ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дерусификацица а догIуш, Киевехь Грозненская урамна Ичкерин цIе тиллина


Нах бехачу хIусамна дина рекатан тохарш, Киев, 2022-чу шеран мангал-беттан 26-гIа де

Киевехь Грознеская урамна Ичкерин цIе тиллина – къобалъязчу республикан Ичкерин цIарах. Украинехь дерусификацин программа йолийна, муьлххачу агIор Оьрсийчоьнца йоьзна йолу урамийн цIерш хуьйцуш ю цигахь.

Мангал-беттан 29-хь Кривой Рог гIалин тIеман администрацин куьйгалхочо Вилкук Александра хаам бира, гIалахь 193 урамийн цIерш хуьйцур ю, аьлла – "цхьа а "Московская", "Бурятская", пачхьалкхаш-агрессоршца Оьрсийчоьнца а, Белорусица а доьзна урамаш, майданаш, паркаш, садоIу меттигаш кхин хир яц", яздина цо (авторан яздаран кеп хийцам боцуш йитина. – Редакцин билг.).

Кривой Роган бахархошна хьехна Есенинан цIарах болу урамна Дудаев ДжовхIаран цIе тиллар – къобалъязчу Нохчийн республика Ичкерин дуьххьара президентан.

Мангал-беттан юьххьехь Украинан культуран а, хаамийн политикан а министралло дIахьедира, кхеташонан орган кхолла дагахь хилар, "дерусификацин, декоммунизацин, деколонизацин" хеттарш луьстур ду цо. Советан хенахь дуьйна биссина хIолламаш дIабохур бу цо, йа уьш болу меттигаш хуьйцур ю.

  • Севастополерчу спортан школана Кадыров Ахьмадан цIе тилларх информаци зорбане яьккхина нохчийн хаамийн гIирсаша. Барт хиллера иштта, схьадийцарехь, Севастополерчу делегацин Куьрчала кIоштан администрацица хиллачу цхьанакхетарехь.
  • Оккупаци йинчу Донецкехь майданан цIе хийцира Украинана дуьхьала болийначу тIамехь дуьххьарчу деношкахь вийна волчу офицеран Дагестанерчу Гаджимагомедов Нурмагомедан цIарах.
  • Къилбаседа ХIирийчоьнан Правобережный кIоштан кхело талла долийна Мисиков Батразан гIуллакх, цабезам а, мостагIалла а гIитторна бехкевеш ву иза. Мисиковс динчу арахецарехь зуламан билгалонаш гина ницкъахошна. Шен постехь Владикавказерчу Ленинан цIе лелочу урамна Боккхачу Сийлахьчу тIеман хIирийн турпалхочун, Советан Союзан Турпалхочун Тогузов Каурбекан цIарца ураман цIе хийцар къобалдинера цо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG