ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Наркоманаш махкахь - юкъараллин бала


Аптека

Чоьхьарчу гIуллакхийн министараллин хьостано Iорабохучу хаамийн хьесап а дича гуш ду махкахь шо шаре мел долу а наркотикашна тIаьхьабазар алсамдалахь бен лахлуш цахилар. Полисхойн урхалло кху чиллана беттан 14 –чу дийнахь гIарбаьккхина хIара хаам. »Селхана СоьлжагIалин, Гуьмсан, Шелан, ТIехьа-Мартанан кIошташкахь зераш дIахьуш низамхошна ялханхьа наркотика дIаIалашйина меттигаш карийна. Схьаяьккхинарг ю 80 гарам кIомал а, марихуана а». Цхьа ши де хьалха оццу хьостано дIасабаржийна хIара хаам а. Полицин белхоша еа кIоштехь схьаяьккхина низам а талхош дIаIалашйина 300 гарам марихуана а, 150 гарам кIомал а, 10 гарам гашишах тера коьчалла а.

Наггахь доцург де ца долу ишта хаамаш гIар ца бохуш. Кху шеран хьалхарчу, дечке баттахь , масала, мукъа денош дукха хиллехь а ткъе шозза хааме даьккхина чоьхьарчу гIуллакхийн министаралло наркотикаш схьаяхар. Цу ткъе шина дийнахь гучуяьлларг 70 сов факт бохучу маьIнехь наркотикаш хьуьлйина меттигаш ю. Ерриге тIекIалтоьхча низамхошна караеънарг 3 кийла ца кхоччуш дукхахдолчу декъана марихуана ю. И могушаллина кхераме дIовш карорехь гайтамаш кхин а лакхара белахь бен тIаьхьабуьсуш бац хIара чиллана бутт а. ХIора а дийнахь, цхьа ши де доцург кхин юкъара ца долуш, хIинцале ткъе цхьайтта сов меттигаш ю Iедалан белхоша тайп-тайпанчу кIошташкахь наркотикаш схьаяьхна. Уьш съьаяхаре терра жоьпе ийзош бу куьг бехке бахархой а.

Цхьаболчу тергамхошна хетарехь наркотикех беттабалар а, царех йохка-эцар а дина, саяьккха гIертар а, Нохчийчохь даржахь бен лах цадалар, болх-некъан къоьлла хилар биста кхаччалца, кеп-кепара кхетало. Карарчу хенахь махкахь даьржинарг 15-20 шо хьалха, вайнаха Север олучу Къилбаседехь Тюменан а кхечу а кIошташкахь, иттаннашкахь нохчийн чу а бухку даьржина хилла ун ду. Ларамаза делахь а, я леррина цхьамма урхалла а деш делахь а, тахана Нохчийчоь хуьлуш лаьтта цу стаг дакъаза воккхучу цамгаран гIайгIане майда-плацдарм боху кхечара. Наркотикашца боьзна, массо агIор а кхераме некъ юьхьарлаьцча цу генарчу, шийлачу махкахь хилларг а, хила тарлуш дерг а довзуьйтуш ю 30 шарахь гергга Тюменахь Iар-дахар а нисдина ехаш йолу Марем.

Марем: « Наркотикаш бахьнехь чохь бохкурш дукха бу. Дукха бу. Зударий а бу дуккха а. Зударийн набахтеш гергахь яц, дIасахьежабо маьI-маьIIе. Ницкъ болчара цIа, кавказе а дIа а буьгура шайн зударий, юххе бохуш. ЛартIа бахкарна метта юх-юха чуихна а бу зударшлахь дукха.. ЛартIа баьхкинарш а бара. Бакъдерг дийцича хьалха къаьсттина дукха бара лоцуш берш.ХIинца-м мелла а дайделла и гIуллакх.»

Атта а, сиха а ахча дезарш наркотикаш йохкарехь каде хьийзарна делахь а, я хьашт-дезарш совдуьйлуш, эшамехь дIадоьду дахар бехке делахь а, кхузахь изза наркотикаш, тайп-тайпана дIаьвше молханаш бахьнехь кхела хьалха хIиттош болчеран могIанаш а ду дукълуш. Нохчашлахь «халкъан статья» аьлла цIе а тиллина, цхьа тIийриг йича таIзарш деш ду изза наркотикаш бахьнехь. Ишта кхела хьалха хIоттийначу шинах дуьйцуш ю Шелковск кIоштера хIусамнана Дагман.

Дагман: «Тахана дов хоттуш дукха гергарчу шина кIентан. Цхьанна бехке диллина и таблеткаш олу молханаш ду, ткъа вукханна наркотикаш. Царна тIера сагIина шекар доькъуш, цхьаннан дейиша яр-кх араяьлла. Цхьаннах къахеташ бу-кх массо а. Важа шолгIанигга-м массеран бага а вахна, вон лелаш вара. Валлай йоккха чот ю-кх и наркотикаш а, молханаш а бахьнехь чу мел бухку кегийрхой.»

Наркотикашка а, цхьацца зуламечу молханашка а шовкъ лаьттарш алсам стенна буьйлу, лаа дуй те цу зуламо сел чехка хутолаш хецар, цуьнан бух-урам мичахь бу техьа, .? И а , кхин а хеттарш, Iилманчашка, цу гIуллакхана охIла болчу говзанчашка –хьаьнгга а орца аьлла а Iедалхоша дийцаре деш дан а дац, вайнехан юкъараллехь, жоп оьшу ирделла хеттарш долуш, цхьа чолхалла ян а йоцуш санна.

XS
SM
MD
LG