ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Депутат Саралиев: мигранташна терго ян еза дийнахь а, буса а   


Chechnya -- Shamsail Saraliev
Chechnya -- Shamsail Saraliev

Нохчийн республикан цIарах Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан думан депутат а, къаьмнийн гIуллакхашкахула комитетан гIантден гIовс а волчу Саралиев Шамсаила некъ кховдийна мигранташца йолу проблема кхочушъян, царна тIехь дийнахь а, буса а терго ян а, болх бина бевлча аэропорте дIа бига а беза аьлла. Саралиевн дешнаш даладо News.ru портала.

Саралиевс дIахьедина Оьрсийчохь хила ца беза аьлла "хIун деш бу а ца хууш, дан хIума доцуш, буьйла белла лелаш болу" мигранташ. Цо хьахийна белхан миграцица доьзначу хаттарехь Iаьрбийн пачхьалкхашкахь дийриг.

"Мигранташ даима а тергонехь латтош бу, царна тIаьхьа хьоьжуш ю жоьпе йолу вовшахтохаралла. Цигахь цу тайпа проблемаш яц, оццу Iаьрбийн Эмираташкахь а, Кувейтехь а", - дIахьедина депутата.

  • Хьалхо Саралиевс кхайкхам бинера Apple компанин векалшка, гIалат дIанисде, украинахойн маттахь долчу картанашна тIехь Нохчийчоьнан Республика "Нохчийн Республика Ичкерия" аьлла, къастийна дина долу аьлла. Apple Maps картанаш оьрсийн маттахь лелош делахь, Оьрсийчоьнан регион нийса билгалъяьккхина хиллера, амма iPhone украинахойн матте яьккхича, официалан Apple аппликацино гойтура Оьрсийчоьнан и субъект "Чеченська Республіка Ічкері аьлла. Цу кепара "украинхойн юкъаралла а тила еш" ю аьлла хетара нохчийн депутана.
  • Кхушара Чиллан-баттахь Саралиевс дехар динера Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министре Лавров Сергейга, Британера Закаев Ахьмадна экстрадици ян далуш дерриг а дахьара аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG