ГIура-беттан 25-чохь дронаша тӀелатар дира Къилбаседа Кавказан кхаа республикехь: Къилбаседа ХӀирийчохь дуьххьара тохар дира Владикавказехь, йохка эцаран центран тIе охьадоьжначу БПЛАас цӀе йаьккхира, иштта йуха а дронаш хаъаделира Нохчийчохь а. Республикана дронашца тӀелатар дина аьлла хезна, цхьа сахьт даьлча, Казахстанехь, Актау-гIалан уллохь Азербайджанан авиакомпанин Баку- Соьлжа-ГӀала доьдуш хилла кема охьадоьжна аьлла хаам бира. Кемана тӀехь хиллачу 67 стагах, 29- стаг дийна висна. Кеманан дисинчу дакъош тIехь гуш ду ПВО-н ракета тоьхна хиларан билгалонаш.
Къилбаседа Кавказехь дронашца тӀелатар дина аьлла, дуьххьара хаамаш гучубовла буьйлабелира кхаарийн дийнахь 8 сахьт 26 минот йаьлча. Уггара хьалха хаам бира нохчийн оппозицин боламан NIYSO Telegram-канало, меттигерчу бахархошна тӀе а тевжаш. Диъ-пхи эккхийтарш хезнера Кадыров Ахьматан цӀарахчу 2-чу полкан базан уллохь. Шелан а, Хьалха-Мартан кӀошташкахь а хааделла хиллера дронаш - тӀаьххьара видео, геолокацига хьажча Хьалха-Мартан кIоштахь йаьккхина йу.
БПЛА-ша тохарх лаьцна информаци официалехь тӀечӀагӀйира - Нохчийчоьнан Кхерамазаллин Кхеташонан секретар волу регионан куьйгалхочун вешин кӀанта Кадыров Хамзата, цо йаздор "массо а дронаш дохийна, зенаш ца дина" аьлла.
Нохчийчоьнна дронашца тӀелатар дина аьлла, хаам баьржина цхьа сахьт а, далале информаци йелира Казахстанехь, Актау гӀалахь Бакура-Соьлжа-ГӀала доьдуш хилла Embraer 190 пассажирийн кема охьадоьжна аьлла. Цунах лаьцна –Оьрсийчоьнан Ӏедалша дӀахьедар дира, дохкано новкъарло а йина кеманна Нохчийчохь охьахаа аьтто бацара, цундела кема Каспий-хӀордана дехьа хьажийнера альтернативан аэродроме аьлла. ТӀаьхьо хӀаваан транспортан федералан агенталло дIаккхакхийра кемана олхазаран жугIа тӀекхетаран верси, ткъа Казахстанан Ӏедалша дӀакхайкхийра кислород чохь йолчу баллон кеман тӀехь иккхина хилла аьлла.
Кремл реза ца хилла кема дожаран бахьанех лаьцна гипотезаш йийца, таллам чекхбаллалц хаам бо "Интерфакс" пачхьалкхан агенталло.
Кема доьжна меттера зорбане даьхначу кеманан фюзеляжан суьрташ тӀехь гуш ду чкъоьрна тӀехь Ӏуьргаш, ишшта кеман урхаллан тIам йуххехь а, иза охьахааран а маневраш йан ца хилча ца йолуш йолу. Иштта, геригаш дина зенаш гуш ду кема дохале чуьра схьайаьккхинчу видеохь а.
"Conflict Intelligence Team кхоьллинчу Левиев Руслана "Дождь" канале ма-аллара, кеман тIехь долу Ӏуьргаш зенитни ракетийн элементийн лараш йу. Муьлхарш йу ма-дарра аьлча, хаттар дуьсуш ду. Коьртачу версица вай йуьйцург йу "Панцир-С1" ракетийн а, тоьпан а система йу, амма и кема кхечу ПВО-н системера чудаийтина хила тарло.
Аьрру агӀора- ирхан стабилизатор йу оьрсийчоьнан ИЛ-22 кеман, иштта герз тохарна бахьана долуш 2024-чу шеран дечкен-баттахь Анапехь сихонца охьахиънера иза. Аьтту агӀор йу Казахстанехь охьадоьжначу Азербайджанан авиакомпанин кеманан тIехьара декъан стабилизатор. Бухахь йу цуьнан фюзеляжан сурт, цу тӀехь гуш ду герза кхетта Ӏуьргаш.
Кеманан чоьхьара яьхначу видеохь а гойту, тӀехьарчу моторан хилла зенаш, иза хьазарчийн жIуга кхетта боху версица дохуш дац.
Дийна висначу пассажиро Рахимов Субхонкула Оьрсийчоьнан "Россия сегодня" телеканале дийцира, Embraer 190 кема кхузза охьахаа хьийзира Соьлж-ГӀалахь, амма тӀаьххьара охьахаа гӀертачу хенахь "цхьа хӀума иккхира.
"Эккхийтар кеманна чохь хилла эра дацара ас. Арахьа суна уллохь долу кеман чкъор дакъа дохийра. Ас жилет схьаэцча, цу тIехь гериган Ӏуьрг дара. И эккхийтар хиллачул тӀаьхьа, и гериг нисса сан когашна йуккъехула йахара. Цо жилетна Iуьрг даьккхинера", -дийцира пассажиро.
Оьрсийчоьнан ницкъаллин структурашца уьйр йолуш йу аьлла хеташ йолу ВЧК-ОГПУ телеграм-канало зорбане йаьккхина Соьлжа-ГӀалахь летчикан а, диспетчеран йукъахь хилла къамелийн стенограмма (текстан форматехь, аудио а йоцуш). Цунах схьадолу, Нохчийчохь охьаховша кхузза хьийзина кема, кхин гIуллакх ца хилча, пилоташ Баку йухаберза сацам бина. Цул тӀаьхьа навигацин а, урхаллин а системаш галъйаларна, латкъам бина а хилла цара, олхазаран жIуга бахьана система йохна моьттуш. Стенограммехь гуш ма-хиллара, цуьнан бакъ хилар тӀечӀагӀдина дац, пилоташ меттигерчу хенаца Ӏуьйранна 8 сахьт 16 минот йаьлча "латта тӀе" хаам бина проблемех лаьцна, Нохчийчохь дронашца тӀелатар дина аьлла телеграммехь хьалхара хаам бале-10 минот хьалха.
Flightradar24 сервисехь доьхначу кеманан лар дIахеда Дагестанерчу Каспийскан кӀоштахь –сервисан аналисташа йаздарехь, иза хила тарлуш дара GPS-ан система дIайина хилар. Эксперташ дийцарехь дронашца тӀелетарш дечу хенахь кест-кеста эскархоша лелош ду иза. Цул тIаьхьа кема карти тӀехь Каспий-хӀордана тӀехула доьдуш бен гуча а ца долу. Оцу хаамашна тӀе а тевжаш, Flightradar24 аьтто баьлла кеманан некъан цхьа дакъа меттахӀотто.
Оцу талламах гучудолу, лаххара а 75 минотехь кема чудале, церан аьтто бацара хаддаза локхалла а, чехкалла а латто. Цо гойтуш хила тарло гидравлически системина зенаш хилар – гидравлически кочалла арайаьллачул тӀаьхьа йа токан аккумуляторш охьахиъна чекхйевллачул тӀаьхьа, кеманна тӀехь урхалла ца дало, йа кема стабилан ца хуьлу, элира эфирехь авиацин эксперто, Украинин Герзан ницкъийн инарлас Свитан Романа. Изза пилоташ а дийцира, гидравликан а, урхаллин системаш галъйалар ВЧК-ОГПУ телеграм-канало зорбане йаьккхинчу стенограммехь.
Вай мел дийцинарг ду Оьрсийчоьнан ПВО-но кема духоран версина бух кхоьллинарг. Иза цкъачуьнна официалехь дӀакхайкхийна Украинехь бен дац. Къоман кхерамзаллин кхеташонехь, дезинформацина дуьхьало йечу центран куьйгалхочо Коваленко Андрейс бехке дира Оьрсийчоьнан Ӏедалан ледарлонаш. Цунна хетарехь, Соьлж-ГӀалана тӀехула йолу хӀаваан "аре" дӀакъовла йезаш йара, "Оьрсийчоьнан зенитни ракетийн системо" кеманна тоьхначул тӀаьхьа, кема Нохчийчохь охьахао дезаш дара.
OSINT аналисто Оливер Александрас чӀагӀдо, олхазаран жIуга кемаца духь-духьал кхетча, охьадоьжначул тӀаьхьа а кеманан тIехь Ӏуьргаш хила дезаш дацара, амма ведйина меттигаш хила йезаш йара. "Схьагарехь, кеманна тӀе кхеттачу хӀора а кегийчу геригана кинетикан энерги тоьуш хилла, цара кеман чкъор хадо", - йаздо цо.
"Олхазаран"верси, иштта шеконе йиллина авиацин говзанчо Мухтыбаев Серика а: Orda.kz сайтан редакторшца хиллачу къамелехь цо элира, техникан проблемаш хиларх лаьцна пилотас хаам бина дуккха локхаллехь, цигахь олхазарш ца лела, аьлла.
Кеман тIехь долу, цхьадолу Iуьргаш цилиндран кепехь ду, иза догӀуш ду "Панцир-С1" ракетан тохарш деш йолчу элементийн кепаца, дIахьедар дира тӀеман эксперто Матвеев Яна "Настоящее время" канале йеллачу интервьюхь. Журналисто а, видеоблогеро Наки Майкала а дуьйцург изза ду – цунна хетарехь, хьалха Соьлж-ГӀалана тӀелатарш динчул тӀаьхьа, "нохчийн хӀаваан эскарша массо а хӀуманна тӀе герзаш детта".
"NIYSO" боламан жигархоша хаамбира, Нохчийчоьнан ницкъхоша гIура-беттан 25-чу Ӏуьйранна дронашца дина тӀелатар йухатоьхна "Панцирь" гӀоьнца. Цара зорбане даьккхира аэропортана 10 км генахь йолчу Соьлжа-ГӀаларчу Катаяман кӀоштахь йоьжна бохучу ТКБ-1055 ракетан сурт. Меттигерчу бахархошна тӀе а тевжаш, иштта хаам бора кхечу кӀоштахь – Карпинкехь – дукха хан йоццуш ПВО-н системаш хIттийна аьлла. Цкъачунна аьтто ца баьлла, ракета йоьжна меттиг а, установкаш Нохчийчу дӀакхачийна хилар тӀечӀагӀдан.
Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дехар дира, 2022-чу шеран аьхка регионна ПВО латтор – цо кховдийра и система Шелан кӀоштахь дӀахӀоттор. Амма, цуьнан дехарна Кремлера цхьа а реакци ца хилара.
ГIура-беттан 25-чу дийнахь Ӏуьйранна Кадыровс кадам бира бохамехь байинчийн гергарчаьрга. Кадыров Рамзана комментари ца йира, хӀара текст зорбане йоккхучу муьрехь авиалайнерна республикан тӀехула стиглахь ПВО-н системаша ракеташ тоьхна хилла бохучу информацина. Бохам хиллачу сарахь, цо дӀайахьира "дӀадоьдучу шеран жамӀаш деш кхеташо", цигахь цо совгӀаташ а сийлахь цIераш йелира, шен гергарчарна а, накъосташна а.
Нагахь санна Азербайджанан авиакомпанин кема баккъалла а ПВО-н ракета тоьхна охьадоьжна делахь, тӀаккха хӀара шолгӀа хилам бу 2014-чу шарахь дуьйна. Цу хенахь Донецкан кӀоштарчу тӀеман зонехь охьадоьжна Малайзийн Боинг MH17 кема, 298 стаг а вуьйш. Нидерландерчу кхело кема дожаран бахьана - ДНР-ан сепаратисташа а, Оьрсийчоьнан эскарша а Ӏуналла дечу территори тӀера Оьрсийчоьнан "Бук" ПВО-н системера ракета тохар ду аьлла дIахьедийра.
"Панцирь" системас ша дикачу агӀо ца гайтина
Кхаарин дийнахь ГӀалгӀайчоьнна а дуьххьара дронашца тӀелатар дира. Республикан куьйгалхочо Калиматов Махьмуд-Ӏалис хаам бира Малгобекан йистехь кеманан -кепара дрон чудожарх лаьцна. Цо чӀагӀдора, зенаш а, лазийнаш а хилла ца хилар.
Официало дIахьедар зорбане даккхале телеграм-каналашкахь йаржийра, дрон нехан цӀеношна тӀехула лелаш, йуха аренгахь дӀасакхийсина дронан дакъош гойтуш видео. Жимачу кеманах тера йолу дрон охьайоьжнера Сагопши юьртахь, жижигн-шурин заводана уллохь, йаздо пачхьалкхан "Комсомольская правда" зорбанан гӀирсо.
Оьрсийчура бахархоша шаьш бехе бан беза
Иштта кхаарин дийнахь цӀе йелира Владикавказерчу "Алания Молл" йохка-эцаран центрехь а. Гинчара дийцира эккхийтарх лаьцна, ткъа тӀаьхьо Къилбаседа ХӀирийчоьнан куьйгалхочо Меняйло Сергейс тӀечӀагӀдира, цӀе йаларан бахьана- охьадоьжна дрон хилар. Йуьхьанца Оьрсийчоьнан хаамийн агенталлаша а, оперативан сервисашна тӀе а тевжаш, йаздора Молехь газ эккхийтарх лаьцна, амма цул тӀаьхьа гучуделира, цигахь йанне а газификаци йина цахилар.
Эккхийтар хилар бахьана йохка-эцаран центран 57 шо долу белхахо вийра, 9 стаг лазийра, хаам бо ТАСС пачхьалкхан агенталло. Республикан орцаллан министралло хаам бора, лазийнарг шиъ бен вац бохуш.
Владикавказехь, Нохчийчохь хилларг, Оьрсийчоьнан эскарш "ша-шена когах герз тохар" ду, аьлла тешна ву тӀеман аналист Шарп Дэвид.
"Ӏедало дӀакхайкхийначу версица, цӀе йаьлла- охьайдоьжийначу дрон бахьана, вуьшта аьлча, дожийна гIишлона гена доццуш. Оцу хьолехь эскархой, олуш ма-хиллара, шаьш шайн коган герза тоьхна. Цул хьалха Оьрсийчоьнан пропагандо, Украинехь нах бехачу гӀишлошна а, маьршачу нехан гӀишлошна ракеташ тоьхча, комментари йора: "Тхо тӀеман гIишлошна хьажош дара, уьш иштта чуйохуьйтуш Украинин ПВОн системаш йу". Церан логике ладоьгIча, оьрсиша шайна йа йезаш йу претензеш", - элира Шарпс Кавказ.Реалии редакторшца къамелехь.
Хетарехь, Кадыров Рамзанан дехарца Нохчийчохь дӀахӀоттийна хила тарлуш йолу "Панцир" комплексийн характеристикшна комментари йеш, Шарп Дэвида билгалдоккху: дӀакхайкхийна характеристикаш, рекламан эпитеташца "аналог йоцу" а, "супергерз" дукха хьолахь реалишца догӀуш дац. Шемахь а, Ливехь а, Украинехь а, санна луьра тIемашкахь оцу ракетийн комплексо шан дикачу агӀор ца гайтина. Масалла КамАЗ-ера базан шассин тIера, артиллерин системе кхаччалца, кхачамбоцурш ду цуьнан.
"Панцирь" системан жима объекташ ларъян дика йу, ткъа иза, Кадыровга хаьттича, хӀумма а доцчул гӀоле ду. И комплексаш пачхьалкхо массийта меттера схьайеана йу. Аьлча а, Соьлж-ГӀалана дронашца тохарш а дина, украинхоша шайн цхьацца Ӏалашонаш кхочуш йина – цара лаххара а масех зенитни система тIаман хьалхарчу могӀарера дӀайаккхина", - бохуш, жамӀ до Шарп Дэвида.
Кху аьхка, Къилбаседа ХӀирийчоь дуьххьара дронаш туьхийра. Цул тӀаьхьа Моздокерчу тӀеман аэродромна шозза тӀелатар дира. Кхин цхьаъ рогӀера тӀелатар дира Моздокан кӀоштана гIура-беттан 12-чу дийнахь.
ГIура-беттан 12-чу буса Соьлжа-ГӀаларчу 2-чу полицин полкан казармашна тӀехула чудожийра дрон. Кадыровс дӀахьедира, ницкъаллин структурийн 4 белхахо жима лазийна ву аьлла. Царех хӀоранна а дуьхьал, Нохчийчоьнан куьйгалхочо дош делира бӀе Украинан эскархо "охьавуьллур ву" аьлла. Иза дуьххьарлера дина дӀахьедар дац, дронаш тIелатар динчул тIаьхьа: тӀаьххьара дронаш тӀелатар дича, тӀеман объектийн тхевнаш тӀехь тутмакхаш дӀахӀиттор бу бохуш, кхерамаш тийсира цо.
Соьлж-ГӀаларчу 2-чу полкан казармашна дуьххьара тӀелатар дира гIура-беттан 4-чу дийнахь. Цул ши кӀира хьалха, гIадужу-беттан 29-чу дийнахь Ӏуьйранна, Гудермесехь цӀе йаьлла Оьрсийчоьнан спецназийн университетан. Цул тӀаьхьа Кадыровс иштта хьахийра, дрон тохар бахьана, лазийна Украинхойн йийсархой бу бохуш. Иштта, дукха хан йалале цо йухабаьккхира хьалхо ша дӀакхайкхийна Украинхойн эскархой, кхин йийсаре ма лаца аьлла сацам.
Дагестанан Каспийскана шозза тӀелатар дина дронашца лахьан-баттахь. Цигахь дӀатарйина ду Оьрсийчоьнан хӀордан эскар, оцу эскаро хьажош йу Украине ракеташ. Ткъа Каспийскехь динчу тӀелатаршна Ӏедало дӀахьедарш деш дацахь а, президентан гӀоьнча Патрушев Николай цу гӀала вар, билгало йу, цигахь дуккха а зенашна хилар.
Материал Крутов Марка дакъа а лоцуш кечйина.