ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"ДIогахь богIуш нохчий бу, арсаш хьекхар хир ду". Францерчу эксперта - Украинерчу тIамах лаьцна


Кадыровхой Соьлжа-ГIалахь

Чиллан-беттан 24-хь президентан Путин Владимиран омраца доладелла Украине тIамца чугIортар дукхачу хьолехь Оьрсийчоьнца дозанехь долчу мехкашца Москвас хьалха лелийначу политико хьехнарг ду.

ХIинцлера тIом дерриг аьлча санна Оьрсийчоьнан къаьмнех хьакхало, хIунда аьлча, царах доккхачу декъан векалш Украинерчу тIеман тийсдаларшкахь дакъа лоцуш бу. Царлахь бу нохчий а.

ТIом болабелла бутт баьлча Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана Соьлжа-ГIалара Украине новкъа бовлучу "шайн лаамера" тIемалой тIехь болу зурмаца вовшахтоьхна динамике видео гайтира. Оцу дийнахь уьш дIакхетош лаьттачу гергарчу наха дIаязйина видео гучуелира интернетехь. Цигахь хеза зуьдарийн белхарш, царах цхьахйолчо олу "ерриг Нохчийчоь хьалагIаьттича" цхьа а тIаме вуьгура вацара.

Нуьцкъаллин структурин белхалой а, уьш тIаьхьбевлла хьийза бахархой а бу нуьцкъаха тIаме хьийсош тIечIагIдо Кадыровн режимна оппозицехь лаьтта блогераша а, телеграмерчу каналаша а.

Украинера хиламаш а, царна юккъехь Кавказан роль а шена муха го дийцира редакцига The International Institute for Strategic Studies лакхара Iилманан белхахочо, Парижан политикан Iилмананий Sciences Po институтан хьехархочо Гордадзе Торнике.

- Оьрсийчоьнан президента Путин Владимиро Украине чугIорта сацам къаьсттина хIинца стенна бина?

Гордадзе Торнике
Гордадзе Торнике

- Суна хетарехь, кхузах масийтта факторна тIе тидам бахийта беза. Дуьххьарниг, цхьаъ а, ах шо хьалха Лукашенко Александро харцтарбина Белорусера харжамаш шайх олурш хиллачул тIаьхьа Путине дуьненаюкъарчу хьолах лаьцна кхетам беана. Дукха нах цунна дуьхьала бевлча Путине орца деха вахара иза. Иштта кхечира цунна Беларусь. "Оьрсийн дуьненан" хьалхара дакъа дара иза, оьрсийн президент кхин дIа ваха хьалхатеттира цо. Киеве кхача 80-90 километр бен йоцу латтанаш кхечира цуьнга. ТIеман агIонера ойла йан волавелча Белорусь – чIогIа дика совгIат ду Москвана.

ШолгIа делахь, Путин тешна вара Малхбузе гIорадайна хиларх. Афганистанерчу хиламаша а гайтира вайна Америка эшна хилар а, кхин дIа оцу махкахь севцина Iан церан аьтто ца хилар а.

Афганистанера кечам боцуш американан эскарш арадахарехь Путинна гина Американ Цхьанатоьхначу Штаташа дерриг дуьненан политикан коьртехь хиларан позициш дIаялар. Цул сов, массо хенахь лелаш ойла яра, демократаш – шаьш гIийла нах бу, арахьарчу политикехь дукха кIеда бу, бохуш. Вуьшта аьлча, Путино башха лекха мах ца хадабо Байденна.

КхозлагIа делахь, гучудаьлла Путино сацамаш ша-цхьамма тIелоцуш хилар, жимачу гонаца бен дага ца волуш. Ткъа оцо баккъала долчу хьолах дIахаьдда вуьту иза, хIунда аьлча, цуьнан гонахьа цхьа а вац, цунна хетачунна бIостнехьа ойла йолуш, вуьшта аьлча, шен тIелецамийн туннель чохь ву иза.

Путинна оьшу истори юкъа вахар

Украина Путинна гергахь цуьнан ерриг политикан карьерехь коьрта Iалашо хила тарло. Иза ша цхьаъ волу куьйгалхо ву, хIинцле а къена ву, мультимиллиардан хьал хила мега цуьнан. Хетадала мега, кхин хIун оьшу цунна? Оьшу истори юкъа вахар. Оцу контекстехь Украина схьаяккхар, иза хIаллак йар "оьрсийн дуьненах" цуьнан кхетарца догIуш ду. Оцу хенахь иза шегара Украина схьайоккхучу Малхбузенан амбицешна тIе тохар а ду. Цундела вайна тахана гушдерг – цуьнан амбицин планаш кхочушъяр ду. Иза къона вац, цуьнан цанхьа сихвала ца оьшу кхиа гIерташ.

- Москвахь хаьарий Малхбузено оцу тайпа реакци йийр хилар?

- Халахетахь а, Малхбузено окху тIе кхачале шортта гIалаташ даьхна Гуьржийчохь 14 шарахь боьду тIамехь, ГIирмана аннекси йинчу 8 шарахь а. Вайна гора Малбузенан массочу ханна Оьрсийчоьнца барт бан гIертар, дуккхаъчу принципиале йолчу позицишкахь юхаюьйлура иза. Малхбузенан Путинца йолу юкъаметтиг мехкан куьйгалхочуьнга санна яра, Iедале ма-варра иза хилла волу маргинале политикаца санна яцара. Малхбузенан политикаша мантра санна юх-юха дуьйцура: "Путинца къамел дан деза". Амма Оьрсийчохь и дерриг церан гIийла хиларан билгалонаш санна тIеоьцура.

Путинца къамел цо ша ма-дарра дан деза

ХIаъ, шеко йоцуш дан деза Путинца къамел, амма и къамел дан деза иза цо ша ма-дарра. Цунна карадирзина къамелаш а деш тIемаш дан, мехкаш схьадаха а. Москвана кхетта, шайн луург дан йиш юйла, ткъа тIаьхьо кхерамашца берташ деш. ГIоьртина хилар лагIдарна тIе гIуш дара дерриг. Малхбузе реза хуьлура юьхьанца дуьйна гечдан йиш йоцучу хIуманашна. Цунна тоьлура ша цхьацца гIуллакхаш а деш, тIаккха Москваца диалог йан. Ткъа нислуш дерг дара Малхбузено массочу ханна Оьрсийчоьне зуламаш ма де бохуш дехарш дар а, корта беттар а, ткъа ша цхьанне агIор кхерамаш а ца туьйсуш, шен гIорасиз хилар гойтура. Шеко йоцуш, Кремлехь кхетта, Малхбузенна ца хаьа адеквате жоп дала. Иштта, ЕС-н пачхьалкхийн, Американ а юккъахь цхьаалла ца хиларо гIо дора Путинца къамел дан луурш карон.

ХIинца Малхбузехь кхетта Москвано цIен сиз хадийна хилар. Хьалха хилла тIемаш цанхьа генахь, Нохчийчохь, Гуьржийчохь, билггал стенгахь ю ца хуучу ГIирмехь, цанхьана Донбассехь хиллехь, амма хIинца тIом Европе схьабеана. Москвано кхерамазаллина тIехь кхерам латтабо бохуш дIахьедарш дора Европерчу пачхьалкхаша – Польшо, Словакино, Румынино, Прибалтикан республикаша а. ХIинца Европерчу бахархошна а хиина тIом шайх хьакхалуш буйла.

Еврепехь уггара йоккхачу йозуш йоцчу пачхьалана, кхин тIе а бехачу нехан терахьца ворхIалгIа йолу, цунна тIелатар ду деш. Оцу тайпа Европерчу пачхьалкхехь Iедал дожоран Iалашонца мохк дIалацар хилла дацара ШолгIачу дуьненан тIеман хенашкахь дуьйна. Оьрсийчоьно Украинехь баьккхина тIом Европерчу пачхьалкхашна – Польше чугIортарх тера догIуш ду, 1939-чу шарахь иза Германин а, СССР-н а Iаткъам баран сферашка екъа а йоькъучу хенахь. Цундела хIинцалера тIом Европана шатайпа Iадор хилла .

ХIинца Москванна гина ша лелочунна реза ца хиларал сов, кхерамаш а туьйсуш, юханехьа ялар тIе дожош йолу вовше тIетайна Малхбузе

ХIинца вайна ца го, малхбузера цхьан хьалханчо баккъала а Путинца къамел дар дIакхехьа деза бохуш дIахьедарш дар. ХIинца Москванна гина ша лелочунна реза ца хиларал сов, кхерамаш а туьйсуш, юханехьа ялар тIе дожош йолу вовше тIетайна Малхбузе. Кхечу дешнашца, оьрсийн политикийн малхбузенан коалицин пачхьалкхашна юккъехь барт хир бац боху сатийсамаш бакъ ца хилла. Дагадаийта догIу, Оьрсийчоьнан массо а хенахь хилла агIончас Сербино а ООН-хь кхаж тессна Оьрсийчоь Украине чугIортарна бехк боккху резолюци къобалъеш. Шеко йоцуш, Москвана хаьара шена дуьхьала цхьахйолу санкцеш йохург хилар, амма цхьанна ца моьттура оцу тайпа чгIогIа тохар хир дуйла.

Экономикана дина зенан цхьа дакъа Китайно метта хIотторг хилар тидаме эцча, иза тоъал хир дац, хIунда аьлча Европо Китайн тахана оьшучул дукха мехкандаьтта а, газ оьцура. Китайно уьш кхин а дукха оьцург хилар тидаме эцча, ишттачу хьелашкахь Оьрсийчоьнан шен низамаш дийца аьтто хир бац, Пекино хIиттийначу низамашца ловза дезар ду цуьнан. Иштта делахь а, Китайна кхета, Американ а, малхбузенан пачхьалкхийн а санкцийн шолгIачу декъанна ша кIел нисъяла кхерам хилар, оцо аьтто ца бо цунна Оьрсийчоьнца жигара юкъаметтигаш лелон.

- Украинерчу тIамна гонахьара хиламаш кавказан регионех муха хьакхабала мега?

- Кавказан регионех лаьцнарг дийца гуттара а хала ду церан урхаллашкахь хьал хийцамаш боцуш ца латтарна. Гуьржийчоь схьаоьцура вай, церан урхалло Оьрсийчоьнна дуьхьала яьхна санкциш къобала ца йина. Цул сов Гуьрчийчоьнан урхалло "агрессор" боху дош а ца леладо Оьрсийчоь билгалйоккхуш, Украинехь боьдург тIом хилар къобалдахь а. Оцу хена чохь Гуьрчийчоьнан бахархоша цхьаэшшар хаийтина шайн Украинехьа хилар, дукха эзарнаш нах гулбеллачу митингаша гайтина иза.

Гуьржийчоьнца дерг дуьйцуш дагахь латтон деза, махкара уггара воккхачу бизнесхочун Иванишвили Бидзинан позици иза Гуьржийчоьнан официалан позици хилар. Иза Оьрсийчоьнах кхоьруш ву, цуьнгхьа шен муьтIахь хилар гойту цо. Гуьржийчуьра олигархана эшна хила ца леа, иза кхеташ ву, Оьрсийчоь эшахь ша а оьшур вуйла. Оцу бахьанца цо чоьтера дIа ца йоккху шен куьйгаллехь Зарабишвили Саломе волу президентстван институт, цунна шена а лууш хир дац ша оьрсашкхьа йолчу режиман векал ю бахийта. Иштта оцу тийсадаларийн хьал кIелхьарадоккху цо, Иванишвили оцунна реза а ву, хIунда аьлча, Оьрсийчоь эшна хьал нислохь, цо дIахьедийра ду, Гуьржийчоьнан урхаллийца дуьстича, президент Малхбузенан интересашца гIуллакх деш яра, аьлла. Дицдан ца оьшу, Гуьржийчоьнан конституцица а догIуш, правительстван а, премьер-министран а президентехьчул а дукха таронаш ю. Ишттачу приоритетан дIахIитторашкахь гайтаме ду, Иванишвили Малбузенал а Оьрсийчоьнах кхоьруш хилар.

– Стенна лелайо Оьрсийчоьно Украинехь нохчийн фактор?

- Соьга хаьттича, цигахь 2008-чу шарахь Гуьржийчохь коьрта роль ловзийна хилла бахьанаш ду. Хьалхарниг –нохчочун-эскархочун кхиош лелон буьрса имидж ю, Оьрсийчоьнан карахь болу цхьа кхераме гIирс санна гойтуш бу уьш. Психологин меттиг а бу: дIогахь богIуш нохчий бу, арсаш хьекхар хир ду. Иза эскалацин дакъа санна ду, психологин Iаткъам санна.

ШолгIаниг – нохчий иштта буьрса гойтучу юкъанна оьрсийн эскархойн имидж гIеххьа позитиве гуш хуьлу.

Москвано гойту, Оьрсийчоь керстийн пачхьалкх хилла ца Iа

КхозлагIа, Путин Владимир бусулбачу мехкашкахьа ловзу нохчех пайда а оьцуш. Вайна гуш ду Кадыров Рамзанан карта оьрсийн политикехь Юххерчу Малхбалехь лелош хилар. Москвано гойту, Оьрсийчоь керстийн пачхьалкх хилла ца Iа, бусулбачу наха дакъа лацаро исламан дуьненца цхьана тIегIане юьллу иза. Дицдан ца оьшу, малбузера ламасташ Оьрсийчохь наггахь исламан радикалан элементашкахь санна тIелоцу. Вуьшта аьлча, вайна гуш ду, Москва шатайпа Малхбузенна дуьхьала йолчу пачхьалкхех лаьтта альянс кхолла гIерта, оцу юккъехь ша жигара декъашхо го цунна.

Кадыровн цIе цхьахболчу радикалан мигранташа а къобалъеш ю, Парижна уллохь беха кегийрхоша а. Иза цигахь Путин санна вевза. Цигахь и шиъ воцург, кхечу оьрсий политикийн цIерш евзаш дукха нах хир бу аьлла ца хета суна.

Дицдан ца оьшу, оцу конфликтехь Украинехьа дакъа лоцуш кхин Нохчийчоь хилар а. Эммиграцехь йолу Нохчийчоь а ю, 2000-чу шерашкахь оьрсийн эскарша лелийнарг а, Кадыровн режим бахьанехь а республика дIатасса дезна 200-300 эзар нохчо а волуш. Дика хир дара Украинерчу Iедалша и ресурс йиц а ца еш, цунах ма-хуьллу пайда эца гIоьртича, хIунда аьлча, и нах Украинана гIо дан кийча бу. Массара Путинан режим, цуьнан политика, оьрсийн байракхашна кIелахь тахана Украинехь тIом бийраш а къобал бо боху туьйра баккъала харцдийра дара цо, иштта Оьрсийчуьра а, тахана "махкахой" санна гойтуш болу Украинера а славянхойн Кадыровгхьа йолу ойла а хуьйцур яра.

– ТIейогIучу ханна Оьрсийчоьно Украинехь хIун лелорна кийча хила веза?

- Оьрсийчуьра режиман чакхенан хьалхе ю хIара, тIаьххьарчу шерашкахь шайн чоьхьарчу гIуллакхашна а, харжамашна а пропагандица жигара юкъагIертар гуш хилла йолчу малхбузенанехьа дерза мега и гIуллакх. Массо хенахь Малхбузенан пачхьалкхашкара хьал карчон гIерташ хьийзаш хиллачу, таханлера санкциша аьтто бийр бу тIаьххьарчу шерашкахь Оьрсийчоьнна тайна хилла йолу и къепе йохон.

***

Украинан кхерамазаллин сервисехь дIахьедира, оьрсийн эскарш Украине чугIортарехь дакъа лоцуш хилла Нохчийчуьра тIемалой, шайх бIеннашкахь нах байъича, Зазадоккху-беттан 13-хь Соьлжа-ГIала юхабаьхкира. Цунах лаьцна дийцина Украинан кхерамазаллин сервисо. Оцу хеначохь Кадыровс саццанза арахоьцу республикера эскархой тIаьхь болуш видеош, украинхойн тIеман нийцкъашна а, мехкан йозуш ца хилар ларъечу нохчийн шайн лаамехь болчу эскархошна кхерамаш туьйсу, иштта конфликт марса яккха бохуш дIахьедарш до. Украина ларъечу эскархошна а, шайн лаамехь болчу тIемалошна а Кадыров а, кадыровцаш Оьрсийчоьнан агрессин дакъа хета.

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG