ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ХIун мах бу патриот хуьлург?


Къилбаседа ХIирийчоьнан куьйгалхо Битаров Вячеслав
Къилбаседа ХIирийчоьнан куьйгалхо Битаров Вячеслав

Алан Гаглоев

Къилбаседа ХIирийчохь хьолахо хила веза шен къоман духар а лелош, къоман кхача а бууш ваха (изза хьал ду луларчу мехкашкахь а)

ТIаьххьарчу хенахь хIирийн къоман хатI юхадалош хьийзарг мехкан куьйгалхо Битаров Вячеслав ву. Модехь ду Габарати Лизас йина коч йохар, хIирийн байракх смартфон чохь лелор, меттигерчу яздархойн кинжкаш листар.

Бакъду, патриот хилла ваха атта дац – ахча дукха долу. «Вуьззина» хIири хилла ваха луучо сиха лакъор ю доьзалан бюджет.

Аьр вай даар. ХIирийн коьрта кхача бу шатайпа чIепалгаш. Амма уьш Европерчу пиццанал а, роллел а деза ду. Чу нехча, буракан гIаш я картол йоьллинчу чIепалгах доьху 150-200 сом. Фыдджын (жижиг чохь долу чIепалг) кхин а еза ю – 350 сом.

Ишта бу мехаш къоман кхача кечбечу БуьрийтIерачу «Къона» ресторанехь. 170 сом бу «лывжа» я «хаш» чорпин мах, 170 – 200 соьмах ло шурех а, демах а йина «дзыкка».

ХIирийчохь бина кхача арахьара тIебохьучул а беза хуьлу. Цхьа «Дарьял» йий доцург – иза дуьхьаллаттало шен мехаца «Баварина». Амма меттигерчу шурин сурсатийн мехаш «киса дассош» бу дукха хан йоццуш схьайиллинчу «Метро» гипермаркетехь: шурин "Молоко Осетии" литрах 140 сом доккху. Ткъа ГIебарта-Балкхаройчуьра еана юхкучу шурин литрах ца доьху 35-40 сом бен.

Габарати Лизас арахецна боршачу нехан кучамаш ю хьаькамашлахь яьржина, ша Iедалан дас Битаровс а лелош. Дизайнеран сайта тIехь бац мах гайтина – амма и коч йораха яц . Гойтуш ерг берашна тегна кучамаш ю: кхо шо кхаччалц долчу беран кучах 1800 сом доьху, ялх шаре кхаьчначуьнчух – 2000.

ХIирийн къоман духар а, аксессуараш а яржочу Hikond сайто кхойкху шайн туьканашка бахархой. 80 соьма тIера 1300 соьме кхаччалц бу «хIирийн блокнотийн» мехаш. Зударийн Aivad лакхарчу кучах 3,5 эзар сом доьху, еха коч эца таро ю 7-10 эзар соьмах. Машин куйнан мах 1500 сом ду. БуьрийтIе я Хетагуров Костан сурт тIехь долчу божарийн футбол-кучах 1400-2000 доккху.

Гоьбевллачу дизайнерийн духаран мехашка хьажча, тIех беза бац мехаш, амма махкахь юккъерчу барамера алапа а ма даций 10-15 эзар соммий бен!

ХIирийн мотт берана хьехийта лаахь, дIало "Фæндиаг" студе – цигахь иза кIоргга чудуьйр ду маттана, Берлицан методика ю хьехархоша лелош. Воккхачунна дешарх кIиранах (3 сахьт) дала деза 8000 сом, ткъа берах баттахь (1 сахьт хьоьху хIора белхан дийнахь) – 5000 сом.

Къоман маттахь арахоьцучу кинжкаш а яц йорах. ХIирийн-оьрсийн дошаман лаххара мах 500 сом бу, амма еза эца еза нагахь санна хаза кечйина дошам езахь.

Пачхьалкхан бюджето кхобучу хIирийн маттахь арадолучу "Рæстдзинад" газете шарна язлург дала деза 944 сом.

ЖамI деш аьлча, атта дац патриот хила, аьлча а, дац дораха. Нехан каракхочу рицкъ кIезиг хилар юьхьараэцча-м муххале а. Делахь а ала деза, мелла а дорах ду ХIирийн театре билеташ, ткъа цхьайолу кинжкаш яьхна интернете. Цундела, хIирашна шайн синбахамалле кхача некъ банне а бац аьлча а хир дац нийса. Лаамберг кхачало.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG