ТIекхочийла долу линкаш

1. Iедал реза а доцуш, Iилманан а, юкъараллан а барам (масала конференци) вовшахтохар

Масал. 2012-чу шарахь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана сацам бира нохчийн къам дохийна Сибрех дахийтина де дагалацар Стигалкъекъа-беттан 10-чу дийне дIататта.

2014-чу шарахь Чиллан-беттан 23-гIа де тIекхочуш нохчийн департацина хьажийна Iилманан конференци вовшахтоьхнера Кавказан къаьмнийн ассоциацин президенто Кутаев Руслана. Цул тIаьхьа дукхах хан ялале лаьцна, 4 хан а тоьхна, чувоьллира иза Iедалша, цуьнгахь наркотикаш хилла аьлла бехке а вина. Юкъараллан жигархо Кутаев Руслан синан маршонан тутмакх лерина ву дуьненаюкъарчу Amnesty International цхьаьнакхетаралло.

2. Журналист Нохчийчуьрчу Iедалан тергонера валар

Масал. Нохчийн журналист Гериев Джалавди дIалецира Iедалша 2016-чу шарахь. КIомал хилла аьлла бехке а вина, кхело набахтехь даккха 3 шо хан туьйхира цунна.

Юхьанца шена буьллу бехк тIеэцначу журналисто, кхелехь дIахьедар дира, къизаллаш йича, ша верна кхеравела, боцу бехк тIелаьцнера ша аьлла.

2016-чу шарахь ГIадужу-баттахь адамийн бакъонаш ларъечу «Мемориал» центро политикан тутмакхашна юкъатоьхна Гериев Жалавди. Ткъа Human Rights Watch юкъаралло Гериев Жалавдис журналистикехь бечу балханна Iедало бина бекхам лору иза набахте чуволлар.

3. Исторех лаьцна шена хетарг дуьйцуш книгаш зорбане яхар

Масал. Публицисто Ибрагимов Ризвана цхьацца жайнаш зорбане даьхнера нохчийн истори толлу ша аьлла. Цо язйинчу книгашкахь нохчийн къам ай а деш, жуьгтийн къам сийсаздо аьлла, кхеле озийра иза Iедалша. Иза хилира стохка дIа а лаьцна, полицин декъехь ток а етташ, хьийзийначул тIаьхьа.

Мангал-беттан 20-чу дийнахь Ибрагимовна 2 шо 6 бутт арахь яккха хан кхайкхина Соьлж-ГIаларчу Октябран кIоштан кхело.

Баккъалла а набахте ца хьажош витира публицист суьдо гонахарчу наха а, накъосташа а дика вуьйцуш хиларна а, юкъараллана цунах кхерам ца хиларна а.

4. Муцураевн эшаршка ладогIар а, царна интернетехь репост яр а

Масал. Охан-баттахь 15 дийнахь хан а тоьхна чувоьллира Нохчийчура вахархо Шидиев Абузар. Цунна бехке диллинарг дара "ВКонтакте" социалан машанехь нохчийн бардан Муцураев Тимуран йиш зорбане яьккхар.

Талламхоша чIагIдарехь, иза Оьрсийчохь йихкинчу материалашна юкъатоьхна хилла. Цу кепара Шидиевс административан низам дохийна аьлла хета царна.

Ткъа кху деношкахь Нохчийчохь бехктакхаман гIуллакх долийна Нохчийчоьнан вахархочун Сулейманов Ильясана дуьхьал. Талламхоша чIагIдарехь, «Вконтакте» социалан машанехь дIахIоттийна цо Муцураев Тимуран масийтта эшар.

И бахьана долуш суьдо бехке вахь шинна тIера пхеа шаре кхаччалц набахтехь такха хан, я ах миллион сом гIуда тоха тарло Сулейманов​на.

5. СагIийна ахча далар.

Масал. 2011-чу шарахь аьхка Iаьрбийн пачхьалкхе деша воьдучу цхьана жимачу стагана сагIийна 500 доллар ахча делла хиллера Стандартан а, метрологин а академин Соьлж-ГIаларчу филиалан директоро Шамилев Iаьлвис.

Эххаре а и стаг шен лаамехь Iедална тIевеана тIемало ву аьлла дIакхайкхийра Iедалша 2013-чу шарахь. Гарехь, цу стага шена гIо динчу нехан яьхначу цIерш юкъахь хилла Шамилев Iаьлвин цIе а.

Цхьацца хьелаш тидаме а эцна, Нохчийчоьнан лакхарчу суьдо арахь яккха кхо шо хан кхайкхийра цунна, тIемалошна ахчанца гIо дина аьлла.

6. Кадыров Рамзане латкъам бар

Масал. 2017-чу шеран Стигалкъекъа-баттахь Соьлж-ГIаларчу яхархочо Бексултанова Яхас Кадыровга латкъам бира, цIе яьлла хIусамаш яьгначу нахана гIо ца дина мэро Хучиев Муслима аьлла.

Оццу дийнахь Iедалан векалша, мэре а йигина, эххаре а ша харц хиллера аьлла дере дайтира цуьнга. Диканиг дара и зуда луьрчу таIзарх кIелхьараялар.

7. Путине Кадыровна латкъам бар

Масал. Оьрсийчоьнан президенте Путин Владимире кхайкхам беш Нохчийчохь Кенхи-эвлахь яьккхина видео «YouTube» дIахIоттийнера стохка бIаьста цу юьртарчу вахархочо Джалаладинов Рамазана. Шен латкъамехь цу стага дуьйцура шайн эвлахь бехачу суьйлишна эшам беш бу Нохчийчуьра Iедалша бохуш.

Джалалдинов видео сихонца дIакхечира Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнга Кадыров Рамзане. Цо, хьем цабеш, ломарчу Шаройн-кIошта хьажийра шен администрацин куьйгалхо Кадыров Ислам.

Эххаре а Iедалша сацам бира Джалаладинов харц хилла аьлла. Цу хенахь дуьйна цIаверза кхоьруш лелаш ву и стаг. Дукха хан ю иза ша динчун дохковаьлла.

8. ТIемлошка дог латтар

Масал. 2014-чу шарахь набахтехь яккха ши шо хан а тоьхна, чувоьллира Хьалха-Мартан кIоштара вахархо Абдурахманов Рамзан. Кхело цунна бехке диллинарг дара нахана юккъахь тIемалошкахьа къамелаш дар.

21 шо долу Абдурахманова Соьлж-ГIалахь хьуьжарехь доьшуш хиллера. Талламхоша чIагIдарехь, шен нийсархошна мобилан телефона тIехь гойтуш хилера цо нохчийн тIемалоша тIом беш яьхна видеош.

9. Цхьацца "шпионин" гаджетех пайда эцар

Масал. Кху шеран Дечкен-баттахь цхьана интернетан сайтехула къайлаха къамелашка ладугIу гIирс эцна хиллера 64 шо долчу пенсионеро, Соьлж-ГIалара вахархочо Турлаев Дардас (цIе хийцина ю). Цхьа бутт баьлча почте вахана хилла иза шена схьатесна гIирс схьаэца. Цигахь песнионер лаьцна Федералан кхерамазаллан сервисан белхахоша.

Цецваьллачу цу стагана оцу минотехь а бен ца хиина ша эцнарг шпионийн гIирс хилар.​

Стохка изза къайлаха ладугIу гIирс эцна аьлла, ши шо ах шо хан туьйхира Соьлж-ГIаларчу кхело меттигерчу вахархочун Виситаев Висханна.

10. Социалан машанашкахула хетарг алар

Ламаст хилла дIахIоьттина даьлла Нохчийчохь, Iедална реза воцучун тIехь мехкан дайша шайггара кхелаш яр. ТаIзарх ца бовлуьйту я церан гергарнаш а.

Теркйистерчу Iели-Юьртахь боберийн цIийнахь хьехархо йолчу Инаева Iайшата ватсапехула Кадыровга лерина динчу къамела тIера доладелла дерриг а.

Шега махкахойн хьашташна тергонехь хилахьара, церан коммуналан ял охьайилла таро йоццушехь, уьш хьийзош бу аьлла йистхилла Инаева Iайшт а, цуьнан цIийнда а шена тIе а даладайтина, церан юьхь ехира Кадыров Рамзана, тIе телекамераш а хьовсийна.

XS
SM
MD
LG