ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Динехьа а, пайхамарехьа а тIом" бу аьлла Нохчийчоьнан муфтийс Украине гIортар


Нохчийчоьнан муфтий Межиев Салахь
Нохчийчоьнан муфтий Межиев Салахь

Бусулбанаш декъал бийр болуш бу Украинера тIом, цигахь кхелхинарш "шеко йоцуш шахIидаш бу", дIахьедина Нохчийчоьнан муфтийс Межиев Салахьа.

Луларчу махка гIортаран пайден тоьшаллаш далош, Межиевс бусту нохчийн эскархой, "Эфиопин армин могIарехь керстано урхалла дечу мостагIашна дуьхьал тIемаш бинчу Мухьаммад пайхамаран асхьабашца".

"Тахана цигахь тIемаш беш болу бусулбанаш – КъорIанехьа а, пайхамарехьа а бу, шайна и боьхалла коча ца яийта, иштта, шаьш а Мухьаммад пайхамаран асхьабийн некъа тIехь хиларна", - дIахьедина мехкан муфтийс.

Украине гIоьртинчу бусулбачийн "декхарх" кхетийна Межиевс, Оьрсийчохь динан маршо хиларца а, иштта "Лута пайхамаран къоман къа" (гомосексуале хилар.-Редакцин билгалдаккхар.) дихкина хиларца а. Ткъа чугIортаран маьIна, цуьнан дешнашца, "низамашкахь чIагIйина и институташ ларъяр а, Iалашъяр а" ду.

ТIеман жихIад – исламан терминологехь Делан некъа тIехь дин къовсуш тIом бар ду. КъорIанца а догIуш, кхерамна бухехь нисвеллачу хIора бусулбачо дин лардарехь къа хьега деза, цунна ца кхоош шен рицкъ а, ницкъ а. Кхерам белахь джихIадо динан мостагIашна дуьхьал тIаме гIатта декхаре во.

  • Дахначу кIиранах Нохчийчоьнан муфтийс Межиев Салахьа дIахьедира, махкарчу КъурIан Iамочу школашкахь таллам бийр бу шаьш, дезачу йозанех кхетор экстремистийн кхетамехь туьдуш дуй хьовсуш. Шайн болх кхин дIа а бархьама Iарбойн меттан хьехархой декхаре хир бу, бусулбачийн Динан урхаллан цхьа могIа барамашца богIуш хила, дIахьедира Межиевс пачхьалкхан "Грозный" телеканалан репортажехь.
  • Оьрсийчоь Iаьржачу тептаре яьккхина Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташа, делах тешачий бакъонаш йохорна. Цуьнца доьзна дуьненаюкъарчу динан маршонан Комиссино кхайкхамбина Вашингтоне жоьпалла тIехь долчу нахана, царлахь хьахийна ву Дудаев Ахьмад а, Краснодаран кIоштан кхелахо Холошин Алесандр а, дуьхьал санкцеш яха аьлла.
  • Нохчийчуьрчу муфтиято бехкейира Пачхьалкхан департамент "террорхойн организацешна гIо латторна". Царна хетарехь, "и санкцеш дуьхьалъяьхна исламна а, доллу нохчийн къомана а".
  • Чиллан-беттан 24-чохь Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира дIакхайкхийра, Донбассехь тIеман леррина операци йолорах, "регионан бахархой геноцидах кIелхьарбохуш". Цо кхайкхамбира украинхойн эскархошка герз охьадилла аьлла. Цуьнца цхьана лелхийтарш девлира Киевехь а, Харьковехь а, Одессехь а, Краматорскехь а, Бердянскехь а, кхечу гIаланашкахь а. И сурт гинчара иштта хаамбо, Оьрсийчоьнна муьтIахь болчу Донбассерчу сепаратисташкахьара даккхий герзаш деттарх а, йоллу Украинан дозанаштIера тIеман гIишлошна тIелетта хиларх а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG