ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Докъаза валар. Дагестанера аптекахо веран гIуллакх Нохчийчохь ду


Кардашов Алексей
Кардашов Алексей

ДIадаханчу кIирнахь Нохчийчохь дIадаьхьира Дагестанан вахархо Кардашов Алексей веран гIуллакхан рогIера ладогIарш - цул хьалха иза нохчийн ницкъахоша лачкъийна дIавигира. ХIинца бехке хила тарлуш верг хьалхо цу гIуллакхехь теш лаьттина Соьлжа-гIалара таксхо Омаров Сайд-Мохьмад вара - меттигерчу ницкъахоша йетта а йетташ ша динчунна "даре дайтина" волу. Ницкъахой кхечу гIуллакхехь чекхбовлуш бу - шайн белхан таронийн дозанаш хедорна. Хасав-йуьртарчу аптекхочун гIуллакх шатайпа лоруш хIунда ду? Цунах ши гIуллакх хIунда дина? ХIунда хетало "зуламхо" цхьа тамашийна.

Бехкениш боцу кхел

Хасав-йуьртара 43 шо долу аптекахо Кардашов Алексей 2017-чу шеран гезгмашин-баттахь тIепаза вайра - Дагестанерчу талламхошна хиира, иза нохчийн номерш йолчу машенахь Нохчийчоьнца долчу дозанал дехьа ваьккхинийла. Нохчийн ницкъахой схьа а лийцира, царна догIуш долу "таIзар дира". Аптекахо вийнарг а "карийра". Амма Кардашовн гергарчарна оццул дерг тоаме ца хийтира.

2017-чу шарахь Кардашов Алексей дIалаца веанера ши росгвардеец Дукаев Аслан, Абдурашидов Бекхан - тоьшаллаш динарг цу гIуллакхан коьрта теш Омаров Сайд-Мохьмад вара. Кардашовгара "Лирика" молха эцна бохуш волу. И молха эпилепси цамгарна лелош ду, лоьрера рецепт ца хилча, дохка мегаш дац, наркотикаш лелочарна йуккъехь дикка девзаш ду. Аптекахо Гуьмсе дIавигира, цул тIаьхьа иза вайра - йайра цуьнан машен а, цуьнан банкан-карташ тIера 550 эзар гергга сом а.

Омаровс гIовгIа йира, тхуна гира иза СИЗО чохь. Диъ шарахь хьийзош ву со кхара, элира цо.

2023-чу шеран зазадоккху-беттан 23-хь Нохчийчуьрчу росгвардейцийн гIуллакх дуьйцуш рогIера ладогIарш хилира. Видео-зIенехь тешаца Омаров Сайд-Мохьмадца къамел дан аьтто белира. 2017-чу шарахь Дагестанерчу полисхошка Кардашов нуьцкъала Нохчийчу полисхоша дIавигна элира. Ткъа 2019-чу шарахь Омаровс дагахь доцчу кепара даре дира, и Кардашов вийнарг ша ву аьлла.

Бехке лорурш а, тешаш а цабахкарна дIатуьттуш латтош ду кхелан ладогIарш. Цу бахьанца дIатеттира зазадоккху-беттан 13 -хь хан йиллина ладогIар а. Росгвардеец Абдурашидовн а вар ца нисделира.

ТIаьххьара а зазадоккху-беттан 24-хь ладогIарш дIадаьхьира. Амма цига а Абдурашидов ца веара.

"Омаровс гIовгIа эккхийтира, тхуна гира иза СИЗО чохь. Диъ шо ду ша кхара хьийзаво, ша хIумма дуьйцур дац, бохура цо. Цунан ненаца Зиница къамел а дира оха - цо элира, шайн доьзалан берриге баланаш, шен кIант 2016-чу шарахь шина кIиранна "ларми чу волла" дIавигачхьана, дIабуьйлабелла. Цунна цигахь йаа хIума ца лора, аса кхийхьира иза цига",- "Iазапашна дуьхьалла тобанан" юристо Гусев Константина.

Омаров дIалацаран бахьана наркотикаш йу аьллашехь, цу хьокъехь цхьа а гIуллакх долийна дацара. Цуьнца цу хенахь дIалецира кхин а 50 стаг - " рейд йара иза", боху Гусевс. Эххар а кхело дIадешнарг Омаровс хьалхо Нохчийчохь дина къамел дара - ша и аптекахо верна даре деш.

Кардашовн гIуллакх Гуьмс кIоштан кхелехь латтош ду. Шайн белхан таронийн доза хадорехь бехке лурушберш - ши нохчийн росгвардеец Духаев Аслан, Абдурашидов Бекхан -2019-чу шарахь арахь йаккха кхо шо хан тоьхна, цхьанххьа вахан-ван йиш йоцчу кехатна куьйгаш йаздайтина, витира.

2019-чу шарахь "Iазапашна дуьхьалла тобанан" хIинцалерчу юристаша тергоне диллира и гIуллакх. Цара дийцарехь, цу нахана тоьхна хенаш низамца йогIуш тоьхна йара. Амма цул хьалха и гIуллакх кхечу тIегIанна тIедоккхуш, бух кечбира.

"Тобанца бертахь стаг лачкъор" аьллачу статьяца латтош бара уьш дуьххьара. Амма кхелехь талламхоша бехк "даржан тарононийн дозанаш хедор" аьллачу статьяца хийцира. Талламан керлачу хьежамашца, ницкъахоша бакъо йоццушехь, Кардашов дIавигира. Кхечу республикера дIавигар а, шайн боцу болх бар а",- кхеттош, дуьйцу "Iазапашна дуьхьалла тобанан" Къилбаседа Кавказерчу декъан куьйгалхочо Ванслова Екатеринас.

Кхелан сацамна реза бац Кардашован векалш - уьш тешна бу, росгвардейцхоша шайн таронийн доза хадийна ца Iаш, аптекахо варна а бехке хиларх. Цундела гIуллакх йуха а кхеле делла цара.

Адвокатийн позици кхерамехь йу

"Хаттар ду тхан, Омаровс хьалхо Дагестанехь дина къамел хIинца хьехош а хIунда дац - цигахь цо ша лачкъорна бехке веш виъ стаг вара: кIошташна йуккъерчу нарко-зейрийн белхалой Юсупов Алихан, Азиев Калоги а, росгвардейцаш Духаев Аслан, Абдурашидов Бекхан а. Нохчийчохь ша дIалацарах, шена йеттарах, шега Кардашовах лаьцна хеттарш дарх дуьйцура Омаровс. ТIехула тIе цо дуьххьара йалх стаг вара элира, амма цIераш веаннан бен ца йехира. Иза цаьрца Дагестане вахара, цигахь Кардашовца цхьаьнакхетта и машен чу хаийна, хIорш Гуьмсе схьабаьхкира. Омаровна гира, Кардашов чохь волу машен полицин декъан керта йоьдуш",- дуьйцу Вансловас.

Мехкадаьттин биргIа ларошволчу росгвардейцо наркоманаш стенна луьйцу?

Кардашов верах Омаровс дийцинарш цуьнан шен гIуллакхехь дисна. Ткъа росгвардейцаша шайн даржийн таронийн дозанаш хедорна долийначу гIуллакхехь уьш дац, тIетуху къамелахочо. Юристаша и ший а гIуллакх цхьаьнатоха бохуш, дIахьедарш дина. Иза ца дахь, хьалха дина къамел дехьарчу гIулакхехь лаьтташ, росгвардейцийн бехк хилар талла хала хир ду.

Омаров Нохчийчуьрчу СИЗО-хь мел ву, цунна тIеIаткъамаш беш хила тарло, аьлла шек йу Ванслова: "Хетарехь, бакъдерг ца дуьйцуш, исс шарахь чохь валла реза ву и."

ГIуллакх Нохчийчуьра арадаккхийтахьара бохуш юристаша дина дIахьедарш ца магийна. И таллараш цу регионехь мел ду, бакъдолчун сурт хIоттон а, тоьшаллаш гулдан а аьтто хир бац, боху юристаша.

Зазадоккху-беттан 27-хь Ножай-йуьртахь Кардашов веран гIуллакхан кхин цхьа ладогIарш хилира. Росгвардейцаш цу гIуллакхехь тешаш санна лаьтташ бара, Омаров - бехке хила тарлориг. Амма цу ладогIарехь Омаровс хIумма ца дуьйцуш, 51 статья ийцира (шена, шен гергарчунна а дуьхьал тоьшаллаш дан цалаар.- билг.).

Омаровн нана а йара цигахь, амма йист ца хуьлуш, Iийра. Хьалхо дийцира цо, шен кIант Кардашов къайлаваккхале хьалха а сих-сиха дIавуьгура, шена и йиттина, ницкъ бина гора. Амма Кардашов верах шена хууш хIумма дац аьлла бохуш, дуьйцу КПП-н юристо Веретенников Романа.

"Росгвардеец Духаевга цуьнан белхан декхарех лаьцна хеттарш дийр дара оха. Тхо ца кхета, махкадаьттан биргIа ларош волу росгвардеец наркоманаш лийца хIунда вахана? Духаев мехкадаьттан полкан белхало ву. Кхелахочо дуккха хиттира цуьнга, Дагестане стенна вахнера, Кардашов Нохчийчу схьа хIунда валийра, хьан аьлла дира аша иза? Кхечу регионе даха деза ала дагадеънарг мила вара? Духаевс цакхетош, жоьпаш лора, "тхо сихделлера" бохуш,- дуьйцу Веретенниковс.

Йуьхьанца аптекахо лачкъор а, тIепаза вар а толлуш Дагестанера талламхой бара, иза цара "дика а толлура", дуьйцу юристо Гусевс. "Сан практикехь иштта таллам хилла бацара". Дукха сиха фигуранташ муьлш бу хиира, уьш лохуш федералан - лехамашкахь кхайкхабира.

Талламаш дукха дика дIабоьлхура. Дагестанерчу талламхоша Iуналлин камераш а теллира. Царна тIехь гуш дара вайначу аптекахочун карташ тIера ахча схьаоьцург мила ву а. Амма гIуллакх Нохчийчу дехьа доккхушехь, берриге болх сецира.

"Нохчийчоьнан ницкъахоша шаьш гIуллакх дIадахьаран бахьана, Кардашов Гуьмсехь вайна хилар ду элира. Иза шаьш долчохь вайна хилча, гIуллакх а шайгахь хила догIу. Дагестанерчу талламхоша царна дуьхьало ца йира. Оха бехира, гIуллакх Дагестане йухадаккха - амма иза дан аьтто бацара. ХIинца оха дIахьедо, гIуллакх СКФО комитете дIадала догIуш хилар",- боху Гусевс.

Цадина зулам тIелацахь, кIезга хан тухур йу аьлла дош деллера

И гIуллакх Дагестанерчу полисхошкахь долчу хенахь, Омаров стаг дIавуьгуш гIо динарг бен ца хуьлура. Цунна мел дукха а кхо шо хан лур йара, боху юристаша. Амма гIуллакх Нохчийчу дехьадаларца, цо ша аптекахо вийна олий бехк тIелоцу. Цундела и дIалоцу, УК 105 статьяца (адам дер)

"Ткъа шаьш росгвардейцаш бехке лоруш бу, Кардашов дIалаца бакъо цахиларна, цара цунна тоьхна хила а тарло, амма цара иза дIахецна. ТIаккха шен ишта а иза ца везаш волчу Омаровс лата летта, коьртах тIулг тоьхна, хи чу кхоьссина. ХIинца йа дакъа дац, йа тIулг бац, йа цхьа а тоьшаллаш дац. Амма Омаровс ша бехке во",- элира Гусевс.

Адвокаташа хеттарш дича, Омаровс дийцира, шена тIеIаткъам барах, нагахь ахьа и Кардашов вер хьайна тIелацахь, оха лахара таIзар хIоттор ду хьуна бохуш: "иза царех тийшира, амма цунна 9 шо хан туьйхира. Тхуна и бехке вац аьлла хета. Мел дукха а цу гIуллакхах хьакхалуш хила тарло и. Хиллехь а, шена йогIу хан йаьккхина и ваьлла"

Диъ шо ду Омаров СИЗО-хь латтош волу. ЦIахь зуда а, кхо бер а ду цуьнан

Кардашов Алексейн нана ца теша, таксхочо Омаровс шен кIант вийна аьлча. Омаровн гергарнаш а ца теша. Йа ша Омаров а, массийттаза шен къамелан чулацам хийцина волу. Цу бахьанца и гIуллакх йух-йуха а кхеле кхочу - Гуьмсера Ножай-йуьрта дехьадаьккхина иза.

Вайначу кIентан нанас массо инстанцешка дIахьедарш дира: президент Путин Владимирна а, Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна тIера дIайолайелла Москварчу раввинатна тIекхаччалц. (Кардашов ламан жуькти ву. - ред. билг.) Амма Iедалхоша иза тергал ца йира.

  • 2022-чу шеран гезгамашин-баттахь"Арифметика пыток" рапорт зорбане даьккхира "Iазапашна дуьхьал Командо" (КПП) Къилбаседа Кавказехь полисхоша латточу Iазапах лаьцна. Бакъоларйархойн зерашца, 87 процент меттигашкахь Талламан комитето дуьхьало йо церан хьокъехь бехкзуламан гIуллакхаш схьаделла.
  • Хасав-йуьртан гIалин кхело Алиев Шамилан адвокато бинчу латкъамна жоп луш, магийра, иза шен цIахь чохь валлош хан тохар. Цу гIуллакхехь бехке лоруш волу - Сайпулаев Рамазан - СИЗО-хь витира. Ницкъахоша таIзараш динера меттигерчу йахархочунна Курашова Юлдузна. Тоьшаллаш доцуш дохка ца мега молханаш дохкарехь бехке йу хьо бохуш. Уьш дIалаьцна, церан бехк бакъ бина. Церан гIуллакх йуха а кхеле кхаьчна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG