ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Доьзалехь ницкъбарх йеддачу йоьIан латкъамна тIехула гIуллакх доло дуьхьал хилла ГIалгIайчохь


Гиреева Лайла
Гиреева Лайла

ГIалгIайчоьнан Несаран кIоштан полици дуьхьал хилла хIусамехь ницкъбарна тIехула 18 шо долчу Гиреева Лайлас чуделлачу орзана тIехула бехктакхаман гIуллакх доло. Гурахь шен доьзалера Санкт-Петербурге йедира иза.

Дуьхьало йаран бахьанаш дуьйцуш дац, низамца бIостанехьа и доллушехь, боху оцу сацамна кхелехь латкъам бан дагахь йолчу "СК SOS" кризисан тобано.

Иштта бакъоларйархоша хаамбо, хIуманаш лечкъийна аьлла Гирееван нанас шен йоьIанна дуьхьал деллачу орзана тIехула долийначу гIуллакхна дуьхьал адвоката Алексеев Марка бинчу латкъам къобалбан а дуьхьал хилира Несаран кIоштан кхел. Нанас чIагIдарехь, доьзалера йодучу хенахь чуьра йеза хIуманаш лечкъийна цо. ГIуллакх долочу йукъанна низам хедийна бохуш дуьйцура латкъамехь, иштта курхаллаш лелийна хилар а – Гирееван гергарнаш ницкъаллин хьукматашца боьзна бу.

  • 18 шо долу ГIалгIайчуьра Несаран кIоштара Гиреева Лайла лахьан-беттан 14-хь къайлаха цIера дIайахара Санкт-Петербурге. Гирееван гергарчара ницкъахойн хьукматашкахь зIенаш хиларца кхерамаш туьйсура цунна. Масех де даьлча йоI лехамашка йелира, хIума лачкъорна бехке а йина.
  • Лахьан-беттан 23-хь Гиреевас дийцина, Санкт-Петербургерчу петар чу кхача гIерташ, тIаккха ша цIа йига лууш шен гергарнаш бу аьлла. Цо полици кхайкхира, тIаккха иза цара дIайигира. Гиреева полицехь латтийра масех сахьтехь, гIалгIайн МВД-н белхахой схьакхачалц собардеш, цаьрга иза цIа йигийтархьама, амма буьйса йукъайаьлча дIахийцира иза.
  • ГIуран-беттан 1-хь Гиреевас полице латкъам бира, шена тIехь гуттара а доьзалехь ницкъбо аьлла, гIуран-беттан 16-хь ГIалгIайчоьнан прокуратуро къаьсттинчу контроле ийцира Гиреевас чуделла арз таллар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG