ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ДПС-н постана тIелатар дарна лоьхуш хиллачех цхьаъ велла карийна ХIирийчохь


ДПС-н белхахо. Гайтаман сурт
ДПС-н белхахо. Гайтаман сурт

Къилбаседа ХIирийчуьра ДПС-н постана тIелеттачех хила тарло аьлла, лаца кхайкхийна ГIалгIайчуьра вахархо Эльдиев Рамазан зазадокху-беттан 29-чохь велла карийна. И хаам бина щайн хьасташна тIетевжина пачхьалкхан "Интерфакс" агенталло.

ГIирсаца къамел динчун хаамца, Эльдиевн дакъа карийна Карабулакехь – герзаш деттачу хенахь йинчу чевнех кхелхина иза аьлла лору.

Регионалан ФСБ-н урхаллина тIетевжаш, агенталло иштта йаздо, зуламна бехке хета кхин а цхьа стаг къайлахчу сервисаша лоьхуш хиларх. Малгобекера Гуражев Амирхан ву иза. Хьалхо лаца кхайкхийнера тIепаза вайна Кантышево эвлара Мошхоев Микаил а, Эльдиев Рамзан а, иштта Малгобекера Боков Iамир а.

  • Карладоккху, зазадокху-беттан 27-чохь ГIалгIайчуьра Наьсаран кIоштара полицин постана герзаш диттира бевзаш боцчу наха, оцу меттигера бовда аьтто а белира церан. Буьйса юккъе йахначу хенахь Кантышево эвлан галморзехь, ДПС-н пост тоьхначу меттигехь динера тIелатар. Mash Gor телеграм-каналан хаамашца, мел лахара а кхоъ хиллера тIелеттарг, уьш детин басахь йолчу ВАЗ-21099 машенахь хиллера. Полицин шина белхахочунна чевнаш йинера, дуьйцура, оцу герзаш кхийсарехь тIелеттарш а лазийна бохуш. Къилбаседа ХIирийчоьнан талламан органаша бехктакхаман гIуллакх долийна Оьрсийчоьнан Зуламан Кодексан 317-чу Iедалан къепехь (Бакъоларйаран органан белхахочунна тIелатар).
  • Зазадокху-беттан 27-чу буса Гуьмсехь ницкъахоша ши стаг вийра 1963-чу а, 1989-чу а шерашкара, вовшашца гергарло долуш хиллера и шиъ. Официалан версица, ницкъахошна тIелеттера уьш, цара цхьахдолчу цIа чохь герзашца хьулбеллачу нахах лаьцна информаци толлучу заманчохь.
  • Оппозицин блогеран Абдурахманов Тумсон хьалхо хиллачу хаамца, тIелатар дина хила тарло, цул хьалха ГIалгIайчоьнан а, Къилбаседа ХIирийчоьнан а дозанехь полицин постана тIелеттачара. Делахь а, тIаьхьо Абдурахмановс а, NIYSO телеграм-канало а йаздира, хетарехь, меттигера бахархой бу уьш аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG