Доьзалехь баланехь латтош йара ша аьлла, цIера йедда Нохчийчуьра 21 шо долу Хизриева Ӏайшат Оьрсийчуьра дӀайахана, хаам бо SK SOS кризисан тобано. Новосибирскехь ша лаьцна аьлла, массо а агIор даржийначарна баркалла а олуш, видеохаам дӀайазбина цо, хӀинца ша маьрша йу аьлла.
Цул а масех де хьалха Нохчийчуьра йедда Хизриева, кеманца Новосибирске кхечира шен доттагӀий болчу. The Insider газето йаздира, иза йедда, йетташ, тIехь ницкъбеш, ша доьзалехь хьийзорна.
Цо дийцарехь, аэропортера схьайогIучу заманчохь церан машен сацийнера Нохчийчуьра бахархой чохь болчу шина машено, шаьш полисхой ду аьллера цара. Иштта оцу наха дIахьединера, йоIа къола дина аьлла, цунах шеконаш йу, ткъа цуьнан доттагIех- иза лачкъийна аьлла. Хизриева дуьхьал хилира цаьрца цхьана дIайаха, цо полици ша тIекхайкхира. Талламаш бинчул тIаьхьа къаьстира иза лехамашкахь цахилар, тIаккха маьрша йитира иза. "Марем", "SK SOS" тобанийн бакъонашларйархоша билгалдоккху, Оьрсийчохь цунна кхерам бу аьлла.
- Къилбаседа Кавказера зударша кест-кеста дIахьедо, шайна доьзалшкахь ницкъ бо олий, уьш регионашкара дӀабаха гӀерта, шайна маьрша хетачу мехкашка. Амма дукха хьолахь церан гергарнаш тIаьхьабовлу царна, уьш йухаберзо дагахь, низам а дохош, кхин а алсам царна тIехь ницкъ а беш. И тайпа дийцарш зударий хIаллакбеш дирзина меттигаш а бу.
- 2025-чу шеран гIадужу-баттахь Эрмалойчохь йийра нохчийн йоI Баймурадова Iайшат. Бакъонашларйархошка орца дехнера цо цул хьалха, ша цIахь болчара хьийзош йу аьлла. Цунна цIера йодуш гIо дира Къилбаседа Кавказера бахархошна гIо латточу кризисан тобанаша- "СК SOS" и "Марем". Ша цIера йаьллачул тIаьхьа социалан машанашкахь йозанаш деш, эфираш хIиттайора Iайшата, иза луьйш хуьлура Кадыров Рамзанна а, Нохчийчуьра муфтиятана а, ша йолу меттиг къайла а ца хьош. 2025-чу шеран гIадужу-беттан 19-чохь йийначу цуьнан дакъа хааделира Ереванера цхьана петарчохь. ЙоьIан гергарнаш дуьхьал хилира цуьнан дакъа дIадахьа а, Нохчийчохь иза дIайолла а.
- Хьалхо Нохчийчуьра Сулейманова Седа бертаза даймахка йухайигира, Петербургехь лачкъийначул тIаьхьа. SK SOS кризисан тобано бинчу хаамца, йоӀ, гарехь, "сий лардеш" йийначух тера ду, цул тIаьхьа шен дай баьхначу Ӏалхан-Юьртахь дӀайоьллина "кешнашна арахьа, жӀаьла санна, некъан йистехь". 2022-чу шарахь цIера йеддера иза, нуьцкъала ша маре йала хьийзарна а, даим а шайн чохь девнаш латтарна а. Петарбургехь болх а карийна, йехаш йара иза. Оццу шарахь марсхьокху-баттахь иза нуьцкъала дIайигира Нохчийчу. 2024-чу шеран охан-баттахь хаам баьржира Оьрсийчоьнан Талламан комитето йоӀ йарца доьзна "стаг вер" аьллачу артиклехула бехкзуламан гӀуллакх долийна аьлла, амма талламан жамӀаш хууш дац тахана а.