ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дубайхь хиллачу спецназан къийсадаларшкахь бархIолгIа меттиг кхаьчна нохчийн "Ахматна"


Чалаев Замид, Дубайхь хиллачу къийсадаларшкахь дакъалаьцначу полкан куьйгалхо
Чалаев Замид, Дубайхь хиллачу къийсадаларшкахь дакъалаьцначу полкан куьйгалхо

Оьрсийчоьнан байракха бухахь дакъалоцуш хиллачу нохчийн "Ахмат" тобано бархIолгIа меттиг баьккхина Дубайхь дIадаьхьначу спецназан UAE SWAT Challenge къийсадаларшкахь. Нохчийчуьра чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин лерринчу полкан эскархоша хьалхабовлийтира Казахстанера а, Таиландера а, ГIиргIазойчуьра а, Цхьаьнатоьхначу Iарбойн Эмираташкара а шайн "белхан накъостий".

Соьлжа-ГIалахь конкурсан жамIашна йеш комментарий йац, хьалхо "Ахмата" къаьстинчу дийнахь баьккхичну толаман терго йиннашехь. Нохчийн парламентан спикеро Даудов Мохьмада а, къоман политикан, арахьарчу зIенийн, информацин министро Дудаев Ахьмада а, Оьрсийчоьнан думин депутато Делимханов Адама а, "Ахмат" спецназан командиро Алаудинов Аптис а цхьаьна дийцира цунах лаьцна.

UAE SWAT Challenge сайтера хаамашца, йукъарчу лараршкахь 274 балл йаьккхина Нохчийчуьра тобано – 51 баллана лахара хуьлу и, хьалхара меттиг баьккхинчу Дубайра полицин белхахошца дуьстича. Стохка конкурсехь толам баьккхира "Ахмата", амма хIетахь кIезиг командаш йара цигахь дакъалоцуш – 73-нна дуьхьал 57 йара кху шарахь.

  • 16 шо долчу Кадыров Адамна мидал йелира UAE SWAT Challenge 2024 къийсадаларшкахь – цигахь цо дакъалаьцна доццушехь. Делахь а хьалха сцени тIе велира иза конкурс йоьдучу доьалгIачу дийнахь динчу жамIийн совгIат схьаэца. Даудов Мохьмада дIахьедарца, Нохчийчоьнан урхалхочун кIант веанера Дубай, махкара бахначу эскархойн "гIолаца".
  • КъорIан дагорна лаьцна валийначу Журавель Никитина йиттинчул тIаьхьа Кадыров Адамна Нохчийчоьнан "Турпалхо" вира цунах, цул тIаьхьа ГIезалойчоьнан а, Кхарачой-Чергазийчоьнан а, ГIебарта Балкхаройчоьнан а совгIаташ делира, цул совнах, "Умматана хьалха гIуллакхаш дарна" I-чу бараман орденца а, иштта нохчийн "Даймехкан сий" орден а йелира, "Оьрсийчоьнан спецназан университетан кхиорехь дакъалацарна" I-чу барамехь совгIат а дира. Цхьадолу билгалдаьхна совгIаташ дала хан йолуш а вацара иза. Цул совнах, Кадыров Адам куратор хIоттийна Оьрсийчоьнан тIеман министраллина чуйогIучу Шейх Мансуран цIарахчу батальонан. Дечкен-баттахь оцу даржехь а волуш, кхерамаш тийсира цо Малхбузера а, Украинера а шен ден "мостагIашна".

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG