ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Коррупци лелорна кхеле валийна шекар доккхучу заводан экс-директор


Iедална ял дIа ца елла аьлла бехктакхаме гIуллакх даьккхина Нохчийчуьрчу шекар доккхучу заводан (ГУП) директор лаьттинчунна дуьхьал. Оьрсийчоьнан Талламан комитето Iорабаьккхина и хаам.

Талламчаша чIагIдарехь, 2013-2016-чу а шерашкахь бехкевечо, ша дийриг а хууш, белхалоша Iедална дIалучу йолах дакъа шена дуьтуш хилла.

Белхалойн алапех директора сецийначу ахчанан барам 5,7 миллион соьмел совболуш бу.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG