ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Диплом – нускалан тIорказ. Дешар хьанна дика ду Кавказехь?


Оьрсийчохь 2010 шарахь бахархой багарбеш къастаеллачу информацица, Къилбаседа Кавказехь 2,5-зза дукха бу дешна боцу зударий школа чекхъяккхаза бисинчу божарел. Ткъа ерриг а Оьрсийчохь юккъерчу барамера и терахь дац 1,8 бен. Кавказ.Реалиино къамел дира эксперташца, зийра, диплом мел деза ду йоI маре йоьдуш, цо мел тIеIаткъам бо Къилбаседа Кавказерчу къаьмнийн мехаллашна.

Дешар а, аьттонаш а

Нохчийн Республикехь дешанза волчу цхьана стагна кхочу дешанза йисина 3,5 зуда. Къилбаседа Кавказехь уггаре ледара гайтам бу иза. Оцу антирейтингехь шолгIаниг ю ГIалгIайчоь – цхьана стагна дуьхьал 2,8 дешна йоцу зуда.

Юхьанцарчу школин 4 класс а яккханза бисинчу зударийн лидер ю ГIалгIайчоь -4,4%

КIеззиг гIолехьа ду хьал Дагестанехь, цигара дустаран терахь – 1: 2.7. Дешначу божарийн а, зударийн а терахь цхьабосса ду, масала, Кавказна герга болчу Волгоград-махкахь.

Юхьанцарчу школин 4 класс а яккханза бисина зударий лерича, лидер ю ГIалгIайчоь -4,4%, цул хьалхо ю Нохчийчоь - 3,8%. Ткъа божаршлахь иштанаш уггаре дукха болу мохк а бу ГIалгIайчоь (2,3%). Кавказхошлахь бIаьрла ду и сурт Къилбаседа ХIирийчохь: цадешнарш божаршлахь - 0,3%, зударшлахь - 0,5%.

Оьрсийчоьнан Iилманийн академин Дагестанерчу центран социалан-экономикан Институтан белхахочо Хаджалова Хадижата дийцира Кавказ.Реалиига, и терахьаш ца дозу мехкаршний, кегийнаханий юкъахь деша болчу аьттонашца башхалла хиларца, аьлла.

"Оцу проблемех алалур дац иза Къилбаседа Кавказан регионийн шатайпаналлица йозу. Изза хьал ду Оьрсийчоьнан центрана юьстахарчу меттигашахь а", – боху Хаджаловас.

Борша-стен хилар деша дуьхьало ечу башхаллех яц я федералан а, я регионалан а тIегIанашкахь, билгалдоккху цо.

"Къилбаседа Кавказан регионаша цхьацца программашкахула, проекташкахула деша некъаш боьллу, иштта аьтто бо дешначунна корматалла лакхаяккха а", – чIагIдо эксперта.

Цунна гучунна тIетов Экономикан лакхарчу школин дешаран институтан директор Абанкина Ирина а. Юьртбахамаш шуьйра баьржинчу регионашкахь дешна боцу зударий алсам хуьлу, зударий божарел дукха бу аренашкахь а, хьелашца а къахьоьгуш, цундела царна, шайн I4 шо дуьзча, шаьш деша а ца оьшу, олий хета, боху Абанкинас.

Кегийнаха лакхара дешар хоржу эскарийн могIаршка цабахархьама

Цу тIе, кхечу регионашкарчу лерамаша гойту нийсса кхечу агIор – школа чекхъяккхинчул тIаьхьа институташка зударий божарел дукха бахана. Масала, Къилбаседа ХIирийчохь лакхара а, цул тIаьхьа догIучу а дешарх чекхбевлла 43% зударий, ткъа иштанаш божаршлахь бац 31% бен. Кхарачой-Чергазийчохь – зударий 25%, божарий 24,5%. ГIебарта-Балкхаройчохь институтийн, университтийн дипломаш ду 22% божаршкахь а, 26% здаршкахь а.

Хаджаловас бахьанаш экономикаца дузу. Цунна хетарехь, кегийнаха лакхара дешар Iилманехь талламаш бархьама ца хоржу, хоржу эскарийн могIаршка цабахархьама, мехкарша хоржу шайна цIерачара деша таро нисйина хиларна.

Абанкинас бахарехь, диплом оьшу белхан меттигаш ларало "зударийн": дешаран, синбахамаллин, могашалла Iалашъяран сфераш.

Къоман ламасташний, дешарний юкъахь бен къастам

Абанкинас бахарехь, шира ламасташ лардечу къилбаседа-кавказхойн доьзалшкахь ца хуьлу зудаберашка дешийта лаам.

Экономикан лакхарчу школин дешаран институто теллина социалан машанашкахь наха хесточу дайн а, нанойн а лехамаш. ЖамI: дай-наноша дозалла до шайн дешарна тIегIертачу воIарех. Ткъа мехкарех ца до дозалла, мел иза дан догIуш хилча а, хьеха а ца бо шайн дешна болу йоIарий. Царна коьрта ду кIенташка дешийтар а, мехкарий хаза кхиар а.

Дешна мехкарий болу доьзал – чохь рицкъан токхе йолу доьзал бу

"Гарехь, шира мехаллаш, кепаш еза ю хIинца а: воIаршна деша, белхашкахь кхиа аьтто уггаре хьалха бар, мехкаршна куц-кеп далар, доьзал, бераш лелон Iамор", – аьлла хета Абанкинана.

Амма хийцалуш а ду и хьесапаш. Хаджалована хетарехь, социологин талламаша гойту доьзалша берашка дешийтар хьалхарчу метте дуьллуш хилар.

"Дешна мехкарий болу доьзал – чохь рицкъан токхе йолу доьзал бу", – боху Хаджаловас.

2016 шеран Стигалкъекъа-баттахь Гайдаран цIарх йолчу экономикан политикан институто а, Оьрсийчоьнан халкъан бахаман а, пачхьалкх кхиоран академино а хеттарш дира Дагестанерчу бахархошка дешаран хьокъехь. Коьрта хаттар иштта дара: университете шайн дика доьшуш йолу йоI хьажор яра аш я дешарна тIера а воцу кIант вохуьйтур вара аш, шайн берех цхьаъ бен деша дахийта таро ца хилча? "Деша йоI яхийта" вариант хаьржира 59% респонденташа, "деша кIант вахийта" хаьржинарш бара 20%.

ШолгIа хаттар дара дика доьшучу мехкарий, церан кхане хьахош. Доьшу меттиг йоIе шега харжийта реза бара 40% нах, 28% респондеташа бохура шаьш Москва медицинан институте хьийсор бара шайн йоIарий.

Дешна хилар а, нехан тидам тIебоьдуш хилар а товш лорура цхьана хенахь нускалш хила дезачу шайн мехкаршкахь дукхахболчу дай-наношна, аьлла го Абанкинана.

"Диплом – нускалан тIорказ ду, маре йоьдучу йоьIан хила деза иза хIинца. Аьлча а, "алсам мах" хир бу дешначу йоIарийн, – боху эксперто.

Цо бохучунна тIетайра Оьрсийчохь Бёлль Генрихан фондан программийн координатор йолу Костерина Ирина, Къилбаседа Кавказан эксперт. Дешар массо а тIегIанашкахь мехалдаьлла цунна хетарехь.

"Дешна боцу, хааршна юьстахбисина, шайн бакъонаш евзаш боцу, шаьш-шайн Iалашбан гуьнахь доцу мехкарий бало лаам болу кегийнах кIезиг бу. Кхууш бу мехалахь дешна зударий, царех дика цIийннаной хир бу, бераш Iамо уьш говза хила мега, къамел дан, бистхила хууш бу, аьлла го уш кегийнхана," – боху Костеринас.

Цо дийцарехь, дай-нанойн а, мехкарийн шайн а лакхара бу хьажам дешаре.

"Дукхахболчу зударша олу, мухха а дешна а, шаьш лакхара дешар чекхдоккхур ду. ХIунда аьлча, иза, царна маре баха дагадагIахь а бу аьттонан некъ, ахча даккха некъ. ХIинца цхьаммо а ца ларво кIайчу динахь кхочур волу эла, маре яхча, ша кхобунъерг. ХIан-хIа, хIинца мехкарийн шайх бен бIо ца булу – иза заманан битам бу", - аьлла го хьал Костеринана.

2019 шерахь Росстато зорбане яьккхинчу статистико гойтура 2011 шарахь дуьйна 34 шераш кхаьчначарна юкъахь кхоллалуш болчу доьзалийн терахь охьадаьлла хилар. Совдаьлла 35 шо кхаьчначул тIаьхьа бен маре ца боьлхучу зударийн терахь.

Оцо гойту, Хаджаловас бахарехь, мехкарша дешар маре бахарал хьалха доккхуш хилар.

Костеринас бахарехь, Къилбаседа Кавказехь 24–26 шерашкахь болчу хенахь кхуллу доьзалш дукхахчара, амма дешна бевлча бен маре ца боьлхурш а бевлла сов.

"Иза кхетам лакхабалар а ду, мехкарий хIинца Iалашлуш хилар а ду, "юхьанца – дешар, тIаккха - маре" боху кеп яьржина", – аьлла го хьал экспертана.

Костеринас чIагIдарехь, хIинца дIадаьлла "маре яха тIаьхьа ду" бохург:

"Иза хьалха дара маре тIаьхьа йоьдучух "къен йоI" алар. ХIинца маре 50 шо кхаьчча яха а мега. Оцу стеган репутаци елахь, динца иза вогIуш велахь, цхьа хаттар а ца хIутту зударшлахь".

Кисанийн башхаллаш

Абалкинас дийцарехь, къаьмнийн республикашкахь боккха тидам тIебохуьйту ненан меттанашна, гIиллакхашна, къаьмнийн ламасташна берийн бошмашара дуьйна дIа.

"Вуно хаза программаш ю вайн Якутехь, Къилбаседа ХIирийчохь. Амма ламастийн могIаршкахь, зударийн, божарийн духаршкахь, леларшкахь, декхарлашлахь яккхий башхаллаш а ю. Берийн бошмашкара дуьйна Iема иза кхето", – боху Абанкинас.

Оцу маьIнехь аьлча, оьрсийн маттахь долу лакхара дешар демократи шоръеш, божарийн, зударийн башхаллаш яцъеш, шина а агIонан таронаш цхьана хьесапе ялош ду.

2021 шарахь Дуьненаюкъарчу экономикан форуман эксперташа зударийн а, божарийн а аьттонаш бустуш дIабаьхьначу талламехь 81-чу метте хIоттийна Оьрсийчоь, Танзанина а, Казахстанна а улле. Оцу талламехь гойтуш яра божарийнний, зударийнний алапийн башхаллаш.

Зуда балха оьцуш, леррина тергам беш хуьлу куьйгалхой. Кхоьру балха хIутту зуда дукха хан ялале декрете яхарна

Къилбаседа Кавказехь зударийнний, божарийнний алапаш къаьсташ хилар иштта туьду Хаджаловас:

"Хууш ду, Къилбаседа Кавказехь бераш алссам до, Оьрсийчоьнан юкъарчу хьолаца дуьстича. Оцо гойту зударша бераш дарна, кхиорна дуккха а хан дIалуш хилар – цундела кIезиг ю деша а, корматалашкахь кхиан а юьсу хан. Алапашца йолу башхалла а ю оцу бахьаница йоьзна. Зуда балха оьцуш, леррина тергам беш хуьлу белхан меттигаш шайн карахь йолу куьйгалхой. Кхоьру балх хIутту зуда дукха хан ялале декрете яхарна".

Оьрсичоьнан массо а регионашкахь ду зударийн, божарийн алапаш къасталуш вовшашца. Ширачу ламасташца дузу белхийн дайша божаршна-белхахошна алапаш лакхаро къастор – церан бIаьргаш чохь доьзал кхаба дезарг ву уггаре хьалха борша стаг. Амма дешна хиларо хьалхабоккху балха хIуттучу зудчуьн аьттонаш, чIагIдо Кастеринас.

"Дешна хиларо зуда чIаIйо дахарехь. Къилбаседа Кавказехь, масала, ГIебарта-Балкхаройчохь дукхахболу зударий алссам бу эмансипацехь. Дукхахболучара вуно дика дIахьо бизнес. Аьлча а, жима а, юккъерчу барамера а бизнес доккхачу декъанна зударшкахь ю Къилбаседа Кавказехь", – билгалдаьккхира эксперто.

"Мухха а дийцича а, республикаш къен ю, къаьсттина Нохчийчоь, ГIалгIайчоь. Цундела зударшкахьа ду дешар шайна коьрта гар – доьзалш кхаба, ахча даккха аьтто ло цо. Зуда маре йоьдуш, цуьнга цо мел алапа оьцу хоьттуш ца хилахь а", – тIетуьйхира Котеринас

"Зударий, къинхьегам, экономика. Бакъонаш цхьаъ хиларан макроэкономикан пайданаш" цIе а йолуш, Дуьненаюкъарчу валютан фондо 2013 шарахь араяьллачу артиклца а догIуш, зударий а, божарий бакъонаш цхьана могIара хIитточу компанийн экономикехь кхиар лакхара хуьлу. Зударий алссам болчу фирманийн могIарахь къаьсттина лакхара кхиамаш гойтучех ю куьйгаллехь зударий берш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG