ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Доьза вайначу ГIалгIачуьрчу вахархочун гергарчарна 60 эзар евро дIало аьлла ЕСПЧ-кхело


2010-чу шарахь Дагестанехь вайначу ГIалгIайчуьрчу вахархочуьнца Хутиев Мухьаммадца доьзна, "Хутиев а, кхинберш а Оьрсийчоьнна дуьхьал" гIуллакхан хьокъехь Европерчу адамийн бакъонашкахула йолчу кхело (ЕСПЧ) шаьш бина сацам бовзийтина тахана, шинарин дийнахь. Хутиев лачкъорах а, цул тIаьхьа иза вийна хила магарх а, иштта кхачо йоллуш зулам теллина цахиларх а жоьпалла Оьрсийчоьнна тIехь ду аьлла, билгалдаьккхина кхелахоша. Вайначун гергарчарна 60 эзар евро компенсаци далар тIедожийна, хаамбо "Мемориало" (Оьрсийчоьнан Iедало арахьарчу агентийн тептара яьккхина "Мемориал", амма "Мемориал" реза ца хилла и статус тIеэца – Редакцин билгалдаккхар.).

2010-чу шарахь ГIадужу-беттан 20-чохь белхан гIуллакхна Дагестане веана ГIалгIайчуьра Хутиев Мухьаммад а, Хашагульгов Мохьмад а вайра. Суьйранна ялх сахьт даьллачул тIаьхьа зIенера вайра и шиъ.

2010-чу шарахь Лахьан-беттан 5-чохь Дагестанан чоьхьарчу гIуллакхийн министралло бехктакхаман гIуллакх диллира "Стаг вер" аьллачу артиклехь, Хутиев а, Хашагульгов а вийна хила тарло аьлла. Бинчу талламо гучудаьккхира, цу шиннан машен стационаран блокпостехь таллам бан сацийна хилар. Цул тIаьхьа царех хилларг, талламхоша къастийна дац.

  • 2006-чу шарахь Нальчикехь вийначу ГIебарта-Балкхаройчуьрчу Бегиев Хызырах цуьнан доьзална 60 эзар евро далар тIедожийра Оьрсийчоьнна Товбеца-баттахь Европерчу адамийн бакъонашкахула йолчу кхело.
  • Товбеца-беттан юьххьехь ЕСПЧ-но 170 эзар евро дIадалийта сацам бира Нохчийчуьрчу веа вахархочунна, 2002-чу шарера 2006-чу шаре кхаччалц ницкъахоша тIехь Iазап латторна.
  • Цул а хьалха декхаре йира Оьрсийчоь, ГIебарта-Балкхаройчохь йоьдучу лерринчу операцехь вийначу Емкужев Асланан нанна 70 эзар евро компенсаци кхачон.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG