кхачам боллуш лоьрийн гIо ца кхачадора цунна.

Стохка дечкен-баттахь Венехь а, Брюсселехь а цуьнгахьа митингаш хIиттийра - нохчийн диаспорийн векалша а, бакъоларйархоша а тIедожийра Бельгин чоьхьарчу гIуллакхийн министраллина Нохчийчуьра мухIажар маьршаваккха аьлла.

Карарчу хенахь Албаков Ислам маьрша ву, билгалдоккху "Вайфондо", делахь а хIара хаам зорбане боккхучу хенахь иза лоьхуш хиларх хаам Интерполон сайтехь дIабаккхаза бара.

  • 2018-чу шарахь Лионера кхело бехказаваьккхира ши ваша, цул тIаьхьа Ислам Бельги шен доьзал болчу дIавахара. 2019-чу шеран чиллин-баттахь йуха а лаьцна иза, депортацин центре дIавигира, цуьнан гIуллакх теллина даллалц. 2020-чу шарахь нохчийн диаспоран векалша митингаш хIиттийра, тIаккха витира иза Оьрсийчу дIа ца хьажош.
  • 2023-чу шеран гIуран-беттан 31-чохь Венехь депортацин набахтена хьалха митинг хIоттийнера, Австрихь лаьцна латточу мухIажарийн бакъонаш хьешарна дуьхьал. Бахьана дара цхьахйолчу набахтехь Нохчийчуьра жимстаг кхалхарх кхаьчна хаам.
  • Хьалхо Нохчийчуьра мухIажарша мацалла кхайкхийра, цара дIахьедора Хорватира куьпарчу белхахоша шайна тIехь къизаллаш лелайо аьлла. Иштта цара дийцира, бахьана доцуш, шайггарчу экстремизмаца боьзна бу аьллачу шеконашца шаьш цигахь латторах. Итт де дьалча шайгара хьал эшча, Хорватина тIехь Iуналла дечу органаша цхьана а кепара тидам ца бича, мацалла сацийра цара.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG