ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Доьзалерчу Iазапах йедда хилла йолу 20 шо долу нохчийн йоI Москвахь дIалаьцна – бакъоларйархой


Исмаилова Селима
Исмаилова Селима
Хийцина: дуьххьара йаздинера оха, лаьцначунна 19 шо ду аьлла, амма МВД-н хаамашца, 2023-чу шеран дечкен-беттан 18-хь Исмаилова Селимин 20 шо кхаьчна.

Москварчу "Внуково" аэропортехь Оьрсийчуьра дIайаха арайаьлла нохчийн йоI Исмаилова Селима дIалаьцна. Хьалхо шен доьзалца Германехь Iийна йу иза. Цул тIаьхьа даймахкарчу гергарчаьрга дIайелла хилла, цигахь таIзарш деш, гIело йина цунна. ЙоIана гIо дина "Марем" цIе йолчу бакъоларйархойн проекто.

Исмаилова дIалацаран бахьана цуьнан гергарчара полицехь цо къола дина аьлла дина дIахьедар ду. Къилбаседа Кавказера доьзалерчу Iазапах уьдучу мехкаршна церан цIерачара изза бахьана хIоттадо. Нохчийн йоIанна гIоьнна аэропорте адвокаташ баьхкира.

"Полицино шаьш ТIехьа-МартантIера шайн белхан накъостий схьакхачаре хьоьжуш ду, цаьрга йоI дIайала дагахь ду элира. ДIалаьцна кхо сахьт даьлча, Селима дIахоьцуш йац", – хаамбира доьзалерчу Iазапах бевддачарна гIо дечу центран белхалочо Русова Софияс.

Цо дийцарехь, ницкъахоша йоI охан-баттахь дуьйна лехаршкахь йу аьлла, амма аэропорте и дIалаца аьлла деанчу кехатехь мангалан-беттан 12-гIа аьлла йаздина ду. Исмаиловина хууш ца хилла, шена бехктакхаман гIуллакх долийнийла. Оьрсийчуьра арайала дагадаллалц иза лохуш цхьа ца хилла.

ХIинца Селимин цIе чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин базехь йу. Иза бехктакхаман гIуллакхехь хиларна лохуш хилла боху. Муьлхачу артиклаца – билгалдаьккхина дац. ЗIене вала луучунна йовзийта билгалйаьккхинарг Нохчийчуьрчу ТIехьа-МартантIерчу кIоштан ГИБДД-н декъан телефон йу.

Редакцига "Марем" проектан куьйгалхочо Анохина Светланас дийцина ма-хиллара, Исмаилова шен 12 шо долху хенахь деца-ненаца, вежаршца, йижаршца Германи дIайахара. Цигахь ненаца девнаш хилар бахьана долуш, цунна таIзарш деш хилла. 2021-чу шеран аьхка иза ТIехьа-МартантIерчу шен ден нене дIайелла. Германера цIавеъначу дас цунна йиттина. Йуьйр йу ша аьлла, кхерам тесна.

Бакъоларйархоша республикера арайала гIо дина Исмаиловина, масех баттахь, кехаташ кечдаллалц, иза Москвахь къайлайаьккхина латтийна цара, билгалдоккху Анохинас. ХIинца иза Нохчуйчуьрчу ницкъахошка дIайаларан кхерам хIоьттина, цара иза доьзале дIалур йу, дIахьедира къамелахочо.

  • Доьзалера Iазап – Къилбаседа Кавказера чолхечу проблемех цхьаъ йу. Дуккха а меттигера зударий шайн цIийндайша а, кхинболчу гергарчара а Iазапехь латтабо. Хууш ма-хиллара, низамхойн урхаллаша и тайпа хиламаш тергал ца бо. Нагахь бехкечарна бехктакхаман гIуллакхаш доладахь, царна мелла а кIеда кхел кхайкхайо.
  • ТIаьхьарчу иттех шарахь доьзалерчу Iазапах лаьцна пачхьалкхан думехь 40-за низаман проект хьалхатеттира, амма царех цхьа а дIайешна йац. 2017-чу шарахь Оьрсийчоьнан Бехктакхаман кодексера дIайаьккхира доьзалехь ницкъбарна йолу артикал, амма йукъадаьккхира административан жоьпалла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG