ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Доьзалехь ницкъбарх йедда йолу гIалгIайн йоI Эрмлочуьрчу полицера дIахецна


Зурабова Фатима а, Ереванера полици а, коллаж
Зурабова Фатима а, Ереванера полици а, коллаж

Ереванерчу полицин декъе йалийна хилла 21 шо долу гIалгIайн йоI Зурабова Фатима маьршайаьккхина – доьзалехь ницкъбарх йеддера иза цу пачхьалкхе. Эрмлойчу баьхкинчу гергарчу нехан дехарца хеттарш динера цуьнга.

Меттигерчу бакъоларйархошца цхьаьна и йоI кхерамазаллечу меттиге дIайигира, дийцина Кавказ.Реалиин корреспонденте кхерамехь болчу зударшна гIо дечу "Марем" боламехь.

"Фатимин нана, ден ваша а деара полицин декъе. Полисхоша уьш цунна тIекъачийтира. Дерриг дика хир ду бохуш, цуьнга цIайола бохуш дехарш дора цара. Цунах гIулакх ца хилча нанас бехктакхаман гIуллакхца кхерамаш тийсира, Фатимас 60 эзар сом лачкъийна аьлла. ТIаьххьаре а доьзалехь ницкъ лайнарг бакъоларйархоша Iуналла деш дIайахара полицин декъера", – дийцира "Мареман" векало.

ЙоIан ден ваш – Зурабов Юсуп – ГIалгIайчохь таронаш йолу стаг ву: экономикан министр вара иза, меттигерчу парламентан депутат а, тIаккха хIинца "Единая Россия" партехь ву. "Мареман" волонтерца хиллачу къамелехь (цуьнан аудио редакцехь йу) цо дIахьедира, шен "зIенаша аьтто бо [Ереванерчу] талламан декъан куьйгалхочун кабинета чохь Iан": "И дерриг [йоI йадар] кечдиначунна ас сайн амало, сайн таронаша а дан аьтто бийриг дийр ду. Сан вешин йоIца со къастар кечдинарг мила ву, гIо динарг мила ву суна хуур ду – Оьрсийчоьнан ницкъаллин хьукматашкара уггар тоьлла говзанчаша болх бийр бу цаьрца".

Pink/Armenia организацин бакъоларйархочо билгалдаьккхира, Зурабова полицин декъехь йолчу йукъанна белхахоша чIагIдора, цунна кхерам бац бохуш, хIунда аьлча, цунна тIехь ницкъбеш хилла волу ваша Эрмлойчохь ца хиларна. Оцу бух тIехь дуьхьал хиллера уьш йоIанна шелтере кхача оьшу кехат дала. Полицин декъе цуьнан кхинболу гергарнаш баьхкина хилар тидаме ца ийцира цара.

Хьалхо Маршо Радионо дийцира, Зурабова йехаш йолчу Аштарак гIаларчу цуьнан петаре баьхкира ницкъахой, тIаккха Ереванерчу Аветис Агорянан урамехь долчу полицин декъе дIайигира иза. Цунна дуьхьал диллинчу цхьа бехктакхаман гIуллакхах лаьцна дийцира низамхоша, телефон а схьайаьккхира йоIера.

Зурабова чуйоьллина цунна тIаьхьа веъначу цуьнан гергарчу стагца Юсупца а, цуьнан доттагIца а – цаьршимма кхерамаш туьйсуш цIайола баьхнера цуьнга. Оцу хеначохь низамхоша копи йира Зурабовин телефон тIера информацина, тIаккха керла гаджет телефона тIетессира. Лаьцначо дийцира ницкъахошка, доьзалехь ницкъбинарг санна йедда йеана йу ша Эрмлойчу, орца оьшу шена, амма вукхара аьлла, шайн гIо дан аьтто бац, хIунда аьлча, "зулам" Оьрсийчохь дина хиларна. Иштта полисхой дуьхьал хиллера, гергарчу стага цунна кхерамаш тийсарх арц чуэца а, цIахь цунна ницкъбан кхерам лаьтташ хиларх кехат дала а.

  • Гезгмашин-беттан чакхенгахь Зурабова Фатима бакъоларйархошка йаьллера, цIахь шена гуттара ницкъбо аьлла. ГIалгIайн къомехь "ца товчу" кепехь иза леларна а, "профилактика йеш" а – масала, доьзалерчу кхечу наханна хетачуьнца иза реза ца хиларна, йа аьлларг ца дарна. Лахьан-беттан 8-хь ша балха йоьду аьлла кертара ара а йаьлла, "Марем" тобано гIо а деш, Минводера Эрмлойчу кхечира иза кеманахь.
  • Бакъоларйаран "Iазапашна дуьхьал Командин" Къилбаседа Кавказера филиалан юристана Аламов Мохьмадна кхерамаш туьйсу 28 шо долчу Яндиева Маринина гIо дарна. Амма оцу йо1ан гергарчу хьаькамашна дуьхьал цхьа а г1уллакх ца долийна. И хьал нахалдаларо г1о даре сатуьйсу бакъоларйархоша.
  • 18 шо долу ГIалгIайчуьра Несаран кIоштара Гиреева Лайла лахьан-беттан 14-хь къайлаха цIера дIайахара Санкт-Петербурге. Гирееван гергарчара ницкъахойн хьукматашкахь уьйраш ю шайн бохуш, кхерамаш туьйсура цунна. Масех де даьлча йоI лехамашка йелира, хIума лачкъорна бехке а йина. Гиреевас дийцира, Санкт-Петербургерчу петар чу кхача гIерташ, тIаккха ша цIа йига лууш шен гергарнаш бу аьлла. Цо полици кхайкхира, тIаккха иза цара дIайигира. Гиреева полицехь латтийра масех сахьтехь, гIалгIайн МВД-н белхахой схьакхачалц собардеш. Дечкен-баттахь ГIалгIайчуьра Назранан кIоштахула йолчу полицино дуьхьало йира бехктакхаман гIуллакх доло Гиреева Лайлаана доьзалехь ницкъбарна тIехула. Чиллан-баттахь хиира, Гиреева доьзале йухайирзина хиларх, гергарчара иза хIума лачкъорна бехкейора, вукхо и тIе ца дуьту.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG