ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дерриг жоьпалла тIерадаьлла пачхьалкх. Европан кхелах хаьдда Къилбаседа Кавказ


Европан адамийн бакъонехула йолчу кхелан гIишло
Европан адамийн бакъонехула йолчу кхелан гIишло

Зазадоккху-беттан 16-хь министрийн кабинето Оьрсийчоь юкъаръяьккхира Европан Кхеташонна. Коьрта бакъонаш хьешар рогIера тIенисделча мехкан бахархойн аьтто хир бац Европан адамийн бакъонехула йолчу кхеле аьрзнаш дан. ЕСПЧ-н оьрсийн кхелаша бина сацамаш хийца аьтто ца хиллехь а, тайп-тайпана гIуллакхаш луьстучу юкъанна низамаш хедор цо тIечIагIдича, гIуллакх юханехьа листаран бахьана хила йиш яра. Дукхачу Къилбаседа Кавказерчу бахархошна Европера суд бакъоне сатийса йиссина тIаьххьара инстанци яра.

Зазадоккху-беттан 6-хь ЕСПЧ-но сацийна Оьрсийчоьнна дуьхьала айдина хилла дерриг гIуллакхаш, иштта цо кхин дIа тIеоьцур дац оьрсийн бахархошкара керла аьрзнаш. Кхело Оьрсийчоь Европан Кхеташонна юкъара дIаяккхаран бакъонийн тIаьхьалонийн мах хадабале бина и сацам. Чиллан-беттан чакхенгахь Страсбургехь луьстуш бара 72 эзар латкъам, царна тIехь сацамаш дина дац. Царах 18 эзар, йа 25% ца кхочуш – уьш Оьрсийчоьнна дуьхьала латкъамаш ду.

Бакъоларъяран "Мемориал" центран лакхарчу юриста Гурин Дмитрийс тIе тидам бохуьйту, цкъачунна юристашна хетарг – иза Зазадоккху-беттан 15-чу дийне кхачалц адаман бакъонашна, маршонна леринчу Европан Конвенцин низамаш хедор ЕСПЧ-н юрисдикцина кIел нислуш ду, церан хьокъехь латкъам бан а аьтто хир бу. Амма реакци хир юй Оьрсийчоьнан керлачу сацамашна – хетарг дийца бен ца дуьссу.

Дохке кхане

Бакъоларъяран "Мемориал" центро толам баккхарца дерзийра Нохчийчуьра шолгIачу тIамера хиламашца доьзна Къилбаседа Кавказера дуьххьарчу гIуллакхех цхьахдерш. Дуьйцурш ду 1999-чу шеран ГIадужу-баттахь Ростов-Баку некъа тIехь мухIажирийн колоннина тIе бомбанаш еттар а, Соьлжа-ГIалин Старопромыслан кIоштахь 2000-чу шеран Дечкен-баттахь "зачисткаш" еш нах байъар, иттанашкахь нах бойъуш, бIеннашкахь лаза а беш, Котар-Юьртанна бомбанаш кхийсар а.

"Нах лечкъорца доьзна шортта гIуллакхаш дара тхан дIахьош, уьш федералхоша дIабуьгуш хIаллакбеш буйла билгала долучу хенахь. Нах лечкъор сацош дацара Кадыровн Нохчийчохь а, дуьйцург ду ЕСПЧ-хь луьсту Iазап латторан къайлахчу набахтех доьзна "27 стаг веран тептаран" гIуллакх, оцу тайпа цхьахйолу набахте йиллина болх беш ю Соьлжа-ГIалин юккъехь", - элира Кавказ.Реалиига организацин куьйгаллин декъашхочо, "Горячие точки" программан куьйгалхочо Орлов Олега.

Ши зуда-мухIажир тIе юрг1а тосуш ю, йоккхачу машенан кузов тIехь Котар-Юьртара дIабоьлхучу хенахь, 1995-чу шеран Дечкен-беттан 30-гIа де
Ши зуда-мухIажир тIе юрг1а тосуш ю, йоккхачу машенан кузов тIехь Котар-Юьртара дIабоьлхучу хенахь, 1995-чу шеран Дечкен-беттан 30-гIа де

Оьрсийчоьно Европан Кхеташонехь дакъа лоцу 20 сов шарна чохь ЕСПЧ-н позициш бахьанехь хийцамаш хилира оьрсийн низамийн нормашкахь а, угаре хьалха бехктакхаман процессехь, иштта кхуллура бакъонехь ларваран керла механизмаш а, дуьйцу Гурин Дмитрийс. Цо билгалдоккху: лаккхарчу кхелан инстанцеш, ала мегар долуш, цкъа а ца йитина ЕСПЧ-н позициш тидам боцуш, пIелгаш тIехь ягаръян мега масех меттиг биссалц. Европан Кхеташонера Оьрсийчоь араяьллачул тIаьхьа а юьсур ю караерзийна хилла мпеханизмаш а, принципаш а, бакъоанан позицинй эелементаш а.

"Кхин къамел ду, коьртачу хеттарийн доккхачу декъехь, масала, дIалецарийн бух лахаран, чохь латтон хьелийн, гуламийн маршонан а хеттаршкахь Оьрсийчоь ЕСПЧ-н позициш кхочушъярехь формалан декларацел гена ца яьлла. Хийцамашна дуьхьала лаьттара бакъонан лаам ца хилар, Европан кхело билгалъяхна дуккха стандарташ баккъала кхочушъяр а", - дуьйцу "Мемориалан" лакхарчу юристо.

Еса меттигаш дIаюзархьама, оьрсийн Iедалша цхьа керла механизмаш, инстанциш кхуллур ю, амма иза ма-ярра бутафории хир ю

Стенца хийца йиш ю ЕСПЧ керлачу Оьрсийчохь? Федерацин Кхеташонан конституцин низамаш кхолларехула йолчу комитетан хьалханчас Клишас Андрейс дIахьедира РИА "Новости" гIирсе, "цуьнан меттана бахархойн аьтто хир бу Оьрсийчоьнан Конституцин кхеле бовла".

"Конституцин кхело ца луьсту къастийна гIуллакхаш, цо, куьцара ала волавелча, низамашна кхел йо. Къастийна цхьа кхачамбацар а эцна цига дIахьедар дан йиш яц, Конституцин кхело цхьахдолу низам Конституцица догIуш дацахь толлур ду къастийна гIуллакх, - ойланаш йо Гурино. – Еса меттигаш дIаюзархьама, оьрсийн Iедалша цхьа керла механизмаш, инстанциш а кхуллур ю, амма иза ма-ярра бутафори хир ю".

"Адамийн бакъонаш кхин а чIогIа хьоьшур ю"

Оьрсийчоьнан кхелан система пайде ца хиларна ГIалгIайчуьра а, ерриг Къилбаседа Кавказера а бахархой шайн хьешна бакъонаш ларъярхьама ЕСПЧ-не бовла декхаре хуьлу. Цунна тоьшаллаш до иттанаш эзарнаш Страсбурге кхехьийтина аьрзнаша а, царна тIехула бина позитиве сацамаша а, билгалдоккху "Яблоко" партин ГIалгIайчуьра декъан хьалханчо Муцольгов Руслана.

"Ишттачу сацамийн хьокъехь ши механизм яра: маршо, бакъонаш хьешар тIелацар а, оцу пачхьалкхана и бакъонаш меттахIоттон езар гайтар а. Моралан а, ахчанийн а зен меттахIоттош хуьлура иза. ЧIогIа халахетахь а, и ахчанаш дIакхачоран хьокъехь бен кхочуш ца дора Къилбаседа Кавказехь адамийн бакъонаш хьешарна тIехула бина сацамаш – нах лечкъоран, кхелаца доцу нах байъаран, Iазап латторан а", - дуьйцу бакъоларъярхочо.

Пачхьалкханна а, нуьцкъаллин структуран белхахошна шайгахь жоьпалла цахилар хаалур ду

Дахначу шерашкахь ЕСПЧ-н дукха сацамаш кхочуш ца бар тидаме ца эцча а, кхелан системано талламан а, тIехьежаран а урхаллийн агIо лоцучу хьелашкахь, йозуш йоцу механизмах дIахадор - иза Оьрсийчохь адамийн бакъонаш ларъярна доккха зен ду.

"Пачхьалкханна а, нуьцкъаллин структуран белхахошна шайгахь жоьпалла цахилар хаалур ду. Адамийн бакъонаш кхин а дукха хьешарна тIенисдала мега вай", - чакхдаьккхина къамел Муцольговс.

Ишта а кIезга болу тIаьххьара шина шарера Оьрсийчуьра бакъонах лаьцначу позитиве хаамех цхьаъ иза букъан дилханан атрофия (СМА) йолчу дархошна мел-оьшу молханаш дIакхачоран хьокъехь ЕСПЧ-но маса барамаш тIелацар а, и сацам кхочушбар Оьрсийчоьнна тIедожор а хета шена, аьлла дийцина адвоката Немова Маринас Кавказ.Реалиига – Къилбаседа Кавказера СМА лазар долу бераш кест-кеста дуьссура дукха ахча доьху молханаш доцуш – иштта хIусамехь гIело латторна хьокъехь бина дуьххьара сацам хета цунна позитиве, иза кхочушбаре сатуьйсуш еха иза.

Сецоран механизм а йоцуш

ЕСПЧ-но сацамаш бина Къилбаседа Кавказера кхечу цхьамогIа резонансе гIуллакхашна. Масала, Оьрсийчоьнан Iедалхой бехкебина Дагестанера жа дажочу ГасангусеновгIеран ши ваша нуьцкъахоша герз диттина верна.

2021-чу шеран Гурахь ЕСПЧ-но бехкейира "виъ-пхиъ стагах лаьтта нохчийн полицин Iаьржа духар доьхна, нохчийн регистрацин номераш йолу Iаьржачу Toyota Camry машенахь тоба", цара 2020-чу шарахь низамца а доцуш лачкъийна вигира нохчийн оппозицин 1ADAT телеграмерчу каналан чатера модератор Тепсуркаев Салман, цул тIаьхьа машанехь видео яьржира лачкъийна вигнарг шишанна тIе хоуьйтуш. Оцу гIуллакхо федералан хилла а ца Iаш, дуьненаюкъара резонанс хIоттийра. Амма хIинца а Талламан комитете иза лачкъийначийн цIерш ца яхало, Нохчийчу дIавигна Тепсуркаев волу меттиг а яц къастийна.

ГIебарта-Балкхаройчоьнан регионера бакъоларъяран центран хьалханча Хатажуков Валерийс Къилбаседа Кавказера бахархойн бакъонаш ларъярехь ЕСПЧ-н доккха васт билгалдоккху.

"Къоман кхелашна хаьара шайн сацам кхин дIа Страсбурге дIакхача мегий. Сецоран фактор яра иза. Вайн кхелаша тидамехь латтон езара ЕСПЧ-н позитиве сацамийн практика. Оха, бакъоларъярхоша, массо хенахь Страсбург йолуш ю олура. ХIинца гIортолах даьхна тхо, йозушйоцу, оьшуш хилла инстанцех. Суна хетарехь, вайна дукха сиха хаалур ду ЕСПЧ-н дIаялар", - тешна ву бакъоларъярхо.

Къоман кхелашна хаьара шайн сацам кхин дIа Страсбурге дIакхача мегий. Сецоран фактор яра иза

Зевнечу ЕСПЧ-н Кавказера гIуллакхашхула болх беш йолчу адвоката Гнездилова Ольгас боху: кхелан белхан механизм хийциначул тIаьхьа, керлачу реалишкахь оьрсийн аьтто хир бу Страсбурге аьрзнаш дала Зазадоккху-беттан 15-чу дийне кхачалц шайн хьешна бакъонашна тIехула.

"Нийса ду, хьалхо чуделла хилла аьрзнаш ницкъ болуш хир ду. Иза хьакхало Оьрсийчохь бехачарал совнах, Украинехь а, кхечу меттигашкахь а Оьрсийчоьнах зулам даьллачех а", - билгалдоккху юриста.

Къамелдийриг тешна ю, ЕСПЧ-но оьрсийн кхелаш цивилизацин хьесапе ерзийна бохучух, тIаххьарчу шерашкахь кхелахоша тидаме оьцура сацамаш баран практика. Масийтта латкъамаш а, ЕСПЧ-н сацам а биначул тIаьхьа Оьрсийчохь тIеэцна кхелан листар дахделча компенсаци кхачош низам, иштта гIуллакхаш а сиха листа долийна. Таделла лаьцнарш чохькхабаран хьал а, тоьхна хан генарчу меттигашкахь такхийтаран проблема ю хIинца луьстуш.

"Хаац, хIинца муьлхарниг хир ю дуьненаюкъара сецоран механизм, хIунда аьлча, йисинарш Оьрсийчоьнна гергахь хьехаран кепехь бен яц", - боху Гнездиловас.

Европан адамийн бакъонехула йолчу кхело тIаьххьарчу шерашкахь иттанашкахь гIуллакхаш листина Оьрсийчоьнан Къилбан а, Къилбаседа Кавказера регионашкара. ЕСПЧ-но декхаре йина Оьрсийчоь кхелаца а доцуш Нохчийчохь нах байъарна 367 эзар евро гергарчарна дIакхачо, иштта 2004-чу шарахь Бесланехь хилла терактан 39 закъалтхочунна 360 эзар евро компенсации хьажор. Европан кхеле хьежочу латкъамаийн барамашлахь Оьрсийчохь дуьххьарчу меттехь яра. Дерриг аьрзнашна юккъера 25,2% дара цунна динарш. ШолгIачу меттехь Туркойчоь (15,5%), кхолгIачу – Украина (14,8%).

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG