ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дубровкехь йинчу терактах кино яьккхинчарна тIехьа бевлла лелла ФСБ-н белхахой


Дубровкехь йинчу терактехь зенаш хиллачийн суьрташ
Дубровкехь йинчу терактехь зенаш хиллачийн суьрташ

Москвахь Дубровкехь 2002-чу шарахь дIалаьцна хиллачу гIишлона спецназо йинчу штурман тIаьхьалонех документалан фильм йоккхучу америкахойн журналисташна тIехь терго латтийна къайлахчу сервисаша (ФСБ). Цара бечу балхах дуьйцуш хилла Оьрсийчоьнан президенте Путин Владимире, операцех лаьцна дIахьедина хилла къайлахчу сервисийн лакхарчу куьйгалле а. Къайлахчу сервисех дуьйцучу Agentura.ru сайто бина цунах лаьцна хаам, президента комментарешца долу документаш зорбане а дохуш, яздо Свобода Радионо.

Театран гIишлочохь закъалтехь латтийначаьрга хеттарш динера Американ журналисташа, штурм йоьдучу хенахь наб кхоьтуьйту газ хецначул тIаьхьа хиллачух. ХIетахь спецназо динчунна тIехула кеп-кепарчу зерашца велира 130-174 закъалтхо, мел лахара а 10 бер а хиллера цаьрца. Дукхахболчу закъалтхоша тIаьхьа латкъамаш бора шайн могушаллина.

CBS телехьожийло масех баттахь кечйинера сюжет, 800 закъалтхочух 101-га хеттарш а дина. Оьрсийн каналан корпунктан ворхI белхахочо къахьийгира сюжет кечъеш. Закъалтехь латтийнарш боцурш а, цара къамелаш динера официалан структурашца а. 2006-чу шеран бIаьста, юьйцу кино араяла кхо бутт бисинчу хенахь, цунах лаьцна дIахьедира иччархойн операцийн Департаментан куьйгалхочун декхарш кхочушдеш хиллачу Скопинцев Олега."Агентурас" билгалдоккху, арахьарчу агенташца къийсам латтон беза урхалло.

Путинан цIарах рапорт зорбане даьккхира хIетахь ФСБ-н куьйгалхо хиллачу Патрушев Николайс а, иччархойн операцийн департаментан декъан хьаькамо, полковника Латковс куьйгаш а яздина.

"Оьрсийчоьнна дуьхьал Си-би-эс канало акцеш вовшахтохар" аьлла, цIе тиллина документ 2006-чу шеран Охан-баттахь Путине дIакхачийра. "Агентуран" хаамашца, Патрушев воцург а, документ довзийтина хиллера ФСБ-н директоран хьалхарчу гIовсана Смирнов Сергейна а, Iилман а, техникан а гIуллакхдархойн куьйгалхочунна Климашкин Николайна а, экономикан кхерамзаллин урхаллин куьйгалхочунна Бортников Александрна а.

Иччархойн документа тIехь дийцарехь, фильмах лаьцна информаци гулъян юкъабалийнера америкахойн каналера "вербовка" йина белхахой а. Кехаташна тIехь резолюци хIоттийна Путина "ХIун барамаш тIеэцна?" аьллачу хаттарца - дуьйцу зорбане даьккхинчу документа тIехь. ТIаьхьо каналан куьйгаллин сацамца, масех баттана дIатеттира кино.

ЖамIаш динчул тIаьхьа къаьстина, закъалтехь латтийначийн массеран а аьлча санна, газ хецар бахьана долуш тIаьхьа могушаллица проблемаш юьйлаелла хилар, иштта, жаннашца а, доIхица а, садеIарца а.

Газан формула хIинца а ястаза ю. Газ кхоьллинчунна Оьрсийчоьнан Турпалхо цIе елла.

Москварчу Дубровкерчу театрехь "Норд-Ост" мюзикл йоьдучу заманчохь цу чуьра 1000 гергга стаг закъалте лоцуш, нохчийн тIемалоша тIелатар дира. Театр дIалаьцначара Кремль декхарейора Нохчийчохь тIемаш бен эскарш арадаха. Кхо де даьлча, беш лаьтта барт а бохийна, Iедало тIелатарца мукъаяккха йолийра гIишло.

ХIинца а, муьлха хилла хоуьйтуш йоцу, газ чу а хецна, хIаллакбира нах. 130 маьрша вахархо велира, 700 стеган могашалла талхийра, байира массо а тIемалой.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG