ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дийнахь-буса коронавирусах 99 стаг велла Къилбаседа Кавказехь. Цомгуш хилла кхин а 1 410


Къилбаседа Кавказерчу дарбан хIусамашкахь коронавирусах велла дийнахь-буса 99 пациент, цомгуш хилла кхин а 1 410 стаг.

Уьнна дуьхьалоечу оперативан штабан терахьашца, Краснодар-махкахь COVID-19 цамнгарх велла 33 стаг, Дагестанехь – 25, Ставропол-махкахь – 14, Кхарачой-Чергазийчохь – ворхI, Къилбаседа ХIирийчохь – ялх, Нохчийчохь а, ГIебарта-Балкхаройчохь а – пхиппа, ГIалгIайчохь – кхоъ, ГIалмакхойчохь а - цхьаъ велла.

Пандеми йолаелчхьана схьа Къилбаседа Кавказехь коронавирусах велла лору официало 14 474 стаг.

Массанхьачул дукха ду дараш Ставрополь-махкахь, уггаре кIезиг а – Кхарачой-Чергазийчохь.

Ставрополь-мохк + 344 (70 281 ву пандеми яьржичхьана)

Краснодаран кIошт + 252 (63 435)

Дагестан + 198 (45 116)

Нохчийчоь + 170 (18 329)

ГIалмакхойчоь + 98 (26 673)

ГIебарта-Балкхаройчоь + 89 (28 504)

ГIалгIайчоь + 79 (18 661)

Къилбаседа ХIирийчоь + 71 (19 880)

Адыгей + 55 (17 270)

Кхарачой-Чергазийчоь + 54 (23 335)

Къилбаседа Кавказехь тахханалц коронавирус шеца хааелларг ву 33I 600 стаг. Ерриг Оьрсийчохь и терахь ду таханенна 6 642 559.

*Оьрсийчоьнан официалан статистико шена чулору аннекси йинчу ГIирмера хьал.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG