ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дубайхь бахам, Нохчийчохь бизнесаш. Кадыровн администрацин куьйгалхочун вешин кIант, цунна тIедогIург а


Дубайхь ТаймасхановгIеран Хьасан а, Хас-Мохьмад а. 2019 шо. Сурт: Таймасханов Хас-Мохьмада инстаграмера
Дубайхь ТаймасхановгIеран Хьасан а, Хас-Мохьмад а. 2019 шо. Сурт: Таймасханов Хас-Мохьмада инстаграмера

Оьрсийчоьнан хьаькамаша Дубайхь лелочу бизнесах бечу талламан йукъахь нисбелла Нохчийчоьнан куьйгалхчо тIеозийна нохчийн цхьа доьзал. Гучудаьлла, мехкан администрацин куьйгалхочун вешин кIентан Таймасханов Хас-Мохьмадан Эмираташкахь йиъ петар хилар 6 миллион долларшкахь мах болуш. Кавказ.Реалии сайто дуьйцу цунах лаьцна хууш долчух.

Дубайра петарш а, бизнес а

Дуьненайукъара Dubai Unlocked ("Йиллина Дубай". Кавказ.Реалии сайтан гочдар) Оьрсийчоьнан талламбаран дакъа дIадаьхьна "Важные истории" редакцино. Журналисташа дийцина Цхьаьнатоьхначу Iарбойн Эмираташкара хьаькамийн, депутатийн, пачхьалкхан компанийн куьйгалхойн, криминалаца боьзначу Оьрсийчоьнан бахархойн а ара-чу ца баккхалун бахамах лаьцна. Нохчийчоьнан куьйгалхочун а, министрийн кабинетан а администрацин куьйгалхочун Таймасханов ГIаласан вешин кIантах Таймасханов Хас-Мохьмадах лаьцна ду цу йукъара цхьа дакъа. Цу тIехь дуьйцура,Дубайхь цуьнан йиъ петар йу бохуш. Редакцин аьтто хилира таллам бинчех цхьаьнца зIе таса, цо тIечIагIдира, кхин сов информаци хаа ницкъ ца кхечира журналистийн аьлла.

Къаьчначу документашца а догIуш, Таймасхановна тIейазбина боллу бахам эцна бу 2013-чу шарахь 4,5 миллион долларш делла – тахана церан мах 6 миллион сов долларшкахь бу.

Йеаннах цхьа петар йу нах бехачу Tiara Diamond North 4 комплексера уггар а йоккха петар – 222 квадратан метар йолуш, Палм-Джумейра гIайри кепехь йолчу меттигехь. 2016-чу шарахь ханна нах чубитинера цунна шарахь 40 эзар долларш а луш, хIинца цу чохь Iаш цхьа а вуй – хууш дац. Транзакцих болчу хаамашца, Кадыровн администрацин куьйгалхочун вешин кIантана пайда хуьлу цунах шарахь 80 эзар долларшкахь (2024-чу шеран мангал-беттан 4-чохь йолчу курсаца хуьлу и 7,1 миллион сом).

Таймасхановн йоьалгIа петар йу Tanzanite South 3 комплексан I2-чу гIат тIехь, цуьнан барам бу I55 квадратан метарш. Хууш дац, и цхьангга а йелли.

"Важные истории" хьастан текста йукъа ца бахна цхьацца хаамаш кхаьчна Кавказ.Реалии сайте, цаьрца билгалдаьлла и Таймасханов Хас-Мохьмад хилар а, цуьнан гергара нах муьлш бу а, цуьнан доттагIаллин уьйраш хьаьнца йу а, иза хIун лелош ву а.

Таймасханов Хас-Мохьмадан 36 шо ду. СПАРК системин зерашца, бизнес лелон волавелла иза 2009-чу шарахь, шен 22 шо кхаьчча: "Скрап" гIишлошйаран фирмин директор хилира цунах Нохчийчохь регистраци йина йу иза, стохкалера шо дерзийра цо шен 518 миллион соьмана са а хуьлуш. Фирмин урхаллехь лаьттира Хас-Мохьмад пхеа шарахь, ткъа 2014-чу шарахь шен дега Руслане кховдийра цо урхалла дар – тахханалц цхьаъ бен воцу оцу фирмин долахо ву иза.

Кхин а пхеа шарчохь, 2017-чу шаре кхаччалц Таймасханов-жимахверг куьйгалла деш вара Нохчийчоьнан контролехь йолу Устрада-ГIалара "Пищемаш" заводан – эчиган резервуараш а, конструкциш а йо цигахь.

2014-чу шарахь изза цIе йолчу Таймасханов Хас-Мохьмада Нохчийчуьра йохкаран-индустрин палатица а, кхин а цхьана шина долахочуьнца а регистраци йира коммерцица йоьзна йоцчу ахчанаш латточу Фондан, цо меттигерчу совдегаршна духалург ахчанаш лора. 2016-чу шарахь кхелан сацамца фонд дIакъевлира.

Карарчу хенахь Таймасханов – машенаш йухкучу "Терек-Авто" фирмин цхьаъ бен воцу долахо ву: цуьнан цIарах и дIайазина йу итт шо хьалха дуьйна Соьлжа-ГIалахь, амма ма-дарра аьлча автосалон Устрада-ГIалахь йу. Lada машенийн официалехь дилер йу и, иштта кест-кеста пачхьалкхан контракташ а кхочушдо цо. Уггар йоккха "клиент" йу – Нохчийчуьра могушалла Iалашйаран министралла, цуьнан куьйгаллехь ву стохка гурахь дуьйна Кадыров Рамзанан нуц Алханов Адам. 2022-чу шарахь, масала "Терек-Авто" салоно пачхьалкхан цIарах оьшург оьцуш даьккхинарг 116 миллион сом ду – цуьнах 104 регионера могушалла Iалашйаран министраллина дехьадаьккхинера.

Стохкалера шо дерзийра Таймасхановн компанино 3,6 миллион сом са а хуьлуш. Оцу йукъанна пайделла а, "Терек-Авто" а, цуьнан ден гIишлошйаран "Скрап" фирма а минусе йахара – СПАРК-ан хаамашца, и бохург ду хилла пайда лачкъийна хилар а, йасакхан хьукмато гIуллакх талла дезаш хилар а. Нохчийчуьра компанешна таллам бечу ФНС-н цхьахдолчу декъан хьаькам ву Хас-Мохьмадан шича Таймасханов Хаважи, ткъа республикера йасакхан урхаллин куьйгалла деш ву Кадыров Рамзанан гергара стаг.

Спорт а, Эмираташкахь гергарнаш а

Таймасханов Хас-Мохьмадан социалан машанашкахь долчу хьолаца иза воцург а кест-кеста Эмираташкахь хуьлу цуьнан деваша Таймасханов Заур, "Терек" СОБР-н хилла эпсар, лакхахь хьахийначу Дубайра Палм-Джумейра гIайри тIера Нохчийчоьнан урхалхочун доларчу виллехь а хуьлура иза кест-кеста. Инстаграмера цуьнан агIонера суьрташца "Украинская правда" гIирсан аьтто хилла Кадыровн резиденци хилар билгалдаккха. Цул тIаьхьа Таймасханов Заура йоллу публикацеш дIайехира, схьахетарехь, мехкан урхалхочун уллорчу гонехь виссина иза. 2022-чу шеран гурахь Кадыровн нана Мекка йоьдуш цунна улло ваьлла вара иза.

Цул совнах, редакцин хьастийн хаамашца, Эмираташкахь вехаш ву даим а доьзалан да Таймасханов Ваха.

Ийначу кепехь латаршца шовкъ йолуш вара Хас-Мохьмад: цуьнан уллорчу доттагIех вара Эдилов Iабдул-Керим – боксхо, ийначу кепера латархо, 2019-чу шарахь цуьнца контракт йан реза ца хилира кхин дIа UFC. Цхьахдолчу бахьанех дара допинг-тестах чекх ца валар. Эдилов волавелира Кадыровн кхо кIант лата Iамо, ткъа 2022-чу шеран гIуран-баттахь иза кхалхарх хиира. Нохчийн оппозиционерийн хаамашца, мехкан куьйгалхочун секретариатан коьртехь хилла 39 шо долу Эдилов вийна, Кадыровс омра а дина. Цунах диссинчу дарже ийцира цуьнан ваша Эдилов Iабдул-Кериман ваша Валид.

Таймасханов Хас-Мохьмад сих-сиха хаалора Эдилов летачохь, хIинца а доттагIалла лелош ду цо кхечу спортхошца, масала, Тухугов Зубаирца, Дудаев Iабдурахьманца а. Церан Iамораш Дубайхь дIахьош ду, наггахь нохчийн латарийн АСА лигин декъашхошца, латархочуьнца Чимаев Хьамзатаца, цо доладечу Нохчийчоьнан йуккъерчу кIантаца Кадыров Элица.

Дукха хьолахь нохчийн спортхой лестачу дуьххьалдIа хIорд болуш йолчу спортан хIусаман да ву ММА-н латархо хилла Там Хан – хIинца Дубайхь воккха блогер а, бизнесхо а ву иза. 2018-чу шарахь ша арахоьцучу духаран брендан рекламехь дакъалецира цо фитнес-тренер хиллачу Даурова Инница – иза а йу Нохчийчуьра гоьйаьлла блогер, Кадыров Рамзанан йоккхаха йолчу йоьIан Iайшатан нийса накъост а. Карарчу хенахь Metropolitan Properties компанихь риелтор болх беш йу Даурова, Эмираташкахь а, Австрихь а беза бахам бухкуш.

2020-чу шарахь Даурова Tiara Residence комплексехь петарш йухкуш йара, цигахь бу Таймасхановн бахам а. Риелторийн муьлхачу компанин гIоьнца цо бахам дола баьккхина, хууш дац, Даурован а, Таймасхановн а уьйраш хиларх а тоьшаллаш карийна дац редакцина. Делахь а йуьйцучу схемо лач тIечIагIдо, мел готта бу Дубайхь бизнес лелочу Кадыровн Нохчийчуьра бIанакъостийн го.

Нохчийоь а, КадыровгIаьрца доттагIалла а

ТаймасхановгIар ЦIоьнтрара бу, уьш Кадыров Рамзанан йуьртахой хилла ца Iаш, лулахой а цхьаьна бу – Нохчийчоьнан урхалхочо ша а бакъдира и.

ТаймасхановгIеран доьзалх лаьцна Кадыров Рамзана инстаграмехь йаздинчун скриншот
ТаймасхановгIеран доьзалх лаьцна Кадыров Рамзана инстаграмехь йаздинчун скриншот

Ичкерин хиллачу президентан Масхадов Асланан адъютант лаьттинчу Исханов Хьусейна бахарехь, 1998-1999-чу шерашкахь цунна бевзаш бара ТаймасхановгIеран доьзал – къаьсттина мила вара цунна вевзаш хилларг, ца дийцира цо.

"Аса вуьйцу Таймасханов, Масхадов волчу заманахь цхьанхьа хьаькам вара. Цул тIаьхьа, ШолгIа оьрсийн-нохчийн тIом баьлча оккупантийн агIор дехьавелира иза, Кадыров-воккхахволчунна болх бан а хIуттуш", - дийцира Исхановс.

ТаймасхановгIеран доьзал даим а цхьа тийна-тапъаьлла Iен лууш хуьлура, дийцира шен цIе къайлайаьхьна Кавказ.Реалии сайте церан хьасто. Делахь а махкахь, цо бахарехь, 1990-чу шерашкара схьа дуьйна хууш ду и доьзал хьал долуш хиларх.

"Амма и ахча стенгара долу, массарна а хууш дац. Гучудаьлларг ду, 90-чу шерашкехаь лоьзалан да Тймасханов Ваха "нохчийн авизо" лелош хилар (операцеш дIайахьарх хаамбар- Редакцин билгалдаккхар) -банкашца финансийн махинацеш лелор ду и. Оцу кепара аьтто хилла миллиардаш сомьаш "ахча даккха", оцу ахчанан цхьа дакъа республикехь дуьсура, дисинарг лаккхарчу заказникашна кхочура", - дийцира хьасто.

Карарчу хенахь ТаймасхановгIеран доьзалан векалш республикехь лакхарчу даржашкахь дIатарбина бу. Масала, республикера юстицин министраллин коьртехь ву Таймасханов Масхьуд, важа деваша, Таймасханов Сайд-Хьусайн вара машенаш йечу "Чеченавто" заводан урхалла деш, и дIакъевлина 2016-чу шарахь.

Ваша Таймасханов Iийса Кадыровн цIарахчу полицин лерринчу полкан 3-чу батальонан командир вара, Украинана дуьхьал бечу тIамехь лазийра иза. Оппозицин 1АДАТ телеграм-каналан чатан модератор хилла Тепсуркаев Салман лачкъорна иза ву боху бехке, тIаьхьо вийначух тера ду жигархо. Цул совнах, Таймасхановн куьйгакIел хиллачун тоьшаллашца, Таймасханов Iийсас дакъалаьцна тIемалой байъа Iалашонца хIиттийначу лерринчу операцешкахь. ТIаьхьа гучудолура, карахь герз а доцуш нах уьш хилар. Цул совнах, полкехь ахчанаш дахар кхуьуш дара, коррупци йара, бакъо йоцуш нах лоьцура, гIело латтайора – нах бойуш меттигаш а хуьлура.

Йоккха скандал йоьзнера Таймасханов Хас-Мохьмадан кхечу девешица – Хьасанца. Итт шарахь Соьлжа-ГIалара Миллионщиковн цIарахчу мехкадаьттан университетан ректор вара иза, 2018-чу шарахь гучуделира диссертаци тIехь цо фальсификацеш лелийна хилар. Жигархошна къаьстинера, "депрессиван регионан АПК кхиорна" пачхьалкхо гIо латторах болчу шен балха тIехь ректоро кхечу нехан белхаш йукъара а, Википедира а дакъош схьаэцна ца Iаш, ГIалмакхойчоьнан гайтамаш хиллера балийнарш, Нохчийчуьра хьал ду бохуш.

ХIетте а, Таймасханов ца ваьккхира Iилманан даржах. Университетера дIавахара иза, ткъа 2019-чу шарахь "дуьнеанайукъара тIегIанан эксперт" ву аьлла, кхайкхийра иза.

  • ЦIеххьана мехкан парламентан спикеран дарж охьадиллина Нохчийчоьнан куьйгалхочун уллора накъост Даудов Мохьмад регионан премьер-министр хIоттийна. Федералан дарж кховдон тарло цуьнга бохуш, вийцина Кадыровн герггарниг Нохчийчохь хIунда виссина, шегара керла дарж а муха хета цунна – дуьйцу Кавказ.Реалиин материалехь.
  • ХIинца регионан куьйгаллера 23 даржах йалх дIалаьцна Кадыровн бераша а, невцарша а, кхин а пхиъ – кхечу гергарчара а, йуьртахоша а. Москвано бIаьргаш хIунда хьаббо оцу низамаш дохорна, муха болх беш йу республикера Iедалан система, Кадыровн гергарчарна хьалхара болх а хьан бийр бу, хаьттира Кавказ.Реалии сайто эксперташка.
  • Нохчийчоьнан куьйгалхочун уллера нах цуьнан йезачу гIишлойн дакъойн долахой хилар гучуделира "Важные истории" зорбанна, кеп-кепарчу пачхьалкхашкарчу 19 зорбано теллина йолчу нахалайаьллачу информацина тIе а тевжаш. Масала, зорбанаша Кадыровн "бохча" олуш волчу Байсаров Русланан 2020-чу шеран Дечкен-баттахь цIартIехь хилла Пальма Джумейра олучу гIайри тIера пхи петар а, хIорданехьа йирзина йоккха вилла а. Дубайрчу Байсаровн боллу бахаман мах бу 10 миллион долларш.
  • Кадыров Рамзанан доьзал а, цуьнан гонер нах а кест-кеста боьлху Цхьаьнатоьхначу Iарбойн Эмираташка. Масала, 2023-чу шарахь Нохчийчоьнан урхалхочун кхиазхой болу кIентийн Кадыров Элин, Адаман а тергойира Дубайхь машен лелош боьлхуш. Цхьаьнатоьхначу Iарбойн Эмиратийн низам дохадо цара, цуьнца а догIуш, машен лелон бакъо йу вахархочун 18 шо кхаьчначул тIаьхьа.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG