ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Доьзалера йедда, тIаккха цIайерзийначу Нохчийчуьрчу Тарамовин хьолах дийцина бакъоларйархочо


Тарамова Хьалимат
Тарамова Хьалимат

Кадыров Рамзанан уллерчу цхьаволчу хьаькаман йоI Тарамова Хьалимат дийна йу, дIахьедина Собчак Ксениян йеллачу интервьюхь бакъоларйархочо, СК SOS кризисан тобанан хьалханчо Истеев Давида.

2021-чу шарахь кадыровхоша Дагестанерчу шелтерера лачкъийра Тарамова, шен гергарчех йеддера иза – бахьанех цхьаъ дара цуьнан ориентаци. Цул тIаьхьа шена кхерам лаьтта бохуш къамелаш ца даржор дийхира цо, ша паргIат йита элира. Шарахь сов цуьнах лаьцна хIумма а ца хезара.

"Иза дийна юйла хаьа суна. Дерриг Iадаташ лардан гIерта иза, паргIат дахар дIакхоьуш йолу бакъйолу бусулба хила гIерта, и дара цуьнгара луург. Шен дахар оцу доьзална охьадиллича нийса хир ду аьлла сацам бина цо. Царна луучу кепара лела иза", - аьлла Истеевс.

  • Кадыровн гонерчу, Соьлжа-ГIаларчу "Гранд-паркан"директоран Тарамов Аюбан йоI ю Тарамова Хьалимат. Шен цIера едда, ХIинжа-ГIаларчу бакъонашларъярхойн шелтерехь хьулъелла йоI, лачкъийра кадыровхоша Мангал-беттан 10-чохь. Тарамова лачкъош кадыровхошна гIо деш бара Дагестанера бакъоларъяран органийн белхахой. Петар чохь хилла дукхахболу зударий нуьцкъаша арабаьхнера цара. Тарамова а, цуьнан доттагI а полици кхачийра, цул тIаьхьа Нохчийчу дIайигира Хьалимат. Цуьнан доттаг1чунна Оьрсийчуьра д1айаха дийзира.
  • Марсхьокху-баттахь кхин а керла цхьацца хаамаш Iорабевлира Тарамовех лаьцна. ЦIера ядале хьалха кхаа баттахь Подмосковьерчу Invia Elite клиникехь латтийнера иза, гомосексуалах "дарба лелош", иштта, цунна тIехь КъорIан а доьшуш, "жинаш лаьхкинера".
  • Дайначу шеран гезгмашин-бутт болалуш Тарамова Хьалимато видео дIайазйира, шех лаьцна элдиташ ца даржош, ша паргIат йаха йита аьлла. "Шуьга дIахаийта лаьа суна, со йийна йац, сан гIуллакхаш дика ду. Сайн доьзалехь йу со, гергарчаьрца", - аьлла йоьIа.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG