ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дийнахь-буса коронавирусах 118 стаг велла Къилбаседа Кавказехь


ТIаьххьарчу 24 сахьтехь Къилбаседа Кавказехь коронавирусах велла 118 пациент, цомгуш хилла кхин а 1 618 стаг.

Уьнна дуьхьалоечу оперативан штабан терахьашца, Краснодар-махкахь COVID-19 цамгарх велла 45 стаг, Ставропол-махкахь – 44, Кхарачой-Чергазийчохь - исс, ГIебарта-Балкхаройчохь - бархI, Адыгейхь - виъ, ГIалмакхойчохь -кхоъ, Дагестанехь а, Нохчийчохь а - шишша дархо велла, Къилбаседа ХIирийчохь цхьаъ кхелхина.

Пандеми йолаелчхьана схьа Къилбаседа Кавказехь коронавирусах велла лору официал 24 580. Массанхьачул дукха ду дараш Ставрополь-махкахь, уггаре кIезиг а – ГIалмакхойчохь.

Ставрополь-кIоштахь + 490 (101 07I ун даьржичхьана)
Краснодар-мохк + 313 (83 610)
Дагестан + 164 (57 150)
ГIебарта-Балкхаройчоь+ 135 (36 030)
Нохчийчоь + 116 (26 110)
Къилбаседа ХIирийчоь + 105 (26 251)
Кхарачой-Чергазийчоь+ 86 (28 106)
Адыгей + 82 (22 117)
ГIалгIайчоь + 81 (24 228)
ГIалмакхойчоь + 46 (32 651)

Къилбаседа Кавказехь тахханалц коронавирус шеца хааелларг ву 433 398 стаг. Ерриг Оьрсийчохь и терахь ду таханенна 8 795 095.

*Оьрсийчоьнан официалан статистико шена чулору аннекси йинчу ГIирмера хьал.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG