ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

14 шо долчу Кадыров Рамзанан кIанта шен оригиналах 30 млн доьху сахьт леладо


Кадыров Адам

ЯнгулбаевгIеран доьзална дуьхьал хIоттийначу митингехь дакъа лаьцначех цхьаъ вара 14 шо долу Кадыров Адам – Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан кIант. Цигарчу майданахь яьккхина видео цо ша кхоьссира шен инстрамерчу агIоне (иза вазвелла ву adam_benoevsky_095 аьлла – дуьйцург ду КадыравгIар схьабоьвлла Бенойн тайп – ред.). Цуьнан куьйга тIера сахьт вуно тера догIу Richard Mille (Ришар Милль) 035 олучу сахьтах, Цуьнан мах (республикан куьйгалхочун кIанта лелориг иза делахь) масийтта миллионе хьалакхача тарло.

Кадыров Адаман инстаграмехь ган тарло кхин а кIезиг мах боцу сахьт. Масала, шен йижарий Хадижат а, Iашура а декъалъеш доьзалехь даьхна суьрташ тIехь нохчийн политикан кIант гуш ву Richard Mille 35-0I сахьтах чIогIа тера догIучу сахьтаца. Церан мах 30 миллионал сов бу.

Оцу сахьтан репликех а (дика йина копи – ред.) Оьрсийчохь 90 эзар гергга сом доьху.

Кхиазхочо наггахь кхинйолу евзачу брендийн сахьташ а леладо. Цхьахдолчу суьрта тIехь Кадыров Адамехь Hublot олу 1,7 млн доьху сахьт ду. Цу тIе тидам бахийтина Казанерчу оппозицин политикан Навальный Алексейн штабан (Оьрсийчохь цуьнан штабаш экстремистийн лерина ю, церан болх магийна бац – ред.) экс-гIуллакххочо Емельянов Олега.

Емельяновс дийцарехь, суьртийн дикалла ледара хиларна наггахь сахьтан модель ца къаста тарло, «амма уьш деза оригиналаш ду, цхьаболучарна ма-моттара, тарйина махбоцу хIуманаш яц».

"Интернетехь шен хьолахочун дахар гойту тоъал материалаш а йолуш, деза сахьташ гулдечу регионан куьйгалхочун кIанта дораха тардина сахьт лелор дара аьлла ца хета суна. Шена луург дан йиш хиларо а, тIехь деш Iуналла доцу Нохчийчу хьежочу ахчано а таро ло царна шайна ма-хетта хьолахойн дахар дIакхехьа а, иттанаш миллионаш доьху сахьташ ийдан а, кхинболу республикан бахархоша къоьлла хьоьгучу юкъанна", - дийцина Навальныйн Казанерчу штабан экс-гIуллакххочо.

Кадыров Рамзанан официалера ахча 38I млн сом хилар тидаме эцча, оцу тайпа вип-сахьташ ийдан доьзална атта дац. ХIокху муьрехь нохчийн урхаллехь цхьанне агIор ца хьахийна кIентан куьйга тIера сахьтийн дозаллех лаьцна хIумма а, ца йийцина и сахьташ девлла меттиг а.

  • Нохчийчоьнан парламентан спикеран Даудов Мохьмадан инстаграмерчу агIоне яьккхинчу эфирехь Кадыровс элира "цхьана шерачохь Оьрсийчоьно Нохчийн республика а, цуьнан бахархой а кхаба 300 миллиард сом дойъу". ТIаьхьо цо тIетуьйхира и терахь 375 млрд хилар, республикехь болх бечу федералан урхаллашна дойъу ахча юкъалаьцча.
  • ГIуран баттахь массара аьлча санна нохчийн лаккхара хьаькамаша шайн официалан агIонаш тIера пхийтта шо кхачарца декъала вира регионан куьйгалхочун кIант Кадыров Iела. Дечкен -бутт юкъебаьлча нохчийн Iедалхоша а, политикаша а шайн агIонаш тIехь масех дийнахь декъалдарш арахийцира республикан куьйгалхочун кхечу берашна – ворхI шераш долчу Эсетана а, Шайх-Ахьмадана а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG