Олимпикан чемпиоанан, теннисах ловзучу Веснина Еленин Подмосковьерчу цIа чуьра мидалш а, мехала хIумнаш а лечкъийна."Коммерсантъ" гезете а, ТАСС агенталле а цо дийцарехь, "дийнан делккъехь" дина цунна къола.
Веснинас бахарехь, масех сахьтана цIера яьллера иза.
Керта тIехула а ваьлла, неI а йохош чуваьлла хилла къола дан веанарг. Чуьра яьхьна цо Олимпиадашкахь яьхна дашо а, дети а мидалш. Веснинас бахарехь, гуччохь латтош ца хиллера цо уьш, ишта, яьстинчу сейфачуьра мехала хIумнаш а яьхьна. ЦIа чуьра сигнализацино болх ца бина.
"Къоладар" аьллачу артиклехь бехкзуламан гIуллакх долйина полицино, динчу зенан барам къастош бу.
2016-чу шарахь Рио-де-Жанейрохь дашо мидал яьккхира Веснина Еленас, ткъа тIаьххьара Токиохь хиллачу Олимпидера дети деара.