ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Депортацина а, репрессешна а дуьхьал митинг дIаяьхьна нохчаша Венехь


Нохчийн диаспоран Венера митинг

Венерчу адамийн бакъонийн майданахь дуккха а нах арабевлла митинг дIаяьхьна, Нохчийчохь лоьцучу Евробертан пачхьалкхашкара а, Туркойчуьра а оппозицин жигархойн гергарнаш лецарна дуьхьал. Акци вовшахтоьхначара дийцарехь, 50 гергга стага дакъалаьцна цигахь, яздо Кавказ.Реалиино.

"Тхоьца бара, Евробертара Оьрсийчу депортаци ярна а, нах лечкъорна а, лецарна а дуьхьал болу Австрин бакъонашларъярхой. Европера дешан маршо бахьана долуш Нохчийчохь нах балахьоьгоуш бу", - дийцина Кавказ.Реалиига митинг вовшахтоьхначех йолчу, ша Ичкерин векал лоручу Дунаева Розас.
Цо тIечIагIдина, нохчийн диаспорех схьакхетар мухIажаршна гIо латтон Iедалшца йоьзна йоцу Seebrücke, Stop Deportation, Antifa организацеш а, кхин а масех антирасистийн юкъараллийн векалш а.

Спикерша дIахьедина, Европера Iедалхошна тIехь жоьпалла хилар, бакъо йоцуш бехкзуламан гIуллакхаш дуьхьал а дохуш, кхел йоцуш таIзар ден долу эмигранташ Оьрсийчу дIахьежорна.

"Нохчийчохь нах хьийзош боллушехь, режиман критикийн гергарнаш лечкъошшехь, жигархошна а, блогершна а кхерамаш туьйсушшехь, Австри дагахь ю нохчашна депортаци ян. Цо са ца гатдойла яц", - билгалдаьккхина Дунаевас.

Кху деношкахь, протестан барамна анонс йинчу Der Standard газето яздира, Европе эмиграци йинчу нохчийн гергарнаш лечкъорах.

Блогерша а, юкъараллин жигархоша а, бакъонашгларъярхоша а хаам бира, ГIура-бутт чекхболуш Нохчийчохь беха шайн гергара нах Iедалхоша дIабигарх лаьцна. Бара царна юкъахь бакъоларъярхой Янгулбаев Абубакар, Садулаев Мансур, Арцуев Аслан. Иштта оппозицин блогерш, Швецехь веха Абдурахманов Тумсо, Германера Мализаев Минкаил, Туркойчохь веха Халитов Хьасан.

Iедалхошна оппозицехь болчу блогерийн Нохчийчуьра гергарнаш лечкъорна а, оьрсийн набахтешкахь нах хьийзорна а дуьхьал тахана, Дечкен-беттан 8-чохь Францерчу Страсбургехь митинг дIаяьхьира. Акци вовшахтоьхначех цхьаъ ю даймохк дIатесна Нохчийчуьрчу бахархойн организацеш вовшахтуху Европерчу нохчийн Ассамблея а, Евробертан исс пачхьалкхашкара жигархой а.

Иштта дозанал арахьа бехарш Оьрсийчу дIахьийсорна а, Нохчийчохь нах лечкъорна а дуьхьал митинг хIоттийнера Венерчу Адамийн бакъонийн майданахь ГIуран-беттан 30-чохь. Австрехь бехачу Ичкерин векалша вовшахтоьхначу акцехь дакъалецира 20-х стага гергга. Оцу дийннехь Норвегин Осло гIалахь а хIоттийра изза митинг.

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG