ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Донбассера конфликт дIаерзош дакъалоцур ду Цхьаьнатоьхначу Штаташа


Стефанишина Ольга
Стефанишина Ольга

Донбассера тIеман конфликт дIаерзор дийцаре дийр ду Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташа дакъа а лоцуш. Цуьнах лаьцна дIахьедина Украинин вице-премьера Стефанишина Ольгас, хаам бо Радио Свободано. Стефанишинас дийцарехь, Вашингтон юкъаяхна оцу балхана Американ а, Украинин а президенташ цхьаьнакхеттачу дийнахь дуьйна.

Американ Цхьаьнатоьхначу Штаттийн в, Украинин а президенташ Джо Байден а, Зеленский Владимир а цхьаьнакхийтира Вашингтонехь Гезгмашин-беттан 1-хь. Кхечарна юкъахь цаьршимма дийцаре дира кхерамазаллица а, тIеман гIуллакхашца а доьзна хаттарш, шана юкъахь "Оьрсийчоьнан агрессина дуьхьало яр а долуш".

Зеленскийс дехар дира ГIирмехь а, ДНР а, ДНР а олучу территорешна тIехь а лаьцна чубоьхкина нах маьршабохуш накъосталла дахьара аьлла. Киево Вашингтоне хьажийначу тептарна тIехь ю 450 гергга стеган цIе.

Донбассехь иккхина конфликт схьайогIуш ю 2014-чу шарахь дуьйна. Оцу хенахь Киеван Iуналлера девлира Донецкан а, Луганскан а къоштийн дакъош. Оцу девнехь вийна 13 эзар стаг. Лаххара а цхьа миллион ах миллион цигарчу маьрша бахархоша йитина шайн ков-керт.

Оцу регионера тIеман конфликт дIаерзор Iалашонца кхоьллина ю кхаа агIоно дакъалоцу контанктан тоба, шена юкъахь Украина а, Оьрсийчоь а, Европехь кхерамазаллехула а, цхьаьнабелхан а вовшахтохаралла а (Organization for Security and Co-operation in Europe - OSCE) йолуш. Политикан сацам барехула кхоьллина ю 4-ъа пачхаьлкхан куьйгалхойх а, арахьарчу гIуллакхийн министрех а лаьтта тоба. Цунна юкъахь ю Германи а, Оьрсийчоь а, Украина а, Франци а.

Украино а, Малхбузен пачхьалкхаша а бехке йо Оьрсийчоь герзаца болчу сепаратисташна гIортор ярна. Москвано тIе ца дуьту шена дохку бехкаш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG