Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штатийн 45-гIа президент хаьржина Трамп Доналд. Бехан болчу Нью-Йоркерчу доьзалехь вина а, долахь телевизионнан реалити-шоу а, хазаллин конкурсаш а йолуш бизнес-импери кхоьллина а ву иза.
Трамп Доналд: дахаран некъ
5
Чехословакера Зелничкова Ивана ялийна Трампа 1977 шарахь. Сурт даьккхина 1989 шарахь. ТIаьхьо дIасакъаьстина уьш, юкъахь кхо бер а долуш: Эрик, Иванка, Трамп Доналд-жиманиг.
6
Хазалла гойтучу конкурсийн декъашхо, актриса Мэйплс Марла ялийна Трампа 1993 шарахь.
7
Трамп а, Мэйплс Марла а шайн йоьIаца Тиффаница 1995 шарахь. Уьш дIасакъаьстина 1999 шарахь.
8
"Дуьненан Мисс" къовсам шен Iуналле ийцира Трампа 1996 шарахь. Оцу шарахь къовсамехь тоьллачу Венесуэлерчу Мачадо Алисияс иза бехкевира, иза шеца эвхьазвелира аьлла.
“Маршо Радион” доттагIий, шун аьтто бу тхан Facebook-ерчу аккаунтах пайда а оьцуш, тхан дискуссехь дакъалаца. Шун комменташна модераци ян эшарна, уьш сайтехь жимма тIаьхьо гучуевр ю. Нагахь санна тхоьга яийта шайн видео а, аудио а материалаш елахь, шун аьтто бу иза кху телефонца WhatsApp-e я Viber-e схьаяийта: 420 724 019832