ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ДПС-н инспектор вийна Соьлжа-ГIалахь. ТIелеттачунна герз диттина


Соьлжа-ГIала.
Соьлжа-ГIала.

Соьлжа-ГIалахь кварталан маьждигехь вевзаш воцчо ДПС-н инспектор вийна, тIелеттарг оцу меттигана уллехь герз диттина вийна. Цунах лаьцна Кавказ.Реалиин редакцига Нохчийчоьнан низамлардаран органашкарчу хьостано хаамбина.

Нохчийчоьнан куьйгалхочо шен телеграмерчу каналехь дийцина ма-хиллара, ламаз дечу юкъанна тIекхетта иза ницкъахочунна. Вада гIоьртича вийна бохуш дуьйцу.

"Карарчу хенахь полисхоша зуламхочун гIоьнчаш хила мегарш лоьху, иштта зулам даран бахьанаш а", - дIахьедина Кадыровс.

ТIечIагIйина йоцучу информацица, ДоттагIаллин хIолламна уллехь вийна тIелеттарг, Путинан проспект а, Назарбаеван цIарх урам а вовшахкхетачу меттехь. Niyso телеграмерчу каналехь арахецначу видео тIехь герз кхуьйсуш хеза, тIаккха стаг лаьтта охьавужу. Иза хьалагIотту, тIаккха рогIера герз диттича иза юха охьавужу.

  • Дайначу шеран мангал-баттахь карахь урс долчу стага стационаран постехь хадеш хиллачу Оьрсийчоьнан Нохчийчуьрчу МВД-н цхьанатоьхначу тобанан декъашхошна тIелатар динера, аьлла хаамбира низамлардаран органаша. Табелан тапча йиттира цунна полисхоша, тIаккха хиллачу чевнех кхелхира иза. Полисхойх цхьа а лаза ца вира.
  • 2019-чу шеран мангал-беттан 23-хь Соьлжа-ГIалахь некъан полицин белхахочунна уьрсаца тIелатар дира меттигерчу вахархочо 21 шо долчу Барзаев Ахьмада. Официалан версица, инспекторна Сафиулаев Рамильна чевнаш йина хиллера цо. Оцу заманчохь тIехволучу Росгвардин эскархочо Джабраилов Зеламхас герз тоьхна, вийнера тIелатар динарг. Герз кхетале Барзаев кхиина хилла Джабраилов лазо а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG