ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дийнахь-буса коронавирусах 114 стаг велла Къилбаседа Кавказехь


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Къилбаседа Кавказерчу дарбан хIусамашкахь коронавирусах велла дийнахь-буса 114 пациент, цомгуш хилла кхин а 1 937 стаг.

Уьнна дуьхьалоечу оперативан штабан терахьашца, Краснодар-махкахь COVID-19 цамнгарх велла 44 стаг, Ставропол-махкахь – 35, ГIебарта-Балкхаройчохь - 11, Дагестанехь а, Нохчийчохь а пхиппа, Къилбаседа ХIирийчохь а, Кхарачой-Чергазийчохь а, ГIалгIайчохь кхоккха велла, кхин а виъ-виъ кхелхина ГIалмакхойчохь а, Адыгейхь а.

Пандеми йолаелчхьана схьа Къилбаседа Кавказехь коронавирусах велла лору официало 27 039 стаг. Массанхьачул дукха ду дараш Краснодар-махкахь, уггаре кIезиг а – ГIалмакхойчохь.

Краснодаран кIошт + 677 (97 382 ву пандеми яьржичхьана)
Ставрополь-мохк + 489 (111 905)
Дагестан + 185 (60 951)
ГIебарта-Балкхаройчоь+ 112 (38 708)
Нохчийчоь + 97 (28 397)
Къилбаседа-ХIирийчоь + 91 (28 335)
Адыгей + 93 (24 011)
Кхарачой-Чергазийчоь+ 83 (29 928)
ГIалгIайчоь + 83 (25 986)
ГIалмакхойчоь+ 27 (33 376)

Къилбаседа Кавказехь тахханалц коронавирус шеца хааелларг ву 478 994 стаг. Ерриг Оьрсийчохь и терахь ду таханенна, Лахьан-беттан 28-чохь, 9 570 373.

*Оьрсийчоьнан официалан статистико шена чулору аннекси йинчу ГIирмера хьал.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG