ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Дерригенах а деза дIадала". Нохчийчоь - коммуналан мах уггаре лакхара болу мохк


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Оьрсийчохь цкъа а ца хиллачу барамехь дестар ду коммуналан мехаш тедогIучу шарахь – лакхаяьхна тарифаш. Регионийн могIарахь тарифаш уггаре лакхара хиларца билгалйолу Нохчийчоь. Дуьххьара а дац иза – кхушара а ю республика оцу маьIнехь лидер. Ерриг а пачхьалкхехь болчу барамал шозза гергга сов ло, тIейогIучу хенахь лур а ду Нохчийчоьнан бахархоша серлонах, газах, хих ахча. Стенна ду иза ишта къасто гIоьртира Кавказ.Реалии официалерчу Iедалца, къамелаш дира эксперташца а.

Лаккхара индексаш хIитторо кхьучу новкъа боху серлонан, хин, газан, йовхонан, нехаш яхаран мехаш. Федералан а, регионийн а Iедалша мнополина духьаллаьттачу урхаллица цхьаьна къастош ю индексаш – юьхьаръоьцу коммуналан аьттонаш латточу хьукматашна хуьлу харж а, цо модернизацина дойъу ахча а.

Керлачу сацамо бахарехь, юккъерчу барамехь Оьрсийчохь коммуналан хьаштех боккху мах 4,3% лакхабер бу 2022 шарахь. Дукхахйолчу регионашкахь и терахь соцур ду 3,4% тIехь. Уггаре кIезиг коммуналан мах тIетухур бу Свердловск-махкахь (2,9%), Марий Эл республикехь (3,2%), Чукоткехь (3,3%).

Массанхьачул а лакхара индекс хIоттийна Нохчийчоьнна тIедогIучу шарна а - 6,5%. Цуьнга ца кхоччуш мах лур бу коммуналах Дагестанан бахархоша а – индекс 6%.

Нохчийчоь, бакъдерг аьлча, тIаьххьарчу шерашкахь ларайора коммуналан ахчанаш схьагулдан

Кавказ.Реалиин хттаршна жоьпаш деллачу экспеташна герехь, Нохчийчоьнна а, ерриг Къилбаседа Кавказна а лаккхара тарифаш къастор дозуш хила тарло оцу регионехь наха хьалха дуьйна а цабевлла, ханна тIаьхьатоьттуш коммуналан мах дIалуш хиларца. РИА "Рейтинг" агенталло 2020 шарахь гулйинчу официалан статистико бахарехь, Нохчийчохь юккъерчу барамехь доьзало шега баттахь кхочучу ахчанах коммуналан хьашташна дойъуш хилла 6,6% - 3333 сом. Цу тIе, агенталло бахарехь, тIаьххьарчу шера чохь доьзална кхочу рицкъ лахделла 2%. ГIалгIайчохь доьзало хих, серлонах, газах, йовхонах дIало баттахь 3253 сом, Дагестанехь – 3049. Ткъа шераш хьалха и мехкаш бара Оьрсийчохь уггаре кIезиг ахча коммуналах лурш.

"Суна хетарехь, коммуналан механ индекс Къилбаседа Кавказна лакхаяккхар дозу дIаихначу шерашкахь иза сецош, леррина лахара латтийна хиларца. Цу тIе, алссам оьшу ремонташ ян, коммуналан инфраструктура карлаяккха, ткъа меттигерчу Iедалийн бюджето аьтто ца буьту коммуналан ниIматаш латточу хьукматашна ахчанца гIодан", – элира Оьрсийчоьнан Йохк-эцаран, индустрин совдегараллин гIуллакхашкахула йолчу палатин декъашхочо Гордеев Дмитрийс.

Изза ойла ю "Новые люди" партин бакъонаш тергалъяран комитетан куьйгалхочун, энергин хьостанийн а, энерги латторан а декъехь эксперт волу Хуруджи Александран а. Цо бахарехь, Къилбаседа Кавказ тIаьхьакхиош ю мехаш цхьана тIегIане баьхначу Оьрсийчуьрчу тарифийн барамашна.

"Иза ду Къилбаседа Кавказехь тарифаш лакхаяхаран бахьана. Юхьанца и тариф лахара лаьттина хиларо а, нахера коммуналан декхарш схьагулдан хала хиларо а кхачийна тариф оцу тIегIане. Нохчийчоь, бакъдерг аьлча, тIаьххьарчу шерашкахь ларайора ахчанаш схьагулдан – цигахь хIинца яц хьалхалера "мимпIес", хаста ца во стаг коммуналах ахча дIа цадаларна. Низам чIагIделла. Амма кхечу республикашкахь хьал шийла ду", – боху Хуруджис.

Кавказ.Реалии гIоьртира Нохчийчуьрца официалан векалшца зIене яла, лаккхара индекс махканна стенна хIоттийна, муха ю цуьнан тIаьхьало, нехан дахарна мел тIеIаткъам бо лакхаяьллачу тарифо хаа. Регионан "ЖКХ Контроль" центран кьйгалхочо Солтаев Мансура хеттарш хийсаде, элира, Нохчийчоьнан гIишлошъяран а, оммуналан а министралле. Оцу урхаллехь резахилира министрна Зайпулаев Муслимна тхан хеттарш дIагайта, ткъа тIаьхьо цуьнан пресс-векала хаам баийтира, иштачу хеттаршна шаьш векалдина дац жоп дала, хатта, бохура, республикехь мехех а, тарифех а жоп лучу Пачхьалкхан комитете. Амма комитетехь кхаа белахочо шайн лойла дац комментари, куьйгалхочун гIовсе Хагиева Каринига телефон тоха, элира. Амма горгали тIеоьцуш яцара цуьнан я белхан а, я шен долара а телефонаш.

"Кест-кеста кхаъ бала безаш а хуьлу"

Нохчийчоьнан вахархочо конфедициалехь дийцира коммуналан мехаш дIадаларца лаьтта хьал – и къамел ца догIу официалерчу статистико бохучуьнца. Пачхьалкхан агенталлаш буьйцучу барамал шозза дукх ахча ло наха коммуналах – 5-7 эзар сом, шеран муьлха бутт бу хьаьжжина.

Махкахь коммуналан ахча дIалуш ду хIинца массара а санна, амма иза Iедалан шогалло дойту. Кхо шо хьалха балхара бохур бу коммунал дIа ца делларш, олура хьакамаша, ткъа хIинца кхин а доца дуьйцу – массо а коммуналан ниIматаш дIалакъадо декхарла вахначу хIусаман дена, боху тхоьца къамел динчо.

Цо дийцарехь: Серлонах, газах мах хьо дIабала вахча, квитанци тIехь ахча кхин а тIетуху. Цхьаволчо гIара оьккхуьйту, цхьаволчо, ца къийсархьама, вист а ца хуьлуш, дIало. Хьо декхарла а вахна, серло, я газ дIахадош елахь, иза сихха юхатIетосург хаъ бала безаш а хуьлу. Дерригенах а деза дIадала".

Амма цIеххьана баьхкина, дIахадийра газ, 20 эзар сом декхар гулделла аьлла

Гордеев Дмитрийна хетарехь, индексаш сов лакхаяхар – иза "яхначу заманара ламаст ду". ЛартIахь дац массарна а гIодар, ша-ша ваьккхина хила веза оцунна къастош верг, коммуналан хьелашна субсиди кхачо къастийнарг – дуккха а хан ю оцу кепехь махаш хIитто беза, боху эксперто.

Амма къамел дечу вахархочо дийцарехь, Iедалхойн шайн кепаш ю коммуналан мах лахбан нах билгалбахарца.

"Суна вевза и тайпа гIо шена Iедало кхачош хилла накъост – да вац цуьнан. Цуьнгара масссийтта шарахь коммуналах даьккхина ахча дацара 20 эзар сом бен. Амма цIеххьана баьхкина, дIахадийра газ, 20 эзар сом декхар гулделла аьлла. Хьукматашка леларх пайда а ца хилла, кхеле велира иза", – дуьйцу Нохчийчуьрчу вахархочо.

Оьрсийчоьнан социалан-экономикан гайтамашкахь кест-кеста хIутту аутсайдераш КъилбасеаКавказера республикаш. Масала, ГIадужу-баттахь бахархойн долахь угггаре кIезиг финансаш йолчу итт мехкан могIарахь яра Нохчийчоь.

Эксперташа дуьстира бахархошна хуьлу рицкъ а, дахарна оьшучу хьелийн минимум а; баттахь юккъерчу барамехь мел ахча дуьллу банке вахархочо; дахаран минимуме кхочуш боцчу бахархойн терахьаш; мел нах бу ипотеках хIусам эцна. I00 балл лучу оцу рейтингехь Нохчийчоьно ца яьккхира 10,82 балл бен.

Нохчийн Республика ю алапийн барамца Оьрсийчохь 80-чу меттехь (85-ннах), 27% бахархошна баттахь 15 эзар сом а ца кхочу. Белхазаллица а бу мохк регионашлахь уггаре эшна ларалучех - 12,8%, болх лохуш хIора нохчочун юккъерчу хьесапехь болу итт бутт.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG