"Миссионерийн гIуллакх" лелийначу мехкан муфтийн хьокъехь ГIалгIайчоьнан Лакхарчу кхело бина хилла сацам хийцаза битина Пятигорскерчу ПхоьалгIачу кассацин кхело. ГIуда тохар юхадаккхарна дуьхьал ю мехкан прокуратура, яздо Кавказ.Реалиино.
ГIуллакхан материалашца а догIуш (Кавказ.Реалиига кхаьчна уьш), Охан-беттан 22-чохь полицино векал винчо протокол хIоттийнера Хамхоевна, Сунжа гIалахь 20 минотехь бинчу хьехаман публикаци инстаграмехь зорбане хIотторна. Кхул хьалха ГIалгIайчоьнан Лакхарчу кхело дIайохийра ГIалгIайчоьнан бусулбачийн динан центр, ткъа Оьрсийчоьнан низамашца хьехамаш бан бакъо ю официалан динан юкъаралло магийначу стеган.
Хамхоев Iийса бехкевина бакъо йоцу миссионерийн гIуллакх лелорна, цунна гIуда тоьхна пхи эзар соьмана. ГIалгIайчоьнан Лакхарчу кхело и сацам юхабаьккхира, административан жоьпалле озо магийна хан тIехъяларна гIуллакх саца а деш.
Апелляцин сацамна протест йира мехкан прокуроро Васильченко Андрейс, "луьстучу хьолехь хан тIехъялар цхьа а бакъонан маьIна долуш дац" аьлла.
Прокуроро бохучуьнца цхьана декъана реза хилла кассацин кхел, амма сацамбина гIуллакх хьалхарчу инстанцехь толлучу заманчохь шираллин хенаш йохийна ца хилла, амма карарчу муьрехь хан тIехтилла – гIалгIайн муфтий жоьпе ца озийна.
"Билгалдаьккхинчу кхелан актехь богIу хийцамаш баро хIокху декъехь, гIуллакх кхин дIа листар юкъахдаьккхинчу оцу стеган хьал талхор дац", дерзийна Пятигорскерчу ПхоьалгIачу кассацин кхелехь.
- Хамхоев Iийса иттех шарахь девнехь вара ГIалгIайчоьнан куьйгалхо хиллачу Евкуров Юнус-Бекаца. Евкуровс дуккхазза а кхаймаш бинера цуьнга, муфтийн дарж дита бохуш. 2015-чу шарахь Мангал-баттахь Несарахь Наьсар-Кортарчу маьждигехь тасадалар хилира, Хамхоевс дакъалоцуш. Цул тIаьхьа Евкуровс дIахьедира буслбанийн дина Центр (муфтият) дIаяккха еза аьлла. Шен агIор муфтиято 2018-чу шарахь Евкуров юкъарваьккхинера бусалба юкъараллина динан дайшца дискриминаци лелийна аьлла.
- 2021-чу шарахь Хамхоев Iийсана кхоазза гIуда туьйхира "низамехь доцуш миссионеран гIуллакх лелорна". Кхеле озон магийна хан тIехъяьлла хиларна кхааннах цхьа гIуда дIадаккха аьтто белира.
- Набахтехь такха яккхий хенаш йиттинчу гIалгIайн протестийн лидершна тIехIуттуш, вистхуьлура Хамхоев. Уьш бехкебира 20I9-чу шарахь Зазадокху-беттан 27-чохь ГIалгIайчоьнна а, Нохчийчоьнна а юкъара дозанаш хийцарна дуьхьал хIоттийначу митингехь Iедалан векалшна дуьхьал ницкъбаккхарна а, экстремистийн юкъаралла вовшахтохарна а. Митингехь дуьхь-дуьхьал нисбеллачул тIаьхьа протестхошка кхайкхамаш бина хиллера цара провокаци юкъа а ца гIуртуш, маьрша дIасадоха аьлла. Бакъоларъяран «Мемориал» центро политикан тутмакхаш лерира гIалгIайн протестан лидерш.