ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Доьзалийн таронийн зерашлахь аутсайдераш хилла Кавказерчу  республикех


ГIебарта-Балкхаройчоь, архивера сурт
ГIебарта-Балкхаройчоь, архивера сурт

2022-чу шарахь динчу зерашлахь* тIаьххьарчийн могIаршлахь нисйелла Къилбаседа Кавказера республикаш. Талламаша дийцарехь, Къилбаседа Кавказан Федералан гонашлара масех махкахь ши бер долу доьзал а дIа ца кхехьало.

Зераш дIадаьхьнарг пачхьалкхан “РИА Рейтинг” агенталла йара. ЖамIаша йухьаралаьцнарш Росстатан хьесапаш дара. ХIора махкахь, шина адаман йуккъерчу барамера шеран алапа схьаэцча, уггаре лахарчу барамехь ахча дойъу, доьзалехь ши бер долуш, нисдича.

Цу кеппара гучуделира, диъ адам долчу ГIебарта-Балкхаройчуьра доьзалехь кIезгачу хьашташна 7 эзар сом цатоар. Оьрсийчохь доьзалаш минусе боьлхучарех шолгIачу регионех йу ГIалгIайчоь (-203сом). Рейтинган кхозлагIчу могIанан чакхенгахь лаьтта Нохчийчоь - цигахь шина доккхачу адмана, шина берана доьхкича, доьзалехь дуьсург 2 эзар сом ду.

Иштта таронашца ледарчу регионийн тептарехь нисйелла Кхарачой-Чергазийчоь, ГIалмакхойчоь, Дагестан, Къилбаседа ХIирийчоь. Ставрополан мохк 85 -х лаьттачу могIарехь 65-чу меттехь лаьтташ бу (кхузахь доьзалашкахь ладаме доцчу хьашташна 18,6 эзар сом дуьсу), Ростов махкахь 56 меттиг йу (21 эзар), Волгоградан мохк - 49 (25 эзар). ЮФО, СКФО махкашлахь лаккхарчу меттехь йу Кубань. Цо дIалаьцна 44 -гIа могIа, терахь 26,4 эзар сом долуш.

*Оьрсийчоьнан официалан статистикана чубогIу аннекси йинчу ГIирмера а, Севастополера а, иштта Оьрсийчоьно дIалецначу Украинан Запорожьен а, Херсонан а кIошташкара хаамаш а. Иштта "ДНР", "ЛНР" олучу меттишкара хьал а.

  • 2022-чу шарахь Оьрсийчохь динчу социал-экономикин зерашца Къилбаседа Кавказера йиъ республика эшначу иттанна йуккъехь нисйелла. Билгалйаьхначу регионашкара хьал хьалхарчу шарахь хилчул гIоле а ца карийна.
  • 2022-чу шарахь Росстато зорбанедехира къоьла ловш болучеран хьолах хаарш. Уггаре хала йоллуш ГIалгIайчоь йу аьлла гайтира жамIаша - бахархойн кхозлагIа дакъа хала бохкурш бу. СКФО кхечу регионашкахь а дац церачул гIоле хьал. Кавказ.Реалии редакцино хеттарш динчу эксперташа дийцира, Къилбаседа Кавказерчу республикийн къоьлех шайна хуург. Официалерчу зераша ма-дарра долу хьал цагайтарах дерг а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG