ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дийна декъий. Федералхойн ницкъбар Нохчийчуьра муха йухадоьрзура, Украинехь тIемаш бечарна хIун дан тарло


Нохчийчохь бу салтий. 2003-чу шеран марсхьокху-бутт. Светин Александран сурт
Нохчийчохь бу салтий. 2003-чу шеран марсхьокху-бутт. Светин Александран сурт

Нохчийчохь хиллачу тIемашкара йухабирзинчу салташа кеп-кепара къиза зуламаш дора – къийза йеттарна тIера буьлабелла, нах бойучу тIе а бовлуш. ТIемашкахь дакъалаьцначу тIемалойн психика хийцайаларх бухера дуьйна талламаш беш бац Оьрсийчохь, йац Оьрсийчоьнан тIегIанехь тIеэцна кхачам боллу реабилитацин программаш а. Муха нислора Нохчийчохь тIемашкахь хиллачийн дахар? ХIун ду хууш, церан психикех кIезиг бинчу талламашкахь? ТIамтIе хьийсийначу нехан хIора де муха хийцалора, хIун хир ду йукъараллех, Украинехь тIом бийраш йухабирзинчул тIаьхьа – оцу дерригенах а дуьйцу Кавказ.Реалии сайтан материалехь.

I дакъа. Шок, стресс, хехойн рефлекс

Нохчийчохь хьалхара тIом болабелира 1994-чу шеран гIуран-баттахь, бирзира 1996-чу шеран марсхьокху-баттахь, тIемаш совцош Хасав-Йуьртахь бертан дийцарш дина. Кхо шой ахшой даьллачул тIаьхь бина хилла машаран барт бохийра – 1999-чу шеран гIуран баттахь федералан эскарш йуха а Нохчийчу дахара. ТIеман жигараллин мур берзарх дIакхайкхийра 2000-чу шеран бIаьста, делахь а контртерроран операцин раж кхин а исс шо даьлча бен йуха ца йаьккхира- 2009-чу шеран охан-баттахь. ТIаккха а чекх ца девлира цигахь герзашца вовшахтийсадаларш.


Нохчийчохь федералхойн агIор тIемаш беш арми хилла ца Iаш, милцой а бара. Шина а тIамехь Вовшахтоьхначу федералан ницкъийн маса тоба йара билггал хууш дац. ТIеман министраллин чоьтаца, уггар а дукха 70,5 эзар стаг вара хьалхарчу тIамехь, шолгIа тIом болуш 80 эзар сов. 2009-чу шарахь ветеранаш бу аьлла лерира 600 эзар стаг делахь а хууш дац, муха багарбина бу уьш, и терахь а тIаьххьара ду олийла дуй – цхьаболу эскархой тахана а бу и статус йаккха хьийзаш.

Билггал хууш дац эшамаш мел бу а (шина а тIамехь 11 эзар стаг велла элира 2021-чу шарахь Пачхьалкхан Думо, лазийнарш 35 эзар сов, цхьаболчу бакъоларйархоша и терахьаш "беламе" лору). Лазийначу эскархойх дозуш доцу зераш а дац иштта. Хьалхара тIом бирзинчул тIаьхьа тIеман министралло дIахьедира лазийна, айпе вина, вагийна 16 эзар стаг ву аьлла, кхин а 35 эзар сов – цомгаш хиллера. 80% (41 эзар хиллал)оцу эскархойх йуха а тIом бан хIиттира.

Шуьйта, Нохчийчоь. 1996-гIа шо. Неменов Александран сурт
Шуьйта, Нохчийчоь. 1996-гIа шо. Неменов Александран сурт

Психикаца хийцам хилла тIамера цIа баьхкинчийн Оьрсийчохь терго йеш йацара. Йиллинчу хьасташкахь бакъоларйархоша шайн ницкъ болчу кепара бина а, регионалан центрийн базашкахь лоьраша бина а цхьа кIезиг талламаш бу.

Масала, 2009-чу шарахь Нижегородскан кIоштан тIемалойн неврологин лазартнехь чекхваьккхира 420 стаг – 203 Нохчийчохь тIамаш бина хиллера. 93 процентан психикаца проблемаш хилар гучуделира: неврозаш, коьртана галвалар, къаьркъанах йа наркотикех вазар. Оцу нахах кхо дакъа сов адамо и лазар кхин гIоле ца хуьлуш токхуш ду, хIора пхоьалгIачун лазар – ирачу муьрехь ду. Посттравматикан синдроман (ПТСР) билгалонаш кхаьстина хIоранца а. 2003-чу шарахь Сербскийн цIарахчу центрехь дозанхойн психиатрин декъан директоро Александровский Юрийс дIахьедира, мел кIезиг а 70 процент Нохчийчуьрчу тIеман декъашхойн ПТСР йу аьлла. Делахь а, боллу говзанчаш реза бац оцу терминна.

"Посттравматикан синдромца цIа ца богIу нах, уьш цIа оьху стрессашкахь, дукха хьолахь, шокехь а. Масала, 18 шо долу салти кхочу нах охьучу меттиге, аьттехьа а цунна кийча вацара иза. Посттравматикан стресс – дарба ца лелош Iийна, цхьа 10-12 шераш даьлча йухадеана лазар ду. И чолхе ду, хIунда аьлча, йукъараллина бицбелла и тIом а, и ветеранаш а, ткъа цара тоьпаш кара а оьций, герз детта, девнаш доху", - кхетадо Меркун Кирас.

Оьрсийчоьнан премьер-министр Путин Владимир ву Нохчийчохь лазийначу салтица Москвана уллорчу лазартнехь. 1999-гIа шо, гIуран-беттан 28-гIа
Оьрсийчоьнан премьер-министр Путин Владимир ву Нохчийчохь лазийначу салтица Москвана уллорчу лазартнехь. 1999-гIа шо, гIуран-беттан 28-гIа

Цо бахарехь, дукха хан йоццуш тIамтIера цIа баьхкинчийн оцу тайпа симптомаш – меттахйаьлла психика йу, экамалла хаайалар лахдалар, жигарайаьлла "хадархойн рефлекс" (иштта олу арахьара хьо каразхвохучу хIуманийн реакци йарх. – Редакцин билгалдаккхар).

"Сема наб йо адамаша – наб йов, къаьркъа а муьйлуш и йайа хьийза. Цхьа а кхеташ ца хуьлу шайна хуьлуш долчух. Дахарх дIахеда уьш, къамел дан стаг а ца караво царна, нехан кочаэха лууш хуьлу, цхьана хIуманах уьш тешон а гIерташ. Кхин цхьа хIума а ду – дегабаам: "Шу дерриг а иштта дика Iаш хилча, суна хIун динчунна дала тоьхна? Со хIунда веза вала?", - бохура Меркуна.

II дакъа. Нохчийчуьра тIеман ветеранаш "цIахь" ден зуламаш

"Демос" центрехь кIорггера таллам бира Нохчийчохь хиллачу тIемаша ветеранийн дахарна бинчу Iаткъаман: 2007-чу шарахь Нохчийчу белхан гIуллакхна бахийтинчу милцойн зеделларг зийра цигахь. Ветеранашца, церан хIусамнаношца, хьаькамашца, психологашца йинчу бIе гергга интервьюхь бакъоларйархоша хьесап дира, ницкъахой шаьш буьйлабала тарло зуламаш дан, нагахь санна, церан проблемийн Iедало а, йукъаралло а терго ца йахь.

"Демос" центран респонденташа шайн цIераш къайла а йаьхьна, дийцира, масала, маьршачу дахаре йухадаьхкича а, герзах катоха ойла шайн хиларх. ("Цхьана хIусамчу ваха хьо ламеш тIехула хьалаволуш – тапча йоккху ахь…Тоххара марзделларг ду, хийца ца ло") йа "зачитскаш йо Нохчийчуьра цIа бирзинчул тIаьхьа (ХIа, схьакхечи тхо цу санаторий. Къаьркъа мели, лулара эвла цIанйан даха. Халла дIадерзийра и бехктакхаман гIуллакх").

Психологана Меркун Кирина хетарехь, тIамера йухабирзинарш билггал хуьлу зуламаш дан лаам болуш, оцу кепара зеделларг доцчу нахаца дуьстича.

"И стаг тIамехь хилла зама алсамйаккха шозза – оццул хан оьшу оптимистикан сценарийца оцу стагана реабилитаци йан. ТIамехь хIуманна реакци йар а, агресси а чIогIа оьшуш йу, цундела хуьлу уьш карзахе", - аьлла хета психологана.

Нохчийчоь. 2003-чу шеран марсхьокху-бутт. Светин Александран сурт
Нохчийчоь. 2003-чу шеран марсхьокху-бутт. Светин Александран сурт

ЦIа бирзинчул тIаьхьа Нохчийчоьнан ветеранаша дечу даккхийчу зуламех лаьцна йаздора хаамашкахь 2000-чу шерашкахь. Масала, 2001-чу шарахь Москвахь велла дIаваллалц чохь йаккха хан тухуш, бертаза психиатран дарба леладойтуш таIзар кхайкхийра Нохчийчохь хьалхара тIом болуш дакъалаьцначу Болотин Дмитрийна. Официалан версица, 1998-чу шарахь цо йиттинера арахь буьсанаш йохучу шина стагана. Кхуьнца цхьаьна хиллачу Нагибов Евгенийс цул тIаьхьа логах урс хьаькхнера. КIира даьлча Болотинан а, цуьнан доттагIчун а дов даьллера тховкIело йоцуш, арахь буьйсанаш йохучу кхаа стагаца а, шина зудчуьнца а. Болотина байинера уьш дечиган тумба а йетташ, уьрсаца а, жIовца а, йаздира "Коммерсанто". Бехк шен хилар тIе ца лецира цо, бехккъасторхоша цкъа бехказа ваьккхира и шиъ, таIзар йухаийцира, тIаккха гIуллакх йуха талла долийра. Нагибовн хьокъехь сацам бан ца кхиира – СИЗОхь кхелхира иза.

Оццу шарахь Екатеринбургехь цхьа шой, ахшой туьйхира арахь даккха машен лачкъийначу, Нохчийчохь тIом бинчу Дылдин Алексейна. ТIаьхьо меттигерчу прокуратуро дIахьедарца, инциденте валийнера "къаьркъа а муьйлуш, балха хIотта а ца лууш, шена ма-хетта лелаш хиларо". Диъ шо даьлча 70 шо долчу зудчунна уьрс хьаькхира Дылдина, цуьнан телефон а лачкъош, цIийнах цIе а тосуш.

2002-чу шарахь Нохчийчуьра цIа веанчу 22 шо долчу Смирнов Владимира закъалте эцнера шен нана а, доьзалхочух йолу хIусамнана а – "РИА Новости" агенталлин хаамашца, къаьркъа мелла хиллера иза, журналисташца къамел дан аьтто а баккха шен, автомат а ло шега баьхнера цо. Ветеран лаца аьтто белира, цхьанна а зен ца хилира, бехкзуламан гIуллакх долийра цунна дуьхьал, амма уггар а хьалха ницкъахойн лаам бара иза психиатрин экспертизе хьажон. Оцу йукъанна эскархочун лулахоша дийцинера, "бакъахьара кIант вара иза, болх беш вара, молуш вацара" бохуш.

Оцу кепара хIума нислора хIора шарахь: Нохчийчоьнан ветеранаша герз деттара шайн гергарчарна, къовсам бой, нах бойура, йа шайца лела реза ца хилларг. Спецназхо Мехов Денис Краснодарскан кIоштахь, талламан версица, мала а мелла КамАЗан урхалла дан хиънера. Цу тIехь сквере ваханера, оцу тIехула 52 шо долчу Мармалюк Людмилас бехкбаьккхинера цуьнгара. И ца лайначу цо шозза коьртах монтировка тоьхнера зудчунна, цул тIаьхьа машенахь цунна тIехула ваьллера. И зуда йерна колонихь даккха бархI шо туьйхира Меховна.

Нохчийчоь. 2000 шо, дечкен-беттан 29-гIа
Нохчийчоь. 2000 шо, дечкен-беттан 29-гIа

Нохчийчуьра цIа баьхкинарш йукъахь болуш даккхий зуламаш хиларх дукхахболу хаамаш кхочура зорбанан гIирсашка 2009-чу шарахь. Масала, Барнаулехь тIаьххьара аьхкенан берийн садоIу хан чекхйолучу дийнахь 30 шо долчу цхьана стага доьазза герз тоьхнера 15 шо долчу кхиазхочунна шен корах ара. КIант дийна висира, герз тоьхнарг лецира, тIаккха гучуделира, 2000-чу шарахь Нохчийчохь корта лазийна хиллийла а, психиатран чоьтехь иза хилар а. ХIун бахьана долуш цо герз даьккхинера, хаанза дисира.

Кавказера тIамтIера йухавирзинчу милцочо Иванов Дмитрийс Москвахь цхьалха а валийтина, къизаллица чхьонкар йиттинера талламбан чу валийначу хадархочунна. Милицин декъера араволучу цо "боьха хIумнаш" аьлла хиллера милцойх. Кхетамчуьра ваьлла и стаг охьавоьжча бен ницкъ ца кхаьчнера йеттарг сацо цуьнца цхьана балхахь волчун.

Оццу шарахь колони хьажийнера Свердловскан кIоштара спецназхо Бурлачко Андрей – шайн петар тойан иза лаца хьийза 60 шо долу зуда а, цуьнан 26 шо долу йоI а йийнера цо. Москвара Нохчийчуьрчу тIеман кхечу ветеранна, 25 шо долчу Пеньков Александрна колонихь даккха 16 шо хан туьйхира. Арахь буьйсанаш йохуш лела стаг чен петар чу воьдучу а кхайкхина, цунна тIе бензин доьттина, цIе теснера цо цунах.

Психиатрин экспертизе хьажийра спецназхо, "Путина тIекхайкхина" ша аьлла, шен машенахь Кремлана герга ваха гIоьртина волу. "Интерфакс" агенталлин хьастан хаамашца, цул тIаьхьа лаьтта охьавоьжнера и стаг, цуьнан багара чопа йолайелира.

Нохчийчоь. 2000 шо
Нохчийчоь. 2000 шо

Чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин официалан статистикаца, Оьрсийчохь зуламан тIегIа 2000-чу шерашкахь лахйелла йогIура – кхиар къаьстира 2003-чу шарера 2006-чу шаре кхаччалц. Къаьсттина хьал телхина догIура 2005-чу шарахь, хIетахь зуламаш дар лакхадаьллера 22 процентана (3,85 млн зулам). "Проект" ресурсан версица, иштта лакхадалар доьзнера чоьхьарчу гIуллакхийн министрна Нургалиев Рашидана Кремло критика йарца. Цунна бехкбиллинера статистика лахйарна.

Хууш дац, мел Iаткъам бира пачхьалкхера зуламашна Нохчийчоьнан ветеранаша, Оьрсийчохь диллина а, шен-шен хенахь а хIиттош зераш дац бехкебечийн а, таIзар динчийн а "ветеранан" статусех. Оцу йукъанна къиза а, къаьсттина къиза а зуламаш даран терахь официалан статистикехь охьадолуш лаьтта, герзаца ден зуламаш а санна – оцу артиклашца терго йойла ду тIамера цIабаьхкинарш гунахь буй.

"Милиция между Чечней и Россией" рапортан цхьахйолчу авторна, "Общественный вердикт" фондан экспертана Новикова Асмикана ца хета, зуламийн динамикана а, цIа баьхкинчарна а йукъахь зIе йу аьлла.

"Зуламаш дан кийча болу нах тIамтIера цIа оьхуш хиларца доьзна дац. Цара цуьнан ойла йанне а ца йо. Церан ницкъ а, таро а ца хуьлу лела ма-деззара лела а, шайн эмоцешна тIехь контроль латтон а. Оцу нехан "корта дIабоьду", хIуммаъ хила дезаш доцчу меттигехь. Цул тIаьхьа метта а вогIий, кхета иза, ша лартIахь ца леллий", - боху Новиковас.

Хьалха-Мартанахь оьрсийн салти, 1999-гIа шо, лахьан-беттан 23-гIа
Хьалха-Мартанахь оьрсийн салти, 1999-гIа шо, лахьан-беттан 23-гIа

Изза аьлла хета адамийн бакъонаш Iалашйечу "Мемориал" Центран кхеташонан декъахочунна Черкасов Александрна. Цо чагIдо, муьлхха а тIом бинарг вац "кхераме стаг", дуккхаъчу тIамехь хиллачарна ца лаьа ницкъбар дебо: "Вукху агIор, могIарера нах бу шайн кабинеташ чохь сацамаш тIе а оьцуш, цул тIаьхьа дуккха а нах хIаллакбеш. ТIеман чов – инзаре хIума ду, амма, суна хетарехь, кхузахь иштта ду, вуьшта ду аьлла, чIагIдойла йац".

Новикована хетарехь, цхьаболу ветеранаш тIамтIехь "бисина", цундела Нохчийчуьра тIом бирзинчул тIаьхьа Шема йа Украине боьлхура уьш: "Маьршачу дахарехь шайн меттиг ца карийна оцу нахана – цхьанхьа тIом ма-боллура, шайн чамданаш кечйо цара. И царна уггар а уьш кхеташ болу, атта карьера йу".

III дакъа. ТIом а, криминал а

2022-чу шарахь Украине гIоьртинчул тIаьхьа Оьрсийчохь герзаца лелон зуламаш алсамдевлира цул а хьалха хиллачу шаре ладоьгIча. Кхин а алсам дара 2015-чу шарахь, Донбассехь тIом болабелча. И терахь стохка а алсамдала доладеллий, хууш дац. Оцу пунктехула чоьхьарчу гIуллакхийн министралло кхин дIа хаамаш беш бац. Делахь а, рекорде маьIне кхечира 2023-чу шарахь къиза зуламаш – 589 эзар сов, и гайтам лакхара бара 2011-чу шарахь.

Массарна а гуш, хезаш кест-кеста хаамаш бо ЧВК "Вагнеран" хиллачу йолахойн зуламех лаьцна. Буьйцурш бу колонишкахь лехьош тIаме эхийтинарш. Уьш гучубовлу талорашкахь, нах байарца, зударий хьийзорца, тIелетаршца, нах лечкъорца доьзначу зуламашца. ЧВК-н хиллачу куьйгалхочо Пригожин Евгенийс чIагIдора, ахшо даьллачул тIаьхьа дийна бисинчарлахь, гечдинчу тутмакхаш хиллачарлахь а рецидивийн дакъа 0,32% ду аьлла. И зераш цо стенна тIехь денера, хууш дац.

Зуламаш дар алсамдер ду, дийна бисинчу ветеранийн цхьана агIор хене бовла дезар ма ду, ткъа царна бIаьрганегIар ца тухуш нах байа бен ца хаьа

Талламна кIел нисло, урамехь боьлхучу нахана йа полисхошна тIелета, тахана а могIарехь болу эскархой а. Уьш хьийза тIеман гIирс бохка, йа наркотикаш лелайо цара. Амма дуккха а цунах лаьцна хаамаш белахь а, хьесап дойла йац, боллу ветеранаш зуламаш дан гунахь бу аьлла, аьлла хета "Йукъараллин вердикт" фондан экспертана Новикова Асмикана.

"Цхьа эксцесс нислой – бер хьийзийна, йа къано йийна, тIаккха массара а цунах лоций йаздо. Хьуна моьтту тIаккха, и тенденци йу аьлла. Уьш цIа оьху, масаьрца иштта лела уьш олий. Амма талламан агIор хьаьжча, иштта хьесап дан мегар дац. Вайн статистика йац йиллинчу хьасташкара хаамашна а тIекхочийла дац, вайна хууш хIуммаъ а дац. Маса стаг ву билггал Украинехь тIом беш? Билггал маса велла? Маса цIа веана, царех масанна чевнаш йина? Цунах дерг ала а йиш ма йац вайн", - боху къамелдечо.

Новикована хетарехь, Оьрсийчоьнан йукъараллина хаалур бац Украинера "цIаоьхурш" бахьана долуш зуламан тIегIанера хийцамаш – хIунда аьлча, уьш дуккхаъ а цIа богIур бац.

"Суна хетарехь, уьш берриг а цигахь йухаэбеш бу эххар а: мобилизаци йина хилла могIарера стегарий; 2022-чу шеран чиллан-зазадоккху-беттанашкахь дIабахна лаамхой; контрактхой а, тутмакхаш а – уьш Iаламат чIогIа тайп-тайпана тобанаш йу. Мобилизацица хьийсийнарш тIамтIера цIа ца богIу, хIунда аьлча, омрана тIехь билгалйаьккхина хан йац. Эхашарахь тIом бо тутмакхаша, цаьрца Пригожина бина барт иштта бара (ЧВК-н 2023-чу шеран мангал-баттахь бунт хиллачул тIаьхьа а, Пригожин веллачул тIаьхьа а набахтешкахь вербовка йар тIеман министралло шен караийцира, билламаш а хуьйцуш. -Редакцин юилгалдаккхар). Муха арахоьцу уьш: ма -дарра аьлча, уьш а йуха ца богIу маьрша дахар нисдан, шолгIа а тIамтIе боьлху: иза ахча ду, маьршачу дахарехь Iитталучу цхьацца хIуманех ларвалар а ду. Дукхахберш цигахь иштта буьсур бу", - аьлла хета Новикована.

Адамийн бакъонаш Iалашйечу "Мемориал" Центран кхеташонан декъашхо Черкасов Александр тIетайра, хIинца боьдучу тIамехь вагнеровхошца хIоьттина хьал "экстремале сюжет" хиларна. Къиза, нуцкъаша нахана тIехь зуламаш лелийна зеделларг долчу нахана йуха а таро ло иштта зуламаш дан. Амма дисинчуьнца го цунна шена йевзаш йолу сценарий кхин а дIахьош хилар.

Нохчийчохь байина, муьлш бу ца хуу салти бу дIабухкуш. Москва. 2001-чу шеран гезгамашин-бутт
Нохчийчохь байина, муьлш бу ца хуу салти бу дIабухкуш. Москва. 2001-чу шеран гезгамашин-бутт

"ХIара сценарий Оьрсийчохь кхочушйан хилла дац цхьа а хадор: Нохчийчоь – хьалхара, шолгIа, Гуьржийчоь, Украина, Шема, йуха а Украина. ТIеман пхьуй гучудовлу, даим а цхьанхьа тIемаш беш долу. Придневстройскера, Балканашкара, Нохчийчуьра, Къилбан ХIирийчуьра, цул тIаьхьа Украинера тIамехь дакъалаца цхьа Стрелков Игорь Иванович волу. Оцу кепарчу нехан таро йу шайн карьера йукъах а ца йоккхуш, йан", - боху Черкасовс.

IV дакъа. Прогнозаш

Хьахийначу "Демосан" рапортехь дакъа ду Нохчийчуьра тIемашкара йухабирзинчу милцошка бахархойн хьежамех лаьцна, цигахь респонденташа латкъамаш до шайца бендацарца хиларна. "Вайн халкъан бала дIа бац цхьана а хIуманца: йа нохчийн а, йа шайн а милцошца. Ветеранашца вон ца хуьлу, наггахь нисло, суна сайна хезна ду, вайн ваша цхьанхьа дIахьажош, хьаьхна "нохчий", шу доцуш меттиг бац, даим цхьаъйоьхуш хуьлу. Къаьсттина льготаш йуьйцучохь. ХIинца оцу статусца дозаллаш дойла йац, амма законехь хьуна йогIург йехар а – эхье ду".

Дуккхаъчара аьрзнаш дора, Кавказехь командировкехь хиллачул тIаьхьа болх каро аьтто ца хуьлура бохуш. Цигахь хан йаьккхинчу белхахойн "коьртаца проблемаш хир йу" олура.

"Ас цецйуьйлуш ойла йо, Украинана дуьхьал тIом бирзинчул тIаьхьа стенгара ресурс хир йу вайна инзаречу психологин чевнашна тIехь болхбан. Цхьаммо а бийр буй-те и болх? Суна ца хаьа, - боху психолого Меркун Кирас. – Суицидаш алсамйевр йу, тIемало дийна висина, амма иза хьоьгу веллачух. Оцу тайпа "дийна декъий" хуьлу дагалецамашца садоьIуш, тIеман кхерамах садоьIуш. Цара дуккха къаьркъа моьлур ду, цхьанца а адамийн йукъаметтигаш тасалур йац. Оцу зеделлачух, цаьрца болх ца бахь, хала хир ду къаста, амма цаьрца болх бан луурш дукха бац".

Украинан Харьковн кIоштара аренца йохийна Оьрсийчоьнан танк. 2023-чу шеран чиллан-беттан 22-гIа де
Украинан Харьковн кIоштара аренца йохийна Оьрсийчоьнан танк. 2023-чу шеран чиллан-беттан 22-гIа де

Афганистанан а, Нохчийчохь хиллачу шина тIеман а ветеранашца дуьстича, тахана Украинехь тIемаш бийраш синна кхин а ледарчу хьелашкахь бу, боху Новикова Асмика. ХIаъ, карарчу хенахь Iедал алсам ду, тоххара хиллачул а. Церан психологин хьолан мел а хьалхе саготта бу уьш (регионашкахь тIемалошна а, церан доьзалашна а маьхза психологин гIо латтадо), амма цхьана тайпа идеологи церан йац.

Психологан Меркунан дагалецамашца, Нохчийчуьра тIемаш бирзинчул тIаьхьа малхбузен психологийн гIоьнца гучуйуьйлура ветеранашна гIо ден ассоциацеш. Тахана говзанчана уьш ца го. Оцу йукъанна Новикова Асмик шек йу, и саннарг дан гIуртур бу аьлча.

ХIокху хьелашкахь хинйолу Оьрсийчоь – Украинана дуьхьал бинчу тIеман ветеранех лаьтташ хир йу доккхачу декъана, тешна ву Черкасов Александр. Кхин а гIад дайна прогнозаш йу "Йукъараллин вердиктан" экспертан Новикова Асмикан:

"ЦIа богIу берш, башха гуш хир бац, уьш меллаша дIабовр бу, цхьаммо а тергал ца беш, шайн зама кхаччалц бехар бу уьш. Царех дукхахберш цхьанакхетар бу, йа цхьа бандаш цара кхуллур йу аьлча – ишта вариант а хила тарло, амма суна хетарехь, эххар а хIаллакхир бу уьш. Сица дакъазабевлла, дегIаца ницкъ-гIора а доцуш нах йухабоьрзур бу. Царех цхьаммо зулам дийр ду, цхьаммо ша шена тIе куьйгаш хьур ду, цхьаъ тапъаьлла лийр ву – и тайпанаш дуккха а хир бу, Нохчийчоьнан ветеранашка хьаьжча. Цхьанна а оьшуш боцуш, церан гергарчарна а совбоьвлла нах".

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG