ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Додикан зама. Кремло муха, стенна йохош ю Босни


Додик Милорадан партин Сербска Республикехь 2014-чу шарахь хилла харжамаш тIекъочуш хилла агитаци
Додик Милорадан партин Сербска Республикехь 2014-чу шарахь хилла харжамаш тIекъочуш хилла агитаци

Босни а, Герцоговина а (БиГ), Америкерчу Дейтонехь сихха тегначу машаран бертаца 1995 шарахь кхоьллина пачхьалкх, лаьтта юхучу зила тIе кхаьчна. Оцу махкара сербаш шена гонах узучу Сербин Республикан (РС – БиГ-н дакъа) куьйгалло лечкъа а ца до, аьтто боллушехь, шаьш мохк пачхьалкхах дIаходориг хилар а, и аьтто шен беш хьийзарг Москва хилар а. Эккха тарлой рогIера конфликт, шена хIун пайда хиларе догдоху Кремло?

Дикка зама яра Балканашкарчу пачхьалкхо Оьрсийчоь "шога юкъагIортарца" шена новкъарло еш хьийза аланза. Оцу махкех ю хIинца Боснин а, Герцоговинин а арахьарчу гIуллакхийн министран Туркович Бисерин дешнашца ишта дIахьедар даржийнарг – бутт бен бац иза Сочехь Оьрсийчоьнан дипломатин куьйгалхочуьнца Лавров Сергейца елаелла-екхаелла хьаьвзина а, Сербин Республикан коьртачу шахьарахь Баня-Лукехь Оьрсийчоьнан векалтан дакъа схьаделлийта резахилла а, кхидолу гIуллакхаш дийцаредеш Iийна а.

Боснийн протестанна бухахь ду цьунан Конституцин кхело низамехь дац аьлла къастам бина долу Сербин Республикан Де даздечохь Оьрсийчоьнан векалтан белхахой сакъоьруш Iийна хилар.

Оьрсийчоьнца цхьаьна пачхьалкхо магийна доцчу даздаршка векалш бахарна бехкейо ша Серби а, Китай а – цаьрга а хьийсийна бехкбилларан ноташ. Ткъа Боснерчу сербийн лидеран Додик Милорадан политикан къинойн терза даздеш тIекхетта кхин а цхьа къа.

Муха хIоттаелла ю Босни а, Герцоговина а
Босни а, Герцоговина а пачхьалкха юкъабогIучу шина махках йолу Сербийн Республика (шолгIа мохк бу хорватийн-бусалбанийн Босни а, Герцоговинин а Федераци) ма-хуьллу гIерта Дейтонан берта юкъара дIаяла. 1995 шарахь дуьненан юкъараллин аьтто белира цхьана стоьла гонах Огайо штатерчу Детонна гергарчу Райт-Паттерсон авиабазехь I990 шерашкарчу Боснерчу тIеман декъашхой цхьаьнатоха. Оцу тIамо дахарх бехира бIе эзар бахархой, хIусамаш йоцуш витира миллион стаг. Дейтонан бертаца а догIуш, бусалба-бошнякаш, хорваташ, сербаш баха беза шайна хIоттийначу картин кепехь дIасатарйинчу меттигашкахь.
Босни а, Герцоговина а, карта
Босни а, Герцоговина а, карта
БиГ пачхьалкхехь бехачу 3,3 миллион нахах кхоалгIа дакъа долу сербаш дIатарбина къидбаседанерчу а, малхбузерчу а, къилберчу а мехкан дакъошкахь. Царна юкъа нисъелла Брчко кIошт – дуьненаюкъарчу урхаллехь йолу территори. Сербин республикна юкъа асанца нислуш ю боснийн-хорватийн Босни а, Герцеговина а Федераци. КЕрлачу пачхьалкхехь машар латтор тIедиллира Цхьанакхеттачу Къаьмнийн организацин машарбархошна, дахаран хеьлаш меттахIиттор тIедожийра Боснерчу а, Герцоговинерчу а Лаккхарчу Урхаллин векална. Мехкан коьрте хIоттийра "кюкъара президент" – БиГ-н президиум, деа шарна хоржуш волу кхо декъашхо: бошняк, хорват, серб.
Стохка Товбецан-баттахь Сербин Республикин куьйгалло дIахьедира ша кхин дакъалоцур дац БиГ-ан куьйгаллехь, аьлла. Бахьана дара хIетахьлерчу Боснин а, Герцоговинин а Лакхарчу Урхаллин куьйгалхочо Инцко Валентина мехкан бехктакхаман кодексе Сребреницера геноцид бакъеш воцчунна таIзар ден артикл хIоттор. Цигахь боснийн-сербийн инарлас Младич Раткос кIиранах хIаллаквира бархI эзар бусалба вахархо (оьмар кхачаяллалц набахти токху ву Младич).
Цул тIаьхьа шаьш шайна эскар вовшахтухуш ду, дIахьедира Боснерчу сербаша, хьехадо кхел схьаеллар, къастийна федераци кхоллар я Сербех дIакхетар. ЖамI – кхерамна кIел лаьтта Дейтонехь кхоьллина пачхьалкх, ткъа Балканашкахь хаало керлачу конфликтан гIаларт.

Додик Милорада, ша РС Боснех а, Герцоговинех а дIакъасторан референдум гIаттор ю, бохуш, кхерамаш туьйсу хан ю 2006 шарера дуьйна схьа, Сербин автономи хилла Косово шеггара яьккхинчу гIулчехула дIакъастале дуьйна а. Оцу заманахь баккъал а вазвеш вара Додик: бIаьрг тIехIутту, ши метр гергга лекха экс-баскетболхо ларалора керла Босни кхоьллинчу жигархошлахь радикалан ниционализмах мукъа стаг. Детройтехь бинчу бертехьа иза хилар бахьаана долуш, цуьнгахьа узуш яра Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн хIетахьлера Пачхьалкхан серкретар Олбрайт Мадлен. Ша Додикца цхьаьнакхетча Олбрайтна, цуьнан пресс-секретара бахарехь, "хетаделира чохь чу керла хIо даьржича санна".

Дуьнено вайгара даима а цхьаъ доьхуш делахь, Москвахь соьга хоттург ду: хIун гIо оьшу шуна?

РС-н премьер-министр Додик хIоьттича, махканна финансашца гIо кховдийра Американ а, Британин а Iедалша, Европан Цхьанакхетаралло. Амма 20I6 шарахь ша РС-н президент хIоьттича, хуьйцу цо шен гIортораш. БиГ-н Конституцин кхело дихкинашшехь, референдум дIахьо Дечкен-беттан 9-гIа де пачхьалкхан дезде дIакхайкхош – иза нисло нийсса Москвахь Путинца къамел дина иза цIехьа вирзича. Дечкен-беттан 9-чу дийнахь, 1992 шарахь, Боснерчу сербаша дIакхайкхайо шайн пачхьалкх, болало этникан чIада хьокху тIом.

ДIадахначу шеран ГIуран-баттахь воьду Додик Милорад Москва визитца, цигара иза юхавеъча даздо, Оьрсийчоьнан дипломаташ хьошалгIахь а болуш, хиламан 30 шо кхачар. Оцу визитехь Москвано цунна аьтто бо газан мах лахбарца (290 доллар 1000 кубометрах), шел хьалха цигахь хиллачу Сербин президентна Вучич Александрна а санна (270 доллар), иштта дош ло цунна Кремлехь газан биргIа "Балканского аса" Сербийн Республике дIакхачо а. Дуьнено вайгара даима а цхьаъ доьхуш делахь, Москвахь соьга хоттург ду: хIун гIо оьшу шуна? – Кест-кеста олу иштта Додик Мирослава.

Оьрсийчуьрчу "Ночные волки" байкерийн тобан декъашхой дакъалоцуш бу Республика Сербскан Баня-Лука гIалин юккъехь хиллачу парадехь. Дечкен-беттан 9-гIа де, 2022 шо
Оьрсийчуьрчу "Ночные волки" байкерийн тобан декъашхой дакъалоцуш бу Республика Сербскан Баня-Лука гIалин юккъехь хиллачу парадехь. Дечкен-беттан 9-гIа де, 2022 шо

Ша-шеца бинчу хийцамо, кIеда политик волчуьра БиГ пачхьалкхан сербех лаьтта дакъа авторитаран кепехь шен куьйга кIел оьцучу кхаччалц хьалакхиина Додик воьжна Малхбузерчу политикийн бIаьргаш чохь. Дечкен-беттан юьххьехь Американ Цхьанатоьхначу Штаташа санкцеш яьхна цунна дуьхьал Малхбалера Балканашкахь машар галбаккхарна а, бина барт кхерамна кIел тасарна а. Шегарчу даржах пайда эцна цо шена бахам гулбеш, кхаьнаш баларца, коррупцин кхечу кепашца, боху Вашингтоно. Додикна санкцеш хIитторна резаяцар хазийра Германин керлачу арахьарчу гIуллакхийн министра Бербок Анналенас а.

Амма оцу герзах кхоьруш вац Додик. "Гардиан"газета билгалдаккхарца, Балканашкарчу Американ лерринчу векале Экобар Габриэле цо аьлла, ша иза "цхьана а метте ца ухьу (didn’t give a shit) ". Нагахь санна Малхбузено ерриг а Сербийн Республиканна санкцеш тохахь, Оьрсийчоьно а, Китайно а дийр ду тхуна гIо, адIахьедина Додика.

Боснерчу гIуллакхашна Путин Владимир юкъагIертар – иза цо ша Малхбузенна дуьхьалйоху глобалан стратеги чекхъяхар ду

Веккъа ша схьаэцча, РС-н президент кхин кIадболуш стаг а вац, боху 2000-гIачу шерашкахь дуьйна Додик вевзачу, Хорватехь арахьарчу гIуллакхийн министр Iийначу, хIинца Европан дуьненюкъарчу уьйрийн кхеташонан декъашхо йолчу Пусич Веснас. Цуьнан куралла а, цо лелош йолу кепаш а – уьш Оьрсийчоьнца дочу гергарлоно кхоьллина. Малхбалерчу Балканашкахь дестабилизаци яржорна веккъа иза а, цуьнан го а бехкебар нийса хир дац – уьш Оьрсийчоьнан политика яржош хьийза. Оьрсийчоьно ша мел гена яла тору зуьйш, Малхбузено хIун олу хьожуш йолу тIеIеткъамийн операцеш а, политикан провокацеш а дIакхоьхьу майда ю Малхбузера Балканаш. Европан Барт лараме бац оцу регионехь, юкъаралла Оьрсийчоьнан а, Китайн а бага алссам хьежайоьлла цигахь, билгалдоккху Пусича.

Британин парламентан декъашхочунна Дженкина Бернардна хетарехь, "Оьрсийчоьнан президент леррина бохош ву Дейтонера барт ", иза гуш ду цо "Сербийн Республика кхоллар декъалдеш, Баня-Лукин урамашкахула хIитточу тIеман парадна ган а гуш ечу тIекарлонца". "Боснерчу гIуллакхашна юкъа Путин Владимир гIертар – иза цо ша Малхбузенна дуьхьалйоху глобалан стратеги чекхъяхар ду", – боху Британерчу политика.

Нагахь санна Сербийн Республика ша-шена ялахь, Украинерчу кризисехь а санна, иза дIакъастийта луучийн хьалхарчу могIаршка хIуттур ву Путин Владимир, аьлла хета Хонкарарчу кризисан талламийн а, политикан а зерийн Центрерчу талламчашна. Цул совнаха, гибридан тIеман тактика юкъаяьккхина, ультранационалистийн тобанаш яржийна, полицин кара деза герзаш делла го Сербийн Республикехь тIаьххьарчу хенахь. ТIеман маьIнехь хала ду Оьрсийчоьнна Сербин Республике шен ницкъаш дIакхачо – бахьана георгафин чолхе ю, новкъахь лаьтта НАТО-н ши декъашхо, Румыни а, Болгари а. ХIетте а, иштта дIахьочу некъо, Украинехь а санна, бух билла мега Балканашкахь конфликт эккхарна болчу кхерамна, аьлла хета тергамчашна.

Ткъа цкъачунна Москва Додик ловзош Iа, «Боснин а, Герцоговинин а Лакхара Урхалча» дарж дIадаккхийта а хьийзаш. Стохка Гезгмашин-баттахь оцу метте хиира немцойн политик Кристиан Шмидт. Оьрсийчоьно иза "могIара стаг" лору, ша дуьненаюкъарчу бертаца а догIуш иза БиГ-ехь куьйгалхо ларалуш велахь а, Сербин президентца Вучичца цхьаьнакхеташ хилахь а. Шена вето тоха кхаьчначу бакъонах пайда а оьцуш, Оьрсийчоьно дихкира Цхьанакхеттачу Къаьмнийн организацин Кхерамзаллин кхеташонехь цуьнга Сербин Республикера хьал довзийтар. Ша яздинчу кехатехь Шмидта хаийтира пасхьалкх "тIемаш бирзинчул тIаьхьа хIоьттинчу халонгахь ехаш хилар". ГIуран-баттахь Дейтонан бертан декъашхой цхьаьанкхийтира, дуьххьара яцара оцу барамехь Оьрсийчоь.

Сербин цхьааллин Де даздеш Белградехь. Хьалхарчу планехь, аьрру агIорхьара аьтту агIорхьа: Додик Милорад, сербийн патриарх Порфирий, Вучич Александр. Гезгмашин-беттан 15-гIа де, 2021-гIа шо
Сербин цхьааллин Де даздеш Белградехь. Хьалхарчу планехь, аьрру агIорхьара аьтту агIорхьа: Додик Милорад, сербийн патриарх Порфирий, Вучич Александр. Гезгмашин-беттан 15-гIа де, 2021-гIа шо

Серби Европан дахаре дIаэйтарна дуьхьало латторг, Боснера а, Герцоговинера а сербаш радикалан новкъахь марсабохург ву Сербин президент Вучич а. Амма шен лаамах – Серби Европан Берта юкъакхачо йолчу ойланах атта вер вац иза. Оцу юкъанна Додик баржош лела "сербийн дуьне" кхолла болу шен лаам, оцу "дуьненан" коьртехь хила веза, цо бахарехь, Вучич Александр.

Вучича дукха хан йоццуш хьийхира Додикна а, цуьнан гонна а Боснерчу а, Герцоговинерчу а Iедална муьтIахь хилар, массарна а товр болчу некъаца латтар – иза Вучича шайна бина тешнабехк лору цуьнан оппоненташа-сербаша.

Малхбузенна дуьсург ду теореш кегор. Хан кхаьчна Оьрсийчоь Балканашкарчу гIуллакхашна юкъагIертаро бохьу кхерам тидаме эца, яздо Foreign Affairs журнало. Масех вариант ю дан дезачун Малхбузенна хьалха. Европан Барт а, НАТО а тергаме хила еза оцу регионца, цара къддан деза цигара хьал, аьлла хета журналерчу авторшна. Гибридан юкъагIертаршна дуьхьал НАТО-н ницкъаш бахийта беза Балканашка, Оьрсийчоьнан дезинформаци яржочу кампанин духьало ян еза. НАТО-н ницкъаш дIахIитто беза машарбаран миссе, Боснехь а, Герцоговинехь а машар боха сахьт дац, боху журнало. Амма оцу ницкъашна оьшу Цхьанакхеттачу Къаьмнийн Кхерамзаллин кхеташонера мандат – ткъа цигахь оцу гIуллакхна дуьхьал вето хIотто кийчча Iа Оьрсийчоь а, Китай а.

Автор – "Новая газетан" Балканашкара корреспондент, леррина Радио Свободина

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG