ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дика цIе юьтуш дIавахана кху дуьненчура Хусейнов Ризван


Хьалха-Мартан кIоштара берийн хаелхаран тобанан куьйгалхо Хусейнов Ризван велира хелха волучу хенахь. Ахматова Лизас йиш локхуш, Iан а ца велла, юкъаваьллера иза. Хелхарехь воьду иза, цIеххьана куьйгаш оъхь а дахийтина, ша лаьттачохь аркъал вуьйжира.

Хьовсархошна моьттанера артисто иза иштта хIоттина хелхар ду. Амма Iуьллург меттах ца ваьлча, цунна нах тIегулбелча кхийтира хIора а хилларг бохам хиларх.

И видео сихонца дIасаяьржира социалан машанашкахь. Дукха нах Iадийна гинчу суьрто. Ойла ян шортта бахьанаш ду дуьйцу Соьлж-ГIаларчу яхархочо Ангаева Липас.


Ангаева: «Оцу ролике хьаьжча, дуккха а хIума дагатесира суна. Оцу стагах а чIогIа къахийтира суна. ХIинца дерг, хIинца доцуш ду-кх вай. Цхьанна стаган вас ян мегара дацара кху дуьненехь».


Ша а хелхархо хиллачу Тарамова Лидина вевзаш вара велла Хусейнов Ризван. Цуьнан валар, бакъволчу артистин санна хилла, аьлла билгалдаьккхира цо.

Тарамова: «Тхуна, кхун махкахь, массарна халонга даьлла иза. Валаран а ирс деза. Иза ирс долуш стаг хилла-кх. Цо дуккха а бераш Iамийнера дикачунна».


Хусаинов Ризванца цхьаьна болх бечу Батаева Ларисас, тоьшалла дира иза шен болх а, ша Iамош долу бераш а дезаш, хала дахар долуш стаг вара аьлла.


Батаева: «ЧIогIа безара цунна и болх а. Ша Iамош долу бераш а дезара цунна. Яханчу аьхка елира цуьнан нана. Иза цамгар кхетта Iуьллуш йолуш еххачу хенахь лелийнера цо. Лулахоша тоьшалла дора цо иза дика лелийна бохучунна».


Социалан машанашкахь хелхарчан валар тIехь йолу видео гIараяьлча, цхьаболчара комментареш йинамцхьацца хьашт доцу йозанаш деш. Цу нахе хIара къамел дира хелханчас Тарамова Лидас.


Тарамова: «Хьарам ду боху нах бу шаьш, цхьа хIума ца деш, оцу Фейсбук чу а хевшина Iаш. Даллана лиина-кх цуьнан валар иштта хилийта. Цо шена тIехь дитина дуккха а Iамийна бераш. Цуьнан валар дуьйцу нах бу-кх хьарамлонаш лелош».


Валаро дIанисдо дерриг, олу юккъараллехь. Ахьа эхарта дIахьон дерг хьан дика белхаш а, наха йоккху цIе а бен яц. Иза дицдинчарна дагадоуьйту Хьалха-Мартан тIехь культуран цIийнехь хиллачу бохамо.

XS
SM
MD
LG