ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"ДНР-н" сепаратистийн лидерна Нохчийчоьнан лакхара совгIат дина Кадыров Рамзана


Кадыров Рамзан
Кадыров Рамзан

"Донецкан халкъан республика" олучу меттигера сепаратистийн хьалханчана, МММ финансийн пирамидин хиллачу функционерна Пушилин Денисана, шен ден Кадыров Ахьмадан цIарах Нохчийчоьнан лакхара орден луш омрана куьйгъяздина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана.

Омри тIехь яздо, "машар ларбарехь а, Оьрсийчоьнан пачхьалкхалла чIагIъярехь а доккха дакъалацарна" елла орден аьлла. Кху шеран Зазадокху-баттахь Пушилина совгIат дира Нохчийчоьнан куьйгалхочунна, сеператистийн лакхарчу совгIатех лоруш йолчу, амма коьрта йоцчу "ДНР-н" ДоттагIаллин орденца.

Марсхьокху-беттан юьххьехь Кадыровс а, "Луганскан халкъан республикан" куьйгалхочо Пасечник Леонида а дIасахийцира лакхара совгIаташ: нохчийн политик "ЛНР-н турпалхо" хилира, ткъа Пасечникан накха къагийра дешех а, рубинех а, сапфирех а, бриллиантех а йинчу Кадыров Ахьмадан ордено.

2004-чу шарахь юкъаяьккхина ю Кадыров Ахьмадан цIарах орден. Цуьнца совгIат до республикана хьалха "гIарадевлла гIуллакхаш" дарна. 55 грамм йолу орден йина 750-гIа цIеналла йолчу деших, кечйина рубинашца а, сапфирашца а, бриллианташца а. И совгIат дина Кадыровс, масала, республикехь культурин министран дарж дIалаьцначу шен йоккхаха йолчу йоIана Iайштана.

  • "ДНР" олучу меттигерчу эскархойн наноша а, зударша а дIахьедина, шайн гергарнаш хьийзийна Нохчийчуьра баьхкинчу тIемалоша аьлла. Оцу кепара хаам дIахьажийна иштта сепаратистийн куьйгалхочун Пушилин Денисан цIарах а, документ зорбане даьккхинера "Бэтмен ДНР" телеграм-каналехь. Нохчийн бакъоларъярхочо Янгулбаев Абубакара хаамбира, кехата тIехь дуьйцург бакъдира шена Нохчийчохь вовшахтоьхначу "Север" полкерчу хьасто аьлла.
  • Украинана дуьхьал тIемаш бечу Оьрсийчуьра доллу дакъошлахь къаьстина гIарабевлира, республикан куьйгалхочун куьйгакIел болу нохчийн ницкъахой, ишта "лаамхой" олучийн тобанаш, йа регионера йолахой. Цара маьршачу нахаца а, йийсархошца а, вовшашца а лелийначу къизаллех бакъоларъярхоша а, тешаша а дийцина ца Iаш, Европерчу пачхьалкхийн парламентийн векалша а цхьаьна хаамбора.
  • Хьалхо арахьарчу активашна тIехь терго латточу Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн финансийн министраллин урхалло "Iаьржачу тептаре" бехира, Американ бахархошца а, резиденташца а бизнес лелор дихкина нах: Кадыров Рамзан а, цхьа могIа цуьнан доьзалера нах а. Кадыровн а, цуьнан гергарчарна а дуьхьал санкциш яьхна Украинерчу тIамца доьзна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG